ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Нагахь санна зудчунна кхерам белахь, оха иза ша цхьаъ дIа ца хоьцу"



2017-чу шарера схьа дуьйна Махачкалахь нана а, бералла а Iалашдан хьесапца схьайиллина "Ломахь цIа" ("Дом на горе") Центр.

Кхаа беттан реабилитацин курсах чекхбоху цигахь цхьалха бисина а, доьзалхочух болу а, хIусамехь ницкъбина а зударий а. Центр схьайилличхьана цуьнан хIусамехь тховкIело карийнера 50 гергга нанна, царех ах дакъа шайн доьзалшка юхабахна.

"Дагестанан лаьмнашца ассоциаци ю, ткъа йовхачу хIусамо, нийса некъ гойту, халачу ситуацехь волчунна серло луш, гIо ден маяк дагатосу, цундела ишта цIе тиллина оха, - дуьйцу "Кавказ.Реалиига" Центран директоро Величкина Евгенияс. - Тхан юристаша а, психологаша а консультацеш дIахьо зударшца. Шайн хIусамашкахь тIехь ницкъбинчу зударшна хьалха дуьхьало лаьтта, иза эшон гIора а доцуш. Бакъду, массарна а гIо дан ницкъ ца кхочу тхан. Дукхахберш юхабоьлху, дохкобовлий. Ерриг а курс чекхйоккхуш биса ца лаьа царна".

Итт сеансех бовлу зударий психологца, хIора ши кIира мел дели план хIоттайо, кхаа баттахь шайна хила луучух, шаьш дан дезачух а.

Шаьш баха безаш бу уьш кхин дIа

"Тхан билгалдаьхна низамаш ду зударша кхочушдан дезаш, нагахь санна, шайн проблемаш листа лууш уьш белахь. Реабилитацин курс йирзинчул тIаьхьа тхан гIоьнца чохь Iен петар а карайо царна, бан болх нисло, шайн доьзалш берийн бошмашка а нисбо. Оха ца лоьху царна белхаш, тхан белхахоша тIехь Iуналла латтадо, кхин дIа шаьш баха Iама буьту оха уьш. Къаьсттина ницкъ хуьлу тхуна хьалхе маре дIабеллачу зударшца болх бечу хенахь. Кега-мерса хIуманашна а цхьана юха Iамо безаш хуьлу уьш. Масала, ца хаьа царна ур-атталла, берашна ахча муха хIоттадойту а. Дукха хьолахь, цхьана цIа чохь Iаш кхо зуда хуьлу.

"Наггахь даьсса хуьлу тхоьгахь. Цкъацкъа бархI зуда йогIу, карахь цхьацца бер а долуш. И барам гIеххьа бу тхуна, халонаш лов оха, нагахь кхин а сов хилахь. Амма делахь а, кхин а тIебаьхкинчарна меттиг карор ю тхуна", - боху директоро.

Махачкаларчу Центран директор Величкина Евгения
Махачкаларчу Центран директор Величкина Евгения

Центран психологаша болх бо, доьзалхочух тасабелла, амма бер дIадаккхийта лаам болчу зударшца а. Величкинас бахарехь, ца бевллачу денна йойту цара аборт.

"Бер дIадаккхийта реза хуьлу уьш хан йоккха елахь а. Тхайн ницкъ мел берг до оха, цаьрга бер дитийтархьама. Нагахь цхьа кхерам хуьлий, кхечу гIала дехьабоху оха уьш. Могушаллин министралло Iуналла а деш, тхан дехьа-сехьа йоху школаш ю. Маьхза йолчу тхан консультацешкахь психологаш къасто гIерта, мича бахьанашца бер дIадаккхийта сацамбина цара. Дукха хьолахь нисло, оцу зудчун гергарчара декхаре йина хуьлу иза берах къаста. Нисло ишта а: цIийндена божабер деза, ткъа зудчун зудабер ду аьлла хуьлу УЗИ яьккхича. КIеззиг хуьлу, шайн лаамехь бер дIадаккхийта арабевлларш", - аьлла, дийцина Центран директоро.

Центран говзанчаша Дагестанан итт гIаланашкахь зударийн консультацеш дIахьо. Гинекологаша дуьйцу, муха, хIун дан деза зен-зулам а доцуш бер дуьненчу даккха. Педиатраша Iамадо бераш муха лелон деза.

Шозза чулилхинера тхуна

Божаршца къамелаш а до Центран юристаша а, психологаша а. ХIора кIирнах гуманитаран гIо а кхачадо царна.

"Хьанна тIе ваха веза, хIун дан деза хьоьху оха божаршна. Кхаа бераца тхо долчу вогIу цхьа да. Ша цхьаъ ву иза шен бераш кхиош. Оха юург-мерг а, тIедуха а латтадо царна".

Тхан цIа чохь дукха хан йоццуш хIоттийна видеокамера а, цхьа нуьйда а ю. Цундела хIуммаъ а атта хир дац хIинца тхан гIишло чу вала аьлла, тешна ю директор.

"Гой хьуна, хIоттийна камера а ю тхан, неI а хийцина оха. Нагахь цхьаъ чугIерташ хилахь, оха полици кхойкхучул а ЧОП-е орца доьхур ду. Полисхой схьакхаьчна бовлале хIуъа а хир ду. Ткъа ЧОП кхача кхо минт а, ах минот а оьшу. Нагахь зудчунна цхьа кхерам белахь, оха иза ша цхьаъ цхьана а метта ца йохуьйту. Тхайн белхахо туху оха цунах иза дIасайоьдуш".

Шозза чулилхира тхуна. Дуьххьара, тхоьга орца дехначу зудчун майра веанера неIаре. Зудчунна а, тхан белхахошна кхерамаш а туьйсуш, шен ши бер дIадигира цо.

"Iедале дIахьедира оха хиллачух. ХIинцца бен гIуллакх листа а ца буьйлабелла. Кар-кара оьцуш, тесна дуьтура хIинццалц. Талламан комитетехь ду иза карарчу хенахь".

ШолгIа неI йохийнарг мила вара тIаьхьа ца кхиира шаьш боху дуьйцучо. Центран белхахоша тергалдинера, документаш а, папканаш а кегийна хилар. Полицига дIа ца хаийтинера.

Президентан грантех кхочушъеш ю проект. Цуьнан декъашхоша 15 000 эзар соьмах петар а, 20 000 эзарх офис а ю лаьцна латтош. Оцу ахчанах цхьа дакъа шайн кисанара охьадилла деза шайн боху цара. Дог лозучу наха тIеюха а, юург-мерг а кхоьхьу, ткъа "Чабан"олучу комбинато шурин продукци латтайо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG