ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Халонаша къар ца бо нохчий"


Дуккха а шерашкахь Германерчу нохчийн диаспоран дахар толлуш схьайогIу социолог Кремер Марит. 1993-чу шарахь Берлинехь кхоьллинчу "Мемориал" организацехь (Дуьненаюкъарчу "Мемориалан" дакъа) болх беш ю иза.

Нохчийчуьра баьхкинчу мухIажирийн тIаьхьенан дахар, церан хьежамаш, интеграцино церан мехаллашна тIеIаткъамбар а толлу Марита. Миграцин Iедалхоша а, социалан хьукматашкарчу белхахоша а пайдаоьцу талламчас бечу балхах.

Мел лахара а итт шерашкахь Германехь дIатарбелла бехачу нохчийн кегийрхой зуьйш, талламаш беш ю Марит карарчу заманчохь. Цаьрца къамеле йолий, хеттарш деш, интервьюш йо цо. Дийцарш дIахьо дахарх, Iалашонех, динах, хиндолчух, ишта кхи дIа а.

- Царех кIезиг доцу цхьа дакъа дIахаьдда шайн Iадатех, цхьаберш малхбузен гIиллакхашка берза новкъабевлла бу, кхоалгIа дакъа хIинц-хIинца кхетам, дог-ойла кхиа йоьлла нах бу, - боху Марита. – Бу царлахь ишта суьпа нах, цхьа жима дакъа ду шайн дайша лелийначу ламасташкахь.

Кремер Марит, Берлинерчу "Мемориалан" белхахо
Кремер Марит, Берлинерчу "Мемориалан" белхахо

– Лаьий Нохчийчуьра схьабевллачу нахана бухарчу къомах дIаэн а, церан мехаллаш тIеэца а?

– Уьш Германино тIеэцарга терра нисло иза. Дукхахболчарна тховкIело ца луш, дуьхьалонаш йо, цкъа йина ца Iаш, масийттазза еш меттигаш а нисло. Шерашкахь беха мигранташ, хIинций-хIинций Польше дIахьовсадо-кх шаьш бохуш. ХIунда аьлча, Польшехула чекх а бовлий кхочу уьш Европан мехкашка, ткъа Дублинан бартца а догIуш, шаьш дуьххьара ког биллинчу лаьтта тIе дIабахийта безаш бу уьш.

Тарло Оьрсийчу, йа Нохчийчу дIахьовсо а. Германино тIе ца эцнарш Франци, йа Норвеги дIабоьлху… Нохчийн бераш цхьана школе дIаоьцу, цигахь дIабулу уьш, тIаккха кхечу гIала, йа мухIажирийн куьпа дIабохуьйту уьш. Масех шерачохь кхоазза-пхоьазза нисло цу кепарниг. Оцу дуьхьалонаша дог дожадо церан интеграци ярехь. Делахь а къар ца ло нохчий, уьш кийча хуьлу бюрократин дуьхьалонашца къийса.

– Хьан цхьанакхетарш хуьлу мухIажиршца, йа анкеташ тIехь талламаш бо ахь?

– Со церан хIусаме йоьду, цара белхаш бечу меттигашкахь хуьлу, доьшийлашка йоьдуш меттиг а нисло. Анониман интервьюш оьцу ас кха-деа сахьтехь, аьзнаш дIа а яздеш. ХIуммаъ атта дац уьш хьайх тешон. Нах кхоьру, хьоьца къамел дан а ца хIутту. Цундела дуккха а хан оьшу суна цаьрца уьйр дIатаса а, контакташ леха а. Делахь а Iаламат интересе болх бу хIара.

– Стенца доьзна ду аьлла хета хьуна церан цатешар?

– Нохчийчуьрчу Iедалхошка шайх лаьцна информаци шайн махкахоша дIакхачор ю аьлла, кхерам бу моьтту суна иза. Цул совнах, кхузахь бехачу церан махкахоша терго а ма латтайо царна тIехь. Царна хууш хуьлу, мила муха веха. "Суна хьан йоI хьенехца гинера" бохуш, къамелаш деш хезна ю со. Цхьана агIор кадыровхоша кхерамаш латтабо оцу нахехь, вукху агIор – махкахоша тIехь латточу бIаьрго.

