Къилба ХIирийчуьра пачхьалкхе схьаоьхучу керлачу оьрсийн эскархойх тидам хилла Гуьржийчуьрчу жигархойн.
ТIаьххьарчу кIиранашкахь хьал дуладелла лаьттачу кIоштан Гугутианткари эвлахь хилира "Пограничная зона" YouTube-каналан автор Куроптев Егор а, жигархо Левшиц Николай а, Гуьржийчохь куп тоьхначу Free Russia Foundation организацин шина а агIор болу векалш а, Европарламентан Чехера депутат Грегорова Маркета а.
Дуьххьара терго хилира ситуацин гуьржийн антиоккупацин "Сила в единстве" боламан декъашхойн.
- Горийскан кIоштара жима эвла ю Гугутианткари, - боху Куроптевс.
ТуьтмIаьжгаш йоьхначу оьрсийн дозанхоша кардо хIотто лаьттах бIогIамий духкуш видео яьккхина цо.
- Тоххара тхо даьхкича лаьттина меттиг хIинца хIоттийначу кертал дехьа йиссина. Кхузахь бац бохучу оьрсийн эскархоша дина ду иза. Дуьненаюкъарчу юкъаралле кхайкхамбина оха, кхета а деш, къаьсташ дIахьедар де, цу тайпаниг хила йиш яц алий аьлла. Кхузахь хьал чIагIдаларан бахьана хIун ду аьлча, керт ечу дозан тIехь пхеа юьрта хи а кхачош, хи тотту бIов ю лаьтташ. Иза дIалацаро яккхий проблемаш гIитто тарло хица йоьзна.
ХIоьттинчу хьолана ша резацахилар дIахаийтира Грегорова Маркетас.
"Информаци яьржинера, Оьрсийчуьра Гуьржийчу кеманаш лелар юкъахдаьккхина аьлла. Со кхуза кхочур а ю, кхузахь оьрсийн салтий сайна гур бу аьлла, дагахь дацара суна. Ирча сурт ду хIара гуш дерг", - аьла цо.
- Европарламентерчу сайн белхан накъосташка ма дарра дуьйцур ду ас сайна гинчух. Видео а, суьрташ а гойтуш, ас дуьйцур ду Гуьржийчохь лаьттачу проблемех. Дукха хан йоццуш ду-кх Къилба ХIирийчоьнан Iедалша Гуьржийчоьнан бархI вахархо дIалаьцча. ХIинца а маьрша бахаза бу уьш, дуьненан юкъаралла хьалхачул а шога хила еза хIинца. Европан парламентера сайн коллегаш ас кхетор бу, Гуьржийчоь Евробертан пачхьалкх лоруш яцахь а, Европан пачхьалкх хиларх. Ловзорг яц иза, йа Оьрсийчоьнан субъект а яц. Европа тахана Гуьржийчоьнна улло хIотта еза, цуьнан интересаш Iалашъеш.
Къилба ХIирийчоьнан Iедалша гуьржийн бахархой лецар, жигархошна хетарехь, Оьрсийчоьно нах лечкъор санна ду. Дахначу шарахь кхузахь эскархошца дуьхь-дуьхьалкхетар нисделла масех гуьржи вийна карийра, лаьцначул тIаьхьа.
Куроптев Егора бахарехь, хIинца йолийна эскалаци Оьрсийчоьнан гуьржашца 2008-чу шеран аьхка тIом эккхийтина 11 шо кхачарна тIеозийна ду.
Ишта эксперта билгалдоккху, лецна гуьржий дIахецийтарх дIахьочу дийцаршка хIирийн агIор цхьа а вацара аьлла. Оьрсийчоьнан а, Гуьржийчоьнан а векалш бу къамелаш дийраш. Гуьржий лецар, байар, цуьнан дозанаш дIалецар а еккъа провокаци ю Оьрсийчоьно лелон.
Левшиц Николайс дийцира, журналистийн тобанна а, парламентхошна а дуьхьал меттигера бахархой баьхкинера аьлла.
- Буьйцу оьрсийн мотт хезна, тIе а баьхкина, шайн хIусаме кхайкхира цара. Юург хIоттийра. Оха хаьттира цаьрга, шуна кхераме ца хета кхузахь Iен аьлла. Хьал синтеме дац. Массарна а хезна, дозанца лаьттачу эвлара воккха стаг Iуьйранна шен хIусамехь самаваьлча, цуьнан ах беш дIалаьцнера, хIоттийна дуьхьало, кIохцал-сара а боьхкуш. Соьца къамел динчу меттигерчу шина вахархочо Вахас а, Гочас а боху, хьалха тIом боьдучу заманчохь а шаьш цхьанхьа а дIаса ца девлира, хIинца муххале а гIур дац. Царна беза оьрсий, шайн вежарий санна хета уьш, амма бIаьрга ван ца веза Путин а, цуьнан оккупаци а.
Бакъду, цхьацца йолчу эвлашкахь бахархоша вовшахдохуш ду шайн цIенош, "вукху агIор" ца дисийта шаьш. Гуьржийн полицино цкъачунна цхьана а кепара жоп ца ло лелочу провокацина.
Жигархочо дийцарехь, стохка гуьржийн антиоккупацин боламан аьтто белира цхьахйолчу кIоштахь цу кепара тIелатар юкъахдаккха. Карахь герзаш доцчу жигархоша тIе а оьхуш, "дозанийн" бIогIамалгаш дугIучу дIа а хIуьттуш, дуьхьалонаш латтийнера. "Со кхузара меттах вер вац, шайна лаахь, тохий ве со" а бохуш. Ишта, шайгахь болчу ницкъашца яьржаш йолу аннекси сацийра цара.
- Цигахь дехаш долчу тхан, тхаьш Оьрсийчуьра хиларе терра Iалашо ю хуьлуш долчух оьрсийн аудиторига дIахаийтар. Оьрсийчохь кхунах хаамаш Iорабохуш а ма бац, - боху Левшица.
Материалан автор Михальченко Лидия