ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Яралиев Юсуп. Некъан амал


Яралиев Юсуп
Некъан амал

Некъ — иза накъост ву,
Хьекъале накъост,
Хьанна хӀун накъост ву
Амалца къастош.
Стаг велахь тешаме,
Некъо и лоьру.
Стаг велахь хьекъале,
Вонах ца кхоьру.
ЮьхьӀаьржа хӀутту некъ –
Некъо и боху —
Шен голатухийлехь
Лечкъинехь бохам.
ДогъӀаьржа адам гахь,
Тарло и боха.
Харцо и елахь а,
Хаьа сатоха.
Ямартло гайтинехь,
Кхачалой хьекъал,
Некъ хуьлу гӀайгӀане,
Сагатдо некъо.
Некъана догцӀена
Некъахо веза.
Некъан ирс догцӀена
Волчунна къиэжа.

Яралиев Юсуп вина 1955-чу шеран Стигалкъекъа-беттан 1-чу дийнахь Казахстанехь. 1957-чу шарахь депортацера шайн даймахка юхадогIучу къомаца дайн Хорача олучу эвла вирзина. 1973-чу шарахь Веданара лоьмар I йолу школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа Соьлжа-ГIаларчу университетехь дешна Яралиев Юсупа. Байташ язъян волавелла 5-чу классехь дуьйнна. Нохчийн университетехь кхоллаеллачу «Пхьармат» цIе йолчу литературан цхьаьнакхетараллин декъашхо а вара Юсуп.

Поэт хилла ца Iаш, Яралиев Юсуп меттан говзанча, историк, журналист ву. Дуккхаъ шерашкахь къахьегна цо школехь, кеп-кепарчу зорбанашкахь, телевизионехь а. Цуьнан стихаш зорбане йийлина журналаштIехь, газеташтIехь,тайп-тайпанчу гуларшкахь. Ишта Яраливс ша арахецна «Шовданан йистехь суьйре» цIе йолу шен байтийн киншка. Яралиевн дешнаштIехь кхолладелла дуккха а иллеш а, эшарш а ду.

XS
SM
MD
LG