Дозанал арахьа керла нохчийн туристийн центраш схьа а йоьллуш, Европера бахархой Нохчийчу кхуьйкхуш бу. Ткъа террорца къийсам латточу Израилан пачхьалкхан штабо шайн бахархошка кхайкхамаш бо, Къилбаседа Кавказан республике даха ма гIерта бохуш.
"Израилхошна зен дан тарло"
Террорца къийсам латточу центран сайт тIехь "Новкъабовлучарна некъан хьал довзийтар" аьллачу декъехь Iорабаьккхина бу и хаам. Карон аьтто бу и информаци ивритан маттахь. Нохчийчоьнах хаам цIечу басаршца билгалбаьккхина бу. Еа тIегIанехь лоручу кхерамех уггар а лакхара хиларца къастийна бу иза
"Жигараллица Нохчийчохь хьийзачу террорхойн организацеша Израилан бахархошна зен дарна кхоьруш, пачхьалкхан террорца къийсам латточу центро ма гIо боху Нохчийчу а, Нохчийчоьнца доза тоьхна лаьттачу Гуьржийчоьнан кIошташка а", - аьлла, яздина ду документ тIехь.
Ишта уллохь зорбане яьккхина Google картин фрагмент, цу тIехь сирачу басахь билгалъяьккхина ю Нохчийчоь.
"Нохчийчоьнах хаамаш" аьллачу рубрикехь яздо: "Нохчийчоь – Соьлжа-ГIала шахьар а йолуш, исламан республика ю, Оьрсийчоьнан Къилба Малхбалехь лаьтташ йолу. Шайн суверенитехьа оьрсийн режимца къийсам латточу нохчех дIабуьзна бу и мохк".
Iедалша къасторехь, и дIахьедарш цхьа рекомендацеш санна деш ду, делахь а, дуьненчуьрчу муьлххачу а меттиге вахар хIора туристо ша къастош ду.
Арахьарчу гIуллакхийн министраллехь "Кавказ.Реалии" портале дIахьедира, штабан рекомендацех шайн бIобулу аьлла. Бакъду, урхаллехь хууш дац, маса израилхо воьду Нохчийчу, хIунда аьлча, Израилера Соьлжа-ГIала доьдуш кема цахиларна.
Ткъа арахьарчу гIуллакхийн министраллехь дала жоп ца хилира, "нохчий оьрсийн режимца суверенитет къуьйсуш бу" бохучух.
Ваха а вахна, юха а гIур ву"
Израилера программист а, турист а волу Холандер Орон масийттазза хилла Кавказехь, Iалашо ю цуьнан Нохчийчу ваха а.
Антитерроран штабан дIахьедарх хууш ву Орон, делахь а озавала дагахь вац иза. Кавказ интересе ю цунна, шен доттагIий а цхьана цига бига лууш ву иза.
Израилца чолхке юкъаметтигаш ю Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан. Цкъа воьдий раввинаш кхойкху цо хьошалгIа, юха Израилан футболан тоба, тIаккха жигараллица синагога хьалаян тохало, ткъа Иерусалимна гергахь Кадыров Ахьмадан цIарах маьждиг хIоттон.
Юха воьдий, жуьгтийн пачхьалкх критике йоккху цо. Масала, Храман ламIехь 2017-чу шарахь инцидент хиллачул тIаьхьа Израилан полицино металл лоху гIирс хIоттийнера Аль-Акса маьждига чувоьддучу. ХIетахь Кадыров кийча вара дарж охьа а диллина, ша цхьаъ "бусулбачийн еза меттиг" Iалашъян ваха.
"Сайн лаамца цига а вахна, дуьненчохь сайн яккха езачу хенахь Аль-Акса маьждиг лардан кийча ву со", - яздинера Кадыровс шен Телеграмехь.
Ала дашна, кху материалан автор масийттазза хилла Нохчийчохь шен Израилан яхархочун паспортца отелашкахь саца а соцуш. Проблемаш Iиттаелла яц хIинццалц схьа.
Материалан автор Михальченко Лидия, "Кавказ.Реалии" порталан корреспондент