Зорба тоха
Бакаев Iела – Оьрсийчоьнан паспорт карахь долу, Украине тхокIело йоьху нохчо ву. Нохчийчохь Новр-ГIаларчу Росгвардин базина тIелатарна лаца кхайкхийна иза Оьрсийчоьно. Амма Бакаевс бакъ ца до дуьйцучу зуламан декъахь ша хилар. Деношкахь Интерполо шен лехамашкара дIаваьккхина иза.
Дуьненаюкъарчу полицино, Интерполо, хьал листина а яьлла, дIахаийтина шен Бакаевга цхьа а претензи йоцийла, иза жоьпалле вехар нийса доцийла.
ШозлагIа нислуш ду иштаниг – цхьана а пачхьалхьалкхо тIеэцна воцу нохчийн мухIажир Интерполо шен лехамера ваккхар. Хьалхарниг вара гоьвалла вевза блогер Абудрахманов Тумсо.
"Кавказ.Реалиин" корреспонденте Бакаевc дийцира кхидIа шен йолчу Iалашонех, муха ду мухIажиран дахар Украинехь.
- Дукхаболу мухIажираш Европе боьлху тховкIело лохуш. Ахь стенна хаьржина Украина?
- Дукха зама хьалха дуьйна хилла нохчаша а, украинахоша а вовшашна гIодеш. Сталина украинахой мацалла бойучу хенахь, нохчаша тIеэцна уьш. Нохчийчохь тIом болуш гIодан баьхкина царех нах. Масала, Билый Сашко (Музычко Александр) ву вайн цIахь тIемаш бина. Суна дукха хан ю иза хаьа, мостагI - Оьрсийчоь - юкъара хиларо цхьаьнатоьхна вай.
Изза ду хIинца а. Ушармин, Дудаев цIарах батальонаш ю Украинехь. Сан могIарчу украинахошлахь дукха хьеший бу, цундела хIара пачхьалкх сайх кхетар ю аьлла хетара суна. Суна виса лаьара кхузахь, мотт Iамо, кхузара паспорт схьаэца лаьара. ЧIогIа дика халкъ ду кхузахь, ткъа дин лело маршо ю бусалба мехкашлахьчул а дукха юй-те аьлла.
Со маж а йолуш чуьра аравер вара Нохчийчохь, амма юха ца ван а тарлора. Со лечкъийна цигахь, полице кхийлина, маж йошуш хьийзина, "шайтIа", "вахабист" баьхна. Ткъа полисхоша шаьш лелайо мажош. Ас иза аьлча, со хIумма а воцийла хоуьйтура суна. Полицин бIаьра хьалха ца хIотта ас дерриг а леладора цигахь. Ткъа Украинехь со маьршша тIевоьду полисхошна, сайна оьшург хотту ас цаьрга. Кхузахь вон дац адам бусалбанашца, нохчашца.
- Хьо кхерамзаллехь ву аьлла хетий хьуна?
- Ца хета, мухIажир кхузахь хьовха, Европехь а тарло вен. Гуш ма-хиллара, бойуш а бу уьш. Венехь, Берлинехь. Суна тIаьхьабевллачийн зIенаш ю массанхьа а. Оьрсийчоьнан пропаганда Украинехь а хаало. Путинан агIончаш кхузахь а бац ийзалуш лелаш. Цкъа кхузахь пачхьалкхан урхаллерчу хьакамо а тIехь хаьттира соьга: "Стенна веана хьо, Оьрсийчохь стенна ца веха? Демократи ма елла Путина!"
Циггахь элира соьга кхечо: "Ахь хIуъа а леладарх а, Оьрсийчоьне дIалур ву хьо".
Цул совнах, Кадыровгахьа болу нохчий а бу Украинехь. Царна вевза со наггахь, тIебогIий, вуьйцу суна Кадыров. Цо дуккха а цIенош до, маьждигаш до, олу. Ас жоп ло, хьанна оьшу маьждигащ, цIенош, халкъ цо хьийзош хилча, Кадыровс къиза хьийзадо къам, олу ас. Нохчий ца бевлла беха Оьрсийчоьнна кIел, ца баьхча хирг вайна дика хаьа. Я вада веза хьо, Интерполан лехамна кIел а вужуш, я вуьйр ву хьо Нохчийчохь, рогIера "зачистка" еш.
- Интерполо маьрша витина хьо. Украино тховкIело лург хиларх йолу дегайовхо совйоккхий оцу хьоло?
- Ца йоккху. Хьо кхин лоьхуш вац, хьайн цIа гIо, ала тарло соьга. Ткъа террорна со бехкевеш хилар – иза жима хIума дац. Цкъа террорхо ву а баьхна, юха хьо лехамера ваккхарх чекх ца долу, диц ца до. Интерполо шен лехамера ваккхар – дера ду иза-м дика. Сан адвокато довзуьйтур ду Украинан прокуратурина Интерполо бохург. Оьрсийчоьне дIавелира Украино гIалгIа Тумгоев, Украинехьа цуьнан эшкаршкахь тIом бина вара иза. Оьрсийчоьно цIе кхоьллинера цунна тIе, ДАIИШ-хо ву, аьлла. Цхьа а тоьшаллаш дацара иза бехкеван, амма Оьрсийчоьно шена луъург кхуллу тIе.
- VAYFOND-о (нохчийн сагIадаран ассоциаци) мел дакъалаьцна хьан кхолламехь?
- Со цунна баркаллаш баьхна а ца волу. Украине веъначу хенахь суна ца хаьара, хьаьнга ас гIодеха деза. Оцу Фондерчу наханна шайна карийра со, адвокат лаца ахча делира, чохь ваха меттиг нисйира, юуучунна ахча делира. Дика ахча ду иза – 7 эзар евро. И ахча ца хиллехь, Интерполца сайн гIуллакх а къасталур дацара соьга.
- Кхелахой шайга ден аьлларг дийраш бу, моьттура суна хьалха. Со Интерполе веллачул тIаьхьа лецира, изоляторехь вара, ткъа зуда, карахь жима бер а долуш, рогIерачух яра. Пхи бутт баьлча кхел хилира. Хаьттира соьга кхел ечо, хьан доьзал бу, лаьий хьуна маьршавала? Дера лаьа! Со мукъаваьккхира. Кхечу кхелахочо дIабаьккхира суна тIера ас шарахь лелийна полисхойн "хIоз" – со волу-воьду меттиг зуьйш йолу аппарат. Со хIинца вац Интерполан лехамехь – догдоху кхелашка кхин ца ийзоре.
- "ХIоз" муха лелон безаш бу?
- Когах тосу иза, телефон а ю цуьнца. И телефон дIаяйта мегаш дац цкъа а, цунна 4 метрал сов генавала а ца мега. Телефон тоха тарло муьлххачу а хенахь. Iуьйранна диъ даьлча, я пхиъ. ЗIе зуьйш. Ас жоп ца лахь, цIабахка, цIера бераш кхерон а мега полисхоша. Хьанна хаьа со ца веддийла?
Бакъду, Украинера вада лерина хилча, со вогIур а ма вацарий кхуза. - 26 шо ду хьан. Деша, болхбан ойла юй хьан Украинехь?
- Нохчийчохь сан доьшийла дацара. Яц сан цхьа а говзалла. Лаьттахь къахьега хаьа суна, оцунна пайде-м хир вара со. Сан ши инсульт а хилла денана яра, цуьнга хьожуш лелла со Нохчийчохь. Со шен воI лорура цо. Иза цомгуш хилча, школе ваха йиш а ца хуьлура сан. Даима цуьнца вара. 2014-чу шарахь иза елира. Ткъа сан оцу хенахь юьйлаелира Iедалца йолу проблемаш. Ца кхиина деша. ПаргIат садаккха а йиш йоцуш вара со хIетахь.