ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Стеган ши зуда хиларх булуш бу тхо долчехь"


 Зудчуьнан скульптура, Къилбаседа ХIирийчоь
Зудчуьнан скульптура, Къилбаседа ХIирийчоь


Оьрсийчуьра адамийн бакъонашкахула йолу векал Москалькова Татьяна дагахь ю, махкахь зударийн бакъонаш йийцаре ян леррина форум кхолла. Иза болх бан йолалур ю тIедогIучу шарахь. "Кавказ.Реалиино" хаьттира Къилбаседа Кавказерчу республикашкарчу зударшка, хIун проблемаш йийцаре йича дика хетар дара шуна цу форумехь аьлла.

Бераш а доцуш, хетарг ала бакъо а йоцуш

Доьзал боьхча бераш хьаьнца дуьсур ду къастош дуккхазза а зударийн гӀо лоцу агIо санна кхелашкахь девнаш луьстуш хиллачу Нохчийчуьрчу адвокатана Абубакарова Маликина хета кхелан сацамаш кхочуш бар дийцаре дан деза аьлла.

"Дийцаре дан деза бераш даха деза меттиг билгалйоккхуш кхелан сацамаш кхочуш барехь пурстоьпийн сервисо хIумма а деш цахилар. Дискуссе цу сервисан векалш кхайкхар мехалу ду", - аьлла хета Абубакарована.

Цу тайпа ойла йолуш ю хиллачу майрачуьнан гергарчара 5 шарахь кIант ца гойтуш еха ГIалгIайчоьнан яхархо Муружева Лейла. Маситта кхело, шайна юкъахь Европан адамийн бакъонашкахула кхел а йолуш, сацамаш бина кIант цуьнца ваха везаш хиларх лаьцна, амма пурстоьпаша тергал ца бо и сацамаш.

"Цкъа делахь, кхечу регионашкара говзанчаш юкъаозоран хаттар дийцаре дан деза, зударшна хаийта проблема дIайоккхур хиларх лаьцна, иза кехата тIехь а ца юьтуш, соьца доьзначу гIуллакхехь иза ма хиллара.

Кавказехь бераш къийса дуккха хала ду, ткъа ГIалгIайчохь ирхъоллавала атта ду иза дан гIертачул а. Тхо долчехь гергара хилар а, доттагIалла лелор а коьрта лоруш ду низамел а, иманан барамел а. Ламастца а догIуш, бераш деца дуьсуш Iедал ду кхузахь. Цунах лаьцна соьга элира Москохарчу инстанцешкахь а цхьаьна.

Зудчунна хаьа ша цхьаъ юьсур юй цу проблемица. Цундела тийна Iар атта ду, шен долчух тоам а беш", - бохуш дуьйцу Муружевас.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Iуналла дечу адамийн бакъонашкахула йолчу кхеташонан декъашхочун Саратова Хедина хетарехь, цу дискуссехь Нохчийн республика кхечу регионашца юьстича ша тайпа гуш хир ю, цигара бахархой, цо дийцарехь, дукха хенахь дуьйна лелачу ламасташца бехаш хиларна.

"Муха ю и башхалла? Масала тхо долчехь маситта зуда хиларх булуш бу зударий. Зударий булу шайн хьолах, амма бераш къийсар сих-сиха нисло. Суна хетарехь, и хаттар дийцаре деш юкъаозо беза Кавказера динан дай а, Iелим нах а, ткъа иштта тидаме эца еза республикера башхаллаш, - элира Саратовас.

Цо дийцарехь, карарчу хенахь берашца боьзна къийсамаш луьсту республикехь муфтиято а, шина а агIорчу гергарчу наха а дакъалоцуш. Вуьшта, яхло и процесс.

9 класс яьккхинчул тIаьхьа маре эхар

Гнездилова Оьлга адвокат ю Къилбаседа Кавказехь а болх бечу "Правовая инициатива" проектан. Цо билгалдаккхарехь, эвсаран низам тIеэца деза хIусамехь ницкъ барна дуьхьал.

"Иза ду-кх дийцаре дан дезарг, муха хьелаш ду Кавказехь, муха хила еза зударий Iалашбаран ордер, гIур буй-те Кавказера зударий веддарг тIеоьцучу хIусамашка я дехка деза низам дохийначунна цуьнан цIенна юххе вахар, муха кхочушъян еза бераш кхиорца йоьзна проблема, нагахь доьзалехь ницкъбар ловш зудахилча, иштта дIа кхин а", - дуьйцу Гнездиловас.

"Нана а, бер а" юкъараллин вовшахтохаран куьйгалхо Джабирова Маликат 20 шо ду зударийн консультацехь болх беш йолу. Цунна хетарