ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Блогерна Абдурахмановна "новкъарло ян вай лууш делахь, иза вицван веза вай", боху Кадыровс


Абдурахманов Тумсо
Абдурахманов Тумсо

Гезгмашин-беттан 8-хь хиллачу Instagram-чу шен эфирехь Абдурахманов Тумсох лаьцна деллачу хаттарна жоп делла Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. И хаттар беламе хийтира Кадыровна. "Тумсо хабарча ву цунна тIехьа лаьтташ цхьа а хIума дац" элира цо цкъа дуьххьара.

Амма цул тIаьхьа цхьа минот яьлча цо дIахьедар дира, блогерна тIехьа лаьтташ леррина сервисаш ю аьлла, хаам бо Кавказ.Реалиино.

"Иза шен лаамехь стаг вац, ас дIабоху шоьга. Иза лаьцна латтош ву Европерчу лерринчу сервисаша. Цунах цунна кепекаш ло цара. ХIинцца цара иза дIавоккхур ву цигахь, кхиберш санна. Таккха эр ду, иза Кадыровс дина аьлла", - даладо интернет портало Кадыровн дешнаш.

Нохчийчоьнан куьйгалхочунна хетерахь, Абдурахманов ларван везаш ву цунна цхьа а хIума ца хилийта.

Блогер Абдурахманов дIаваха везаш ца хиллера, нагахь ша харцонца лаьцна а, хIийзина хиллехь, боху Кадыровс. Цунна хетарехь, бекхам бан цIахь сацавезаш хиллера иза.

"Вита иза. Нагахь вай цунна новкъарло ян лууш делахь, вай иза вицван веза… Йойур яц вай цунна хан", - дIаерзийна Тумсох деллачу хаттарца йоьзна шен монолог Нохчийчоьнан куьйгалхочо.

Абдурахманов Тумсо нохчийн видеоблогер ву, Польшехь политикан тховкIело ехна волу. Нохчийчохь цунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх долийнера, ша Абдурахмановс политикан бух болуш лоруш долу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG