ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Тергонера яьлла принтер". Муха болх бо Думехь Кавказерчу депутаташа


Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Дума
Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Дума

Мотт бацахь а, гIуданаш а долуш

ПаргIат кепара охьатохарх латарехула кхузза хилла олимпин чемпион, Дагестанан цIарх Оьрсийчоьнан пачхьалкхан Думан депутат Сайтиев Бувайсар авторшна юкъахь дIаязвина 32 низаман проектан. "Депутатан клуб" портало Товбеца-баттахь хIоттийначу "Депутат пайденна хилар" рейтингехь 440 парламентарина юкъахь Сайтиевс дIалаьцна 376-гIа меттиг.

Цо сагатдечаьрна юкъахь ду бахархой патриоташ санна кхеташ кхиорца доьзна хаттарш. Сайтиевн фамили кIеллахь ю "Оьрсийчоьнан Федерацехь патриоташ кхетош кхиор" низаман проектана. Иза Пачхьалкхан Думе кховдийнера парламентарийн йоккхачу тобано, амма Iедало цунна гIортор ца йира. Бахьана дара цу проектехь хьехош болу барамаш хIинцале а кхечу акташца дIанисбина хилар, ткъа патриотийн мероприятеш а, уьш дIаяхьа оьшу харж а билгалъяккхалур ца хилар, яздора "Ведомости" газето.

"Цхьааллин Оьрсийчоьнан" фракцин кхин цхьа Дагестанера депутат Сафаралиев Гаджимет вевзаш ву, шен лаамехь ненан мотт Iаморах лаьцначу девне низаман проектан агIонча санна. Цу низамна дуьхьал болчу нахана хетарехь, бераша ненан мотт шайн лаамехь Iамор бац, цунна экзамен яла ца дезан дела.

Юккъехула аьлча, нохчийн депутат Саралиев Шамсаил а вара цу низаман проектан авторшна юкъахь. Амма, маттаца доьзначу хаттарна гонаха дов иккхинчул тIаьхьа, цо шен цIе юхаяьккхира и проект кечйинчу авторшна юкъара.

Депутат Сафаралиев авторна юкъахь дIаязвина ву 267 низаман проектан. Дукха хан йоццуш цо юкъадаккха деза аьлла хьахийначех дара Оьрсийчоьнан криминалан кодексан 307 артикл хийцар. Дуккха а нахана кхераме зулам дарна таIзар кхин а луьра хила деза аьлла хета цунна. Цу тайпа зулам динчу нахана гIуда тоха деза аьлла хьалхататтар динера депутато 100 эзар сом барамехь. Я низам дохийнарг набахте хьажо веза, бохуш вара иза цхьана шараннна.

Дагестанерчу депутато Гаджиевс кхечу парламентарешца цхьаьна дакъалаьцна 303 низаман проект кечйеш. Ткъа оццу республикерчу Гаджиев Мурада шен цIе язйина 240 проектана кIелла. Гаджиев Мурадан проекташна юкъахь ду сихха гIо эцна йоьду лоьрийн машенна новкъарло йинчу нахана таIзар дарх лаьцна кховдор. Цу низаман проектан авторшна хетарехь, машенлелорхочо новкъарло ярна лоьраш тIекхача гIертачу стеган могашалла галъяллехь, я иза веллехь бехкениг чуволла декхар ду 5 шаранна.

Кадыровхой а, цензура а

Нохчийчуьрчу депутаташа (Цхьааллин Оьрсийчоь партин декъашхоша) Делимханов Адама а, Селимханов Мохьмада а, Догаев Ахьмада а кIел куьг яздина, хийцам бан беза аьлла, "Этилан спиртана а, алкоголах а, спиртах а лаьттачу сурсаташна а пачхьалкхо терго ярх" а, ткъа иштта 21 шо кхачанза болчу жимачу нахана малар дохка дехкарх а лаьцначу низамна тIехь хийцамаш барехула долчу низаман проектана.

И проект кечйинарг ву церан Думера накъост Саралиев Шамсаил. Дуьйцург кхеточу кехата тIехь цо хьахийна цу гIуллакхан зеделларг хилар цхьамогIа пачхьалкхашкахь, шайна юкъахь Казахстан а, Iамеркин Цхьаьнатоьхна Штаташ а, Фиджи а, Индонези а, Скандинави а, Финлянди а, Норвеги а, Швеци а, Япони а, Исланди а, Парагвай а йолуш.

Саралиевна Скандинави, пачхьалкх а йоцуш, регион хилар хаийтинчул тIаьхьа, цо дош делира и гIалат дIанисдан.

Юккъехула аьлча, Селимханов юкъахь ву Интернетехь Iедал а, цуьнан символш а ца ларарна а, уьш сийсаз ярна а гIуда тоха догIу аьлла, динчу хьалхататтаран. И хийцмаш бина административан низам дохорах лаьцначу Оьрсийчоьнан кодексна тIехь.

Цул сов, Селимхановн цIе ю "Информацех а, информацин технологех а, ткъа иштта информаци Iалашъярх а" долчу низамна кIеллахь. Цу низамца а догIуш, доьхкуш ду интернетехь а, зорбан гIирсашкахь а харц хаамаш баржор, ткъа иштта бакъо луш ю и низам дохийна зорбан гIирсаш дIакъовла.

ТIаьхьо низамаш хилла и ши проект лоруш ю Оьрсийчохь дешан маршо гатъярца.

Депутаташ а, "аьчкан кирхьа" а

"Цхьааллин Оьрсийчоь" фракцина юкъарчу Кхарачой-Чергазийчуьра а, ГIебартой-Балкхаройчуьра а, Къилбаседа ХIирийчуьра а, Дагестанера а, Нохчийчуьра а депутатийн цхьа барт хилар гойтуш ду, низам хиллачу "Iамеркин Цхьаьнатоьхначу Шататаша а, кхечу пачхьалкхаша а доттагӀалла доцург лелорна дуьхьало ян оьшучух" лаьцначу проектана кIеллахь лаьтташ церан цIерш хилар.

И низаман проект Думе кховдийначу йоккхачу тобанна юкъахь бу берриг а Къилбаседа Кавказерчу республикийн цIарх болу Оьсрийчоьнан Пачхьалкхан Думан депутаташ. Цу низамо Оьрсийчу чудар дехка бакъо ло муьлхха а сурсат, нагахь иза динарг доттагӀалла доцу пачхьалкх ялахь. Иштта "контрсанкцешна" юкъадаха мегаш ду муьлхха а кхечу пачхьалкхара сурсат, Оьрсийчохь а иза дан аьтто белахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG