Берлинна гена йоцчу Луккенвальд гIаларчу паркехь бусулбачийн ГIурбана (ал-Адхьа) лерина дIабаьхьначу барамех артикл арахецна немцойн opposition24.com интернет-хьостано. Антиэмигрантан "Альтернатива для Германии" цIе лелочу партин векало Iаламехь дIаяьхьна пикник "гIурба деран фестивал" ю аьлла, яздина цу хаамехь. Доцург ду цара кхоьллинарг аьлла, оцу барамехь вовшахкхеттачара бехкаш дехкина газетана.
Нутепаркера барам вовшахтоьхнера мухIажиршна лерина културан центро (Kultur Zentrum für Migranten), наха сагIина деллачу ахчанах. Гулбеллачарлахь хилла Нохчийчуьра баьхкина, тховкIело йоьхурш а.
Интернет-портало шаьш бинчу хаамна коьртехь яздина хилла AfD парламентан тобанхойн векало Бессин Биргита Браденбургерчу парламентехь хазийна дешнаш: "ГIурба деран фестивалехь Германин дакъа дац" аьлла.
"Луккенвальд гIалин васт хIуммаъ а дикачу агIор хийцаделла цахилар къегина гойту, бусулбачаша гIурба дер Нутепаркехь дIадахьарца, - аьллачу Бессинан дешнаш далийна текстехь. – Исламан Iадаташ, гIурба дер доцург а, шайлахь цул а кхераме долу, масала, йовлакхаш лелор, бертаза маре эхийтар, сий лардеш, зудабераш дайар, оцу дерригено а йоккха меттиг ю дIалоцуш, вайн Малхбузен култура дIа а тоьттуш", - аьлла, яздина немцойн opposition24.com интернет-хьостано.
2013-чу шарахь ша кхоьллинчул тIаьхьа махкахь гоьяьлла ультра-аьтто хьежамаш болу политикан парти ю AfD –"Альтернатива для Германии". Цуьнан декъашхой дика бевзаш бу, шайн националистийн дIахьедарш бахьанехь, скандалаш гIитторца.
2017-чу шарахь Бундестагехь харжамаш дIахьочу заманчохь кхоалгIа меттиг баьккхира, парламентехь фракцеш дукха хиларца AfD-н группано. Партин программано дозанаш детта мигранташна: тховкIело йоьхучарна депортацеш йеш, чуоьхучу мухIажиршна дуьхьалонаш латтош.
Ала тарло, и парти Оьрсийчоьнна муьтIахь ю, хIунда аьлча, Европан санкцеш дIаяха бохуш, кхайкхамаш бо цо, ишта реза ю Оьрсийчоьнца юкъарлонаш лелон а.
Оцу политикан ницкъан коьрта векал ю Бессин. Браденбургерчу бахархошна дика девза цуьнан мухIажиршна дуьхьал доху аларш а, исламна дуьхьал говза хIитто плакаташ а.
"Шуьнехь жижиг данне а дацара"
Германехь беха бусулбанаш хIоразза а оьгIазбохуьйту цу кепарчу дIахьедарша. Амма кхузахь, гIурбанна гулбеллачара дийцарца, новкъадеанарг идеологин Iиттарш хилла ца Iаш, эладитта кхоллар ду.
Луккенвальдехь хиллачарех, Нохчийчуьра схьаваьлла мухIажир зIене ваьллера "Кавказ.Реалии" порталан корреспондентца. Паркехь шаьш хIоттийначу барамехь даьккхина сурт даийтинера цо, "цхьаммо а цхьанна а урс ца хьаькхнера" аьлла, чIагIонаш а еш.
"Самукъане де дара иза, оха паркехь дIадаьхьнарг. Кеп-кепара мутташ, марзолгаш яра охьаехкина, берийн ловзарш дара цигахь. МухIажирш хилла ца Iаш, меттигера дуккха а бахархой а гулбеллера цигахь, шайн доьзалшца цхьана. Мел лахара а, 100-120 стаг вара тхо", - аьлла, дийцина нохчийн мухIажиро.
Ишта цо билгалдоккху, барам вовшахтоьхначу юкъаралло ахчанаш гулдина хилар а, гIалин администарцин пурбанца шаьш вовшахкхетта хилар а.
"Интересе дерг хIун ду, тхан шуьнахь жижиг данне а дацара, газетано зорбане йиллинчу материалах доьзна, бийначу устагIан сурт стенна ду – тхо кхеташ дац. Нагахь бусулбанаша, жижиг эшарна, хьайба дуьйш делахь, немцоша хьакхин жижиг эшча, цуьнга дехар до, хьайн лаамехь лахьара хьо олий?", - ца кхета Нохчийчуьра "Кавказ.Реалиица" къамел дина нохчийн мигрант.
МухIажирийн гIуллакхашкахула йолчу гIалин хьукмато тIечIагIдира, Нутепаркехь гIурба дерна лерина барам дика дIабаьхьира, самукъане, цхьа а зен-зуламаш а доцуш аьлла.
Церан белхахой а хиллера цу даздарехь дакъа лоцуш. Социалан белхахой мухIажиршна тIехIиттина, opposition24.com интернет-хьостано зорбане яьккхинчу артиклна жоп дала хьийзаш бу уьш.