ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн сакхт?


Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан
Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан

Республика секторшка екъна ша аьлла, дIахьедина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Шен уллорчу гонера нах хIиттийна цо куьйгалле.

Цу кепара дозанан урхалла дан лаар Нохчийчохь юкъадаьккхина хIума дац. Оьрсийчоь бархI федералан гонашка екъаран бахьана, пачхьалкх йоккха хиларна а, цу чуьра бахархой тIехсов хиларна хиллехь а, Къилбаседа Кавказан тIегIанехь дуьстича, федералан зеделлачуьнга республикийн таханалерачу заманахь адаптаци яр санна го.

Цу тIе а, Кадыров дуьххьара вац оцу хаттарехь. Ялх шо хьалха Дагестанан хиллачу куьйгалхочо Абдулатипов Рамзана куьйгъяздира территориалан гонаш кхуллуш. Цуьнца а догIуш, Дагестан йийкъира еа декъе: Юккъера, Къилбаседа, Къилба, Ламанан гонашка.

Абдулатипов тешна вара, оцу декъарца кIошташкарчу хьолах лаьцна шега информаци кхочур ю аьлла. Делахь а, кхеташ дацара, стен новкъарло йора цунна кIоштан префекте телефн а тоьхна, хIора юьртах оьшу хаамаш эца.

Амма мухха делахь а, шен лулахочо баьккхинчу некъахула ваха дагадеана Кадыровна а. Башхалла ю кхузахь, мохк Абдулатипов санна, гонашна ца боькъуш, секторшна аьлла, цо къастийна хилар.

"Дукха хьолахь Рамзана дагадеънарг до"

Нохчийчоь секторшна екъча цу меттигашкара проблемаш кхчам боллуш ерзаяла декхар ду аьлла, хьесап дина Iедалхоша.

Цхьахйолу сектор шегахь йита сацамбина Кадыровс. Хьалхарчу секторехь билгалъяьккхина Соьлжа-ГIала а, Грозненскан кIошт а.

Вукху ворхI секторийн урхаллашка хIиттийна цо шен уллорчу гонера нах.

  • Даудов Мохьмад, Нохчийчоьнан парламентан спикер. Уггар а республикерчу юькъачу шина кIоштах жоп лур цо (Куьршалан а, Шелан кIошташ);
  • Делимханов Адам, Оьрсийчоьнан пачхьалкхан Думан депутат, Нохчийчоьнан куьйгалхочун хьехамча. Цуьнга елла Хьалха-Мартанан а, ТIехьа-Мартанан а, Сунжан а кIошташ.
  • Делимханов Шарип, Делимханов Адаман жимахволу ваша, республикерчу Росгвардин куьйгалхо. Ноьвран а, Теркйистан а кIошташ кхаьчна цунна.
  • Усмаев Вахит, экономикан а, юкъараллан а кхерамзаллан Кхеташонан секретарь, Кадыровн юьртахо а, доттагI а ву. Цо Iуналла латтор ду Нажин-Юьртан а, Веданан а кIоштийн.
  • Алханов Руслан, Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министр, Кадыровн юьртахо. Цуьнан карахь ю Гуьмсан а, Шелковскан а кIошташ.
  • Алаудинов Апти, чоьхьарчу гIуллакхийн министран гIовс, республикан къилбера Итон-Кхелан а, Шаройн а кIошташ шен тергонехь латтор ю цо.
  • Устрада гIалин урхалла дар тIедиллина Кадыровс шен юьртахочунна а, гергарчу стагна а 28 шо долчу Кадыров Хас-Мохьмадна. Дукха хан йоццуш Устрадан мэран даржехь чIагIвина иза.

Республикера ситуаци шен тергонехь латтош, цунах лаьцна тIаьххьарчу ткъе пхеа шерачохь яздечу нохчийн юкъаралхочо дийцина "Кавказ.Реалии" портале, шена хетарехь, стенна ду мохк секторшна бекъар.

Нохчийчоьнан экономикехь а, социалан тIегIанехь а оцу хийцамаша цхьа дикачу агIор пайда бохьур бу бохург шеконехь дуьту цо.

"Крыловн лачдийцарехь санна: "Ткъа шу, доттагIий, мичча агIор ховшахь а, музыканташ хир дац шух", - аьлла, классикан дешнашца вистхилла портале эксперт.

Цо бахарехь, тIехь Iуналла латтор дац дуьйцург, хьаькамаш юкъа а ца гIерташ, паргIат шайн бизнес лело аьтто цахилар ду.

"ХIокху доллучу кегареша тоьшалла до, цхьа а "Ахьмад-Хьаьжин" некъ ца хиллийла а, боций а. Рамзанан Iедал ду дукха хьолахь кхи ойла а ца еш дагадеънарг деш, цундела дуккха а меттигашкахь гIалаташ, дIахьедарш, скандалаш гIуьттуьйту цо", - аьлла эксперто.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG