ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Шена гIело ян йолийна чоь евзира Тимурна"


Талламан эксперимент йоьдуш, нохчийн актерна евзина Соьлж-ГIаларчу полицехь шена гIелойина чоь

Кху беттан 24-чохь, таллам болош, Нохчийчуьрчу оьрсийн драмтеатран актер Дебишев Тимур а, цуьнан адвокат Добронравова Наталья а, Къилбаседа Кавказерчу "Iазапна дуьхьалояран комитетан" куьйгалхо Пискунов Дмитрий а вовшахкхетта Соьлж-ГIалахь талламчица Тапаев Мурадца. Цара зулам зен йолчу Iалашонца теллина Соьлж-ГIаларчу Ленинан кIоштарчу полицин №1 дакъа. Дебишевс шена 2018-чу шеран Iай полицехь йиттина аьлла йийцинчу чоьнашка хьаьвсина уьш.

Бакъду, и болх талламчас Тапаевс байначу баттахь чекхбаьккхина хила безаш бара – Дебишев а, цуьнан агIо а ша тIекхайкхиннашехь, иза ца веара къастийначу метте йиллинчу хенахь.

Пискунов Дмитрийна хетарехь, массех кIиранна таллам тIехьататта эшна полисхошна, "ларш яйархьама". Ткъа Дебировс ша а, шеца лецна латтош хилла нах а еттачу юкъанна чохь кхаьбна, бохуш, юьйцу машенийн чоь ю Ленинан кIоштан полицин кертахь – цу чохь хIинца, хила ма-езза, еккъа машенаш бен яц, пенаш хаздеш, керла тоьхначу басаран хьожа ю чохь лаьтташ.

"Ас кхеторехь, талламчас Тапаевс, тхан дехарца ша болх тIехьатотту кеп а хIоттийна, полисхошна хан елла чоьнаш чуьра ларш яйа, хьовса "кечъян", - элира Пискуновс "Кавказ.Реалиига".

Адвоката Добронравова Натальяс дийцарехь, меттиг толлуш дакъалаьцна Ленинан кIоштан полицин куьйгалхочун гIовса Арсанукаев Сайд-Ахьмада а, куьпашна тIехьожучу полисхойн буьйранчас Сатуев Бислана а.

"Уьш тхоьца массанхьахула чекхбевлира, меттиге хьовсуш лийлира, иштаниг дукха хьолехь шаьш лелош дацахь а. Полицехь йиттина аьлла, цигара чоьнаш толлуш хилча, ца лела хьаькамаш талламчина юххе е а бовлий, иза наггахь а ца хуьлу", - билгалдаьккхира Добронравовас.

"Тимурна евзира, шена полице ша вигича, етта йолийна хилла цхьа чоь. Цу чохь хьал цо тоьшалла деш ма-дийццара дара. ШолгIачу чоьнах билггал ала ца делира Тимуре, шена йиттина меттигаш гойтуш – оцу чохь, хIуманаш дехьа-сехьа яхарна делахь а, кхин сурт дара. Ала деза, массо а чоьнаш ца гайтира тхуна – "кхузахь архив ю", "кхузахь бухгалтери ю", бохуш. Ткъа тхо ца теша тхайга бакъдерг дийцина хиларх. Амма и чоьнаш ца гайтарна талламчас Тапаевс хIумма а ца элира, иза ца ваьлла вара тхоьца хьийзаш", - боху Добронравовас.

Дебишевна шена йиттинчу нахах стагга а ца гина эксперимент йоьдучу сахьтехь. Делахь а, иза хьийзорна бехктакхаман гIуллакх доло деза, тешна ю адвокат. "Дерриг а цхьана боцца бинчу зеран балхо гойтийла дац, буьззина таллам дIабахьа беза", - аьлла хета адвокатна.

2018-чу шеран Лахьан-беттан 12-чу дийнахь шен балхахь, драмтеатрехь, волу Дебишев Тимур Ленинан кIоштарчу полице вигина, цигахь цуьнгара дареш даха долийна, етташ, наркоманашца уьйраш ю шен ала бохуш.

Оьрсийчоьнан Талламан комитетан Нохчийчуьра урхалла
Оьрсийчоьнан Талламан комитетан Нохчийчуьра урхалла

Полисхоша корта пенах бетташ, коьртах телатан тоьрмиг буьхкуш, ток етташ, гехь полисхо лелавойтуш, хьийзийна иза. Шина дийнахь хьегийтина Дебишевга и бала, тIаккха дIахецна полицера.

"Iазапна дуьхьалояран комитете" арздина актеро, бакъоларъярхоша гIодина цунна еттарх долу тоьшаллаш лоьрашкахула кечдан. Шен гергарнаш а, беза болх а битина, Нохчийчуьрчу ницкъхойх къайлаваьлла веха хIинца Тимур.

Тешаш а, тоьшаллаш а доллушехь, дац айдина бехктакхаман дов хIинца а. Цул совнах, кхузза дехна цо дов гIаттор, амма дуьхьало латтайо талламчаша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG