ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эльдерханова Зайнап. Эхь


Эльдерханова Зайнап
Эхь

Юьрта йоьдучу машенахь дара иза. ГIалара цIабоьлхуш бара нах. «Газель» маршруткин чу яьлла, хьалхарчу могIарерчу гIанта охьахиира жима зуда. Машен йоьттина яларе хьоьжуш яра иза. Цунна улле нисъеллачу зудчун карахь цхьа жима кIорни, цхьа жима адам дара. Тхин буьртигаш санна лепара беран бIаьргаш. КIайчу ахьаран хьолтIамах тера, кIайн, хаза юьхь-сибать дара беран. Цуьнан коьртах тиллинчу варкъ даьккхинчу куйца дуьстина аьлча гуш дара и бер йоI хилар. Хетарехь, 5-6 бутт, кхин дукха хан хир яцара цуьнан.

ЙоьIан нана корех арахьоьжуш яра, ткъа бер, машен чохь болу нах а, шена гуонахара дуьне а «толлуш» дIасахьоьжуш Iара. Уллехь хиъна Iачу зудчо ша хьаьстича охьахьажира йоI. Зуда дIайирзира бер шех кхин къийла ца далийта. Юкъа минот а ялале ненан пхьаьрс схьалоьцуш, цунна тIехула дIахьежа елира йоI. Ловза хьаьгна дара бер. Сема, хаза бер дара иза. Иза хьекъале хилар цуьнан бIаьргаша гучудоккхура. Еттачу шурин тIехула лацаделла тIон пардо санна, лаххьийна кхалла дог доуьйтуш хаза дара йоьIан хIуманаш. Меллаша ловзаелира иза ша хьаьстинчу зудчуьнца. ХIинца цо ша яьккхинера иза карзаха.

БIаьргаш дIахьабош, лечкъаргах ловзаелира и шиъ. ХIинца цхьана хеннара яра и шиъ. Ша бIаьргийн ишаршца хьаьстича, беснеш тIе кIаг хIуттуш деладелира бер. Наха а тидам бира церан. Эхь хетта, ший а куьг бIаьргашна дуьхьала лецира цо. БIаьргаш дIахьаббира цо. Шена аьттонна, эхь лан атта хилийта. Эхь, иза хIинцале а девзаш хиллера цунна. Цуьнан шо а дацара, ах шо делахь бен. Я дуьне а, я адам а муьлш, хIун ду ца девзара. Цунна эхь девзара. Юьхь-бос хуьйцуьйтуш долу эхь. Адам хаздеш долу эхь. Адамехь товш долу эхь.


XS
SM
MD
LG