Украинан Кхерамзаллин урхалло полице талла дIаделла Оьрсийчоьнан ГРУ-н (тIеман иччархойн урхалла) белхахочун, ГIалгIайчуьра схьаваьллачу Дзортов Тимуран гIуллакх.
Оцу хьокъехь хаамбина Урхаллерчу пресс-гIоьнчас Гитлянская Еленас. «Талламаш оха беш бац, полице дIаделла гIуллакх, кхин цунах лаьцна дийца суна ца хаьа», - аьлла цо.
Хьалхо Кхерамзаллин урхаллехь кьуйгалдинчу Грицак Василийс а, Украинан Инарла прокуроран гIовса Митиос Василика а хаамбира, Оьрсийчуьра хьовсийначу шпионийн тоба лаьцна аьлла. Царех цхьаъ вара ГIалгIайчоьнан коьртехь лаьттинчу Евкуровна хадеш Iийна Дзортов Тимур.
Дзортовс ша а, шен кхечу цхьана накъоста а Украинехь кхочушъян еза Iалашо ю оцу пачхьалкхан Кхерамзаллин Урхаллера цхьа белхахо вер, элира ша лаьцча. И ши стаг шайн некъ кхочушбан гIертачу муьрехь лецира Украинан низамхоша.
Украинан полицерчу пресс-гIоьнчас шегахь яц Дзортовх лаьцна информаци, элира, шега «Кавказ. Реалиино» комментари ехча. Амма полицех жоп лучу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллерчу векало дийцира Дзортов лаьцна – цунна хетарехь, иза декъахь а волуш, лаьцна кхобу шпионийн тоба хийца тарло Украино шен Оьрсийчохь бохкучу политикан тутмакхех.
Украинерчу вайнехан диаспорерчу хьасташа бахарехь, ГIалгIайчохь нах лечкъош а, уьш тIемалой бу бохуш, тIехь гIело еш а хьийзиначех ву Дзортов.
Украинерчу вайнехан диаспорерчу хьасташа бахарехь, ГIалгIайчохь нах лечкъош а, уьш тIемалой бу бохуш, царна тIехь гIело еш а хьийзиначех ву Дзортов.