ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ажигова Iайшин нана: "Сайгара ши кIант дIаваккхарна кхоьру со"


Евлоева Лидин ши кIант: Тимур а, ИбрахIиим а
Евлоева Лидин ши кIант: Тимур а, ИбрахIиим а

Евлоева Лидин ши кIант дIа ца эцна школе

Дейишас еттарца, цул тIаьхьа лоьраша куьг дIадаккхарца евзачу гIалгIайн йоьIан Ажигова Iайшин нанас хаамбина, шен ши кIант, 8 шо долу Тимур а, 6 шо долу ИбрахIим а школе дIа ца оьцу, аьлла.

"ЦIенна гена йоцчу школе яханера со, воккхахверг хьалхарчу классе, шолгIаниг – юьхьанцарчу классе дIаэца ала. Юьхьанца реза хилира директор, ткъа цуьнан гIовсо, меттигаш бац, элира. Ас хала кечвинера и шиъ деша ваха. Со школера ара а ялале, кхиазхошца болхбен полицин инспектор веара суна тIе – со кест-кеста хьейо оцу инспекторша. Хетарехь, директоран гIовсо кхайкхина иза. Сайгара ши кIант дIаваккхарна кхоьру со", - дийцира Лидас "Кавказ.Реалиига".

Берашна школе дахийта, царна цигахь мел оьшург эца шен аьтто ца баьлла, боху зудчо. Цуьнан пенси тIехь беха берриг а доьзал. Бакъду, сагIанаш а дира цунна айпе хиллачу Iайшех дог лозучу наха.

"Инспекци ягIахь, сан цIахь цIена ю, керла йийбар а ю, делахь а дац берашна мел оьшург-м, со цхьана хIуманна бехкеярна кхоьру со. Iайшица бохам хилале а богIура тхоьга инспекторш. Ас йоI лаамехь дIаелла марзхошка аьлла хета царна. Хеттарш до дукха. Хилларг хIун ду? Соьгара йоI дIаяьккхина дехоша, етташ кхаьбна. Ас чIогIа сагатдо йоьIана", - леткъа нана.

Дагадоуьйту хилларг. Ши бутт хьалха, дегIа тIехь йиттина ларш а, айпедина куьг а долуш, дарбанцIийне йиллира Iайша. Дейишас бахтаршца йихкина латтийна хилла иза – цхьа куьг дендан аьтто баьлла лоьрийн, шолгIаниг – дIадаьккхина.

"Тхо дац Лидина мостагIий"

Несаран кIоштарчу кхиазхойн инспекцин куьйгалхочо Могушкова Лайлаа бахарехь, Лидина школехь ларамза тIенисбелла хилла инспекторш.

"Школехь шен ши кIант дIа ца оьцу, уьш Несрарчу интернате дIабала йоллу ша, аьлла цо цаьрга. Амма атта дац бераш интернате дIатаса, дешаран министралле деха деза оцу хьокъехь. Школин директорца зIене девлира тхо, цо меттигаш бац, баттахь собарде, элира. Оха цуьнга, шен децIахь, юьртахь, ша ехачохь дIанисде аьлла шен кехаташ, амма цунна иза дан а ца лаьа – кийччаниг деза. Цунна ур-атталла шен чохь-цIахь цIано латто а ца лаьа, берашна оьшу хьал латто а ца лаьа. Паспорт ду цуьнан цхьанхьа а регистраци а йоцуш", - дуьйцу Евлоева Лидех лаьцна берийн инспекцин куьйгалхочо Могушковас.

Цо бахарехь, бахьана ду зудчуьнгара бераш дIадаха а.

"Сан белхахой хилла иза йолчохь. Боьха еха, боху. Тхо Лидина мостагIий дац, оха цуьнга цIена Iен боху. Сан-м яц бераш цуьнгара дIадаха я бакъо а. Берийн тергоечу хьукмате кехат яздар бен дац сан карахь. Дай-нанойх хедийна бераш кхаба ЦIа а дац тхан республикехь. ДIадаьхча а, ханна бен бераш кхаба меттиг яц Iедалан. ГIалгIайчоьнан куьйгалхочуьнга махканна Къанойн а, Берийн а ХIусамаш яр деха дагахь ду тхо", - элира Могушкова Лайлаа.

Берийн инспекцин куьйгалхочо бахарехь, ворхI шо долчу Iайшин кхоллам а бу хиндерг къастанза – Москвара цIаялийча, хьаьнца ехар ю иза, хууш дац, Iедал ду цуьнан ойла еш. Цул тIаьхьа къастор ду йоьIан шина вешех дерг а – хьелаш дац доьзалехь уьш кхион.

"ГIалгIайчохь лелла хIума дац оцу доьзалца леларг. Берашка хьажа вац стаг я ненан а, я ден а агIор. Уьш хьанна тешор ду, къастанза ду. Теша лаьа, нанас тхан шега цкъачунна боцу тешам меттахIотториг хиларх. Дукха нах бу цуьнан кхо бер а, зулам дарна жоьпе озийначу, Iайшина йиттинчу Ганиева Маккин бераш а шайна дIаэца лууш. Сайга хьаттича, ас Ганиеван майра а озор вара жоьпе. Талламчас дийцина соьга цунах лаьцна, иза а ву полицехь болх беш, ишта стаг ас полицина аьттехьа а вуьтур вацара. ХIунда аьлча, цуьнан хIусамехь етташ кхаьбна Iайша, айпе а оцу хIусамехь йина", - дуьйцу Могушковас.

Цо довзийтира кхин цхьа керланиг а – Ганиева Макка кхетамчохь доцчу адамийн могIара язъян мега. "Цуьнан шен а хилла къиза бералла, оцу хьелаша психика талхийна зуда ю иза", - элира инспекцин куьйгалхочо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG