Юсупов ИбрахIим
ГIенах гин суна сайн Даймехкан декхнаш...
ГIенах гин суна сайн Даймехкан декхнаш,
Басешца хьирчинчу дахкарех декхнарш.
Гин суна кхолламан дагтIера хьаьркаш -
Iаьмнаш чу хьоьжучуседарчийн бIаьргаш.
ГIенах гин дайн кIотар, туьнкалгаш, кIарраш,
Ламанца гIергIа сеш, лепадеш карраш.
Сайн гIенаш де-дийне бакъ хета тIеттIа,
Ткъа, дерриг самах дерг - гIенах гуш хета...
Сахалин, 1979 шо