Уггар а жимчу республикехь керла Iедал ду вовшахтухуш.
ГIалгIайчоьнан рогIера боцчу 59-чу Халкъан Гуламехь мехкан урхалхочо Калиматов Махьмуд-Iелас хьехарца куьйгалле хаьржина Суриков Константин. ХIинццалц республикан урхалхочун гIоьнча-хьехамча вара иза. 31 депутатах 27-ммо куьйгаш айдина Суриковна.
ГIалгIайчоьнан керлачу куьйгалхочо ша тоххара болх бинчу Самарскан кIоштара схьабалийначу накъостех цхьаъ ву иза.
Суриков премьер-министран даржехь чIагIвар шога емалдина юкъараллан жигархочо Муцольгов Мохьмада. Цунна хетарехь, "царех цхьаннан а Iалашо яц ГIалгIайчоь кхион, царна шайн кхане ца го кхузахь".
Уьш а, йа церан доьзалш а Iийр бац ГIалгIайчохь – бIозза тIечIагIйина факт ю иза, тIаьххьарчу 20 шерачохь массарна а гина хIума ду и. Цхьана а "варяга" республикан йа экономика кхиорехь, йа социалан сферехь, йа кхечу дакъошкахь кхиамаш баьхна бац боху Муцольговс.
Кхеташ ду, ши бутт хьалха дуьххьара ГIалгIайчу веанчу премьер-министре цхьана дийнахь а, буса а шен командехь болх бан нах вовшахтухур бац. Республикан куьйгалхочунна муьтIахь хинболлу, схемаца тоххарехь вовшахтоьхна бу кандидаташ.
Премьер-министран хьалхара гIовс хир ву Илезов Микаил. ШолгIачу вице-премьеро гIишлошъяран тIегIа дIалоцур ю, цуьнан куьйгалле хаийна Фаттахов Тимур. Калиматовс арахьара тIеозийначех ву иза а. Цунах лаьцна хууш ду, Оьрсийчьурчу Коьртачу банкан цхьахйолчу гIишлошъяран урахаллан куьйгаллехь иза хилар.
Калиматов Махьмуд-Iелас куьйгъяздина, дIахIоттийна керла ши министр. Культуран министр Дзейтов Тамерлан ву, могушаллин министран даржехь дIатарйина Льянова Зарема.
"СКФО-н" телеграм-каналехь яржийначу информацица, финансийн министр хIоттийна Халухаев Багаудин. Экономикан, индустрин, йохка-эцаран министр ю Кациева Ася. ГIалгIайчоьнан куьйгалхочун гIуллакхашкахула йолчу урхаллан куьйгалле хIоттийна Точиев Мурад.
Керлачу министрех йистхуьлуш, юкъаралхочо, журналисто Евлоева Изабеллас билгалдоккху, дарже балийначу нахалахь цхьаъ а вац гIалгIайн къомаца бала хирболуш аьлла.
"Суна гарехь, Кремлан лаам кхочушбен болу рогIера нах бу уьш. Муха хир ду. Замано гойтур ду, амма цкъачунна суна ца хета, Калиматовс а, цуьнан гоно а баккъал а гIалгIашна лазаме дерг дуьйцур ду аьлла. Камера хьалха кхерамаш туьйсуш, шога дIахьо кхеташонаш Евкуров урхаллехь волчу заманчохь а гина ду тхо. Евкуровс даьхна гIалаташ Калиматовс шегара довлуьйтур дац аьлла, теша лаьа суна".
Евлоевана хетарехь, керла Iедале баьхкина нах республикехь кхин дIоггара бевзаш нах а бац.
"Республикехь бевзаш боцу нах бу уьш. Дикка хьалха конкурс яра дIакхайкхийна Iедалан урхалле нах кхойкхуш. Амма хууш дац, керла вовшахтоьхна министрийн кабинет муха хаьржина ю. Йа конкурсан жамIаш ишта хилла, йа цхьа суна ца евза логика ю-те кхузахь лелаш. Амма мухха делахь а, царех 1-2 стаг бен вац республикехь гоьваьлла".
Республикехь керлачу даржашкахь чIагIбина нах, хьалха коьртехь хиллачу Iедало тIаьхьайитинчу дуккхаъчу проблемех Iитталур бу. Массо а тIегIанашкахь республика тIаьххьарчу меттигашкахь хиларца билгалъяьккхина ю.
Дуккха а социалан проблемаш йоцург а, Калиматовс листа дезаш ду стохка шина республикана юкъахь дозанаш къастош барт хиллачул тIаьхьа хIоьттинчу политикан хьелаш а аьлла хета Е. Азаматна.