Ши шо ду Хасу-Юьртара Якубова Циля шен воI лоьхуш хьийза – Нохчийчу дIавигина иза
Лурчах гурахь 43 шо кхаьчна волу Дагестанера Кардашов Алексей вадийра Хасу-Юьртарчу цхьана урамера. Телефон тоьхна, чуьра аравехна иза, ткъа араваьлча, тIекхетта, шен доларчу Lada Vesta машена чу а тоьхна, дIавигина. Талламчаша бахарехь, Нохчийчу вигина иза. Кхин цунах хууш дац хIумма а.
Лачкъийначун нана Дагестанерчу, Нохчийчуьрчу массо а урхаллех чекхъяьлла орца доьхуш. Президенте Путине а, Кадыров Рамзане а, Москварчу раввине а (ламан жуьгти ву Кардашов) яздина цо. Амма эрна хилла дерриг а.
Израилерчу "Шаг-Даг" юкъараллин векала Ливиев Баруха дийцарехь, Нохчийчуьрчу полицино вадийна Кардашов, полицин декъан ши куьйгалхо а ву бехкечарна юкъахь.
Нохчийчоьнан прокуратуро йоху Ливиевс вуьйцучу шина полисхочун цIерш – уьш бу "Юсупов А.Г." а, "Азиеве К.К." а. Ший а лаца кхайкхийна ву, боху цо дахьийтинчу жоьпо.
Кардашов вар толлуш ю Оьрсийчоьнан Талламан комитетан Нохчийчуьрчу урхаллин уггаре къиза зуламаш Iорадоху тоба. Иза лачкъорна бехкевечу шинца бина барт а болуш, зулам кхочушдеш дакъалаьцна аьлла, изоляторехь кхобу тахана а, Iедалан хьасташа бахарехь, кхин а ши стаг – "Абдурашидову Б.С." а, "Дукаеву А.Л." а.
ПхоьалгIаниг а ву стаг вадорна бехкебечаралахь – Омаров СаIид. Цо аравехна Хасу-Юьртахь шен хIусамера Кардашов. Стохка Москвахь лецира Омаров. Амма лецира юьхьанца кхечу бахьаница – къола дарна.
Тахана хууш дац, стенга яьхьина Кардашовн Lada Vesta. Цуьнан банкан карти тIера лачкъийна ах-миллион сом. И ахча схьаэцначу стеган сурт а ду талламчашкахь – ткъа иза ша вац лаьцна а.
"Сайн воI схьавелча а тоьура суна"
Вайначун нана реза яц дIахьочу талламна – тIех буьйда ду болар.
"Шайна и гIуллакх дохон лаахь, дохадайша, суна сайн воI схьавелча а тоьу, аьлла ас талламчашка. Ца доьху ас бехкечарна таIзар дар а", - билгалдаьккхира "Кавказ.Реалиица" ша динчу къамелехь Циляс.
ХIинжа-ГIалара педагогикан институт чекхъяккхина Кардашов Алексейс, социологна дийшира, амма фармакологин фирмехь бина болх. Спорт, философи, литература чIогIа езаш а вара иза. Низам цкъа а талхийна а вацара, дуьйцу иза вевзачара.
Израилехь веха Алексейн да Владимир шайн пачхьалкхан премьер-министрна тIе а кхаьчна гIо доьхуш.
"Коьрта бехкенаш схьакарор а, уьш лебар а хала доцург ду. Бевзаш нах бу уьш, цундела меттигерчу Iедалшна ца тов и дов хьахош. Йист яккханза дитина. Шен гIайгIанца цхьаъ йисина нана", - элира "Шаг-Даг" юкъараллин векала Ливиев Баруха.
Цунна хетара, Израилан Iедало луьстур ду Оьрсийчоьнца Кардашов лачкъор, амма дерриг а "политике доьрзу". Ткъа Нохчийчуьрчу Iедална лиича, сиха карор вара иза, хуур дара цунах хилларг, тешна ву Ливиев.