– Кадыровн агенташна дуьхьал латтош къийсам бан а буй? Суна хезна, Оьрсийчоьнца шен юкъаметтигаш талхо ца лаьа Германина, цундела уьш хье ца бо бохуш.

– Оцу тIехула ду аьлла ца хета суна. Стеган шен бакъонаш ма ю, массарна а санна кхачош йолу, цхьа сийдоцуш, боьха стаг иза велахь, цуьнан а ю бакъо. Амма цхьанхьа зуламаш дой, тIаккха озабезамаш а ца беш, ма дарра талла деза и гIуллакх. Бехкениг таIзаре а валош.

– Ахь бечу талламийн жамIаш цхьанна а оьшуш дуй?

– Ас кест-кеста семинараш дIахьо социалан а, дешаран а сферийн белхахошна а, полисхошна а лерина. Царна интересе хета, хIунда аьлча, нохчех, церан синбахамаллех лаьцна хаамаш ледара бу цаьргахь. Амма тайпаналлин проблемаш ю церан нохчийн мухIажиршца. Царех цхьаъ ю – кхечу мигранташца лело агресси. Масала, овхIанхошца Котбусехь хилла конфликт. Ткъа хаамийн гIирсашкахь "нохчаша ден зуламаш" бохуш, даржадо.

Дукха хьолахь немцой ца кхета, шайн махкахь тIом боццушехь, стенна гIерта нохчий Европе. Оьрсийн, нохчийн хиллачу тIамах а хуурш а кхезиг бу царлахь. Айса вовшахтухучу семинарашкахь ас дуьйцу нохчийн културех, церан мехаллех, политикана бухахь долчух а.

– Нохчийн диаспорехь муха ду хьал хIусамехь ницкъбарца?

– И чолхе проблема ю. КIезиг масалш дац, шен берех ка а тухий, зуда цIийндех йодий, социалан хIусамехь къайлайолуш. ТIамо цаьргахь йитина хьу ю иза аьлла хета суна. ТIаккха дахар дIа ца нисдалар а хир ду иза, кханено шайна хIун дохьур цахаарца доьзна хила а тарло, психикан лазарш а хила мега.

Кхи цхьа хIума а ду, нохчийн ламасташца зуда стагна муьтIахь хила езаш ю. Германи схьабаьхкинчул тIаьхьа а божарша оцу декхарх ца бовлуьйту шайн зударий. Оцу тIехула тIе, божарий цIенна а, доьзална а пайден а ца хуьлу. Болх бацахь, шайн чохь Iа уьш. ТIаккха дера хуьлу божарий, цаьрга ца лало, зуда шайл а тIахъаьлла, шен гIуллакх далуш хилар.

– Иштачу хьелашкахь хIун дан догIу?

– Ширчу Iадатех дIа а хедаш, нохчийн доьзалийн цхьа дакъа исламе боьрзу дукха хьолахь. Цхьаболчу нохчийн зударша дийцира суна, КъорIанехь яздина ду боху, хIусамдас латто деза шен доьзална напха, арахь а, кертахь а дечу гIуллакхийн цхьа дакъа а цунна тIехь ду, ишта берийн тергояр а царна тIехь ду боху. Делах кхоьруш болу цIийндай муьтIахь хуьлу шайн хIусамнаношна, девнаш ца доху цара. Церан зударийн хан хуьлу немцойн мотт Iамо а, белхан корматалла карерзон а.

– Церан хьежамашца, бераш ден, ненан бага хьаьжжина хила дезаш ду. Цунах хIун эр дара ахь?

– Берашна лерина пачхьалкхан доьшийлаш ю Германехь. Нагахь санна, нохчийн зудчо цигахь гIо дехнийла дIахаахь, цуьнгара даьлларг емалдийр ду церан наха. Совнахберш а, кхийолу инстанцеш а юкъагIерта оьшуш дац шайн дахарна аьлла хета нохчашна. Ткъа Германин низамаша и ца боху: нагахь санна, бер кхерамечу зил кIел ду аьлла хетахь, пачхьалкх юкъагIурту.

Нохчаша сих-сиха латкъамаш бо, "даьлла бахьана а доцуш", шайгара бераш дIадоху бохуш. Цхьа ледарло яьллера олий, бераш дIа ца доху. Мелхо а бер доьзалехь дита гIерта Iедал, да-нана а кхетош, бер ницкъ ца беш кхион деза бохуш, хьехарш а деш.


Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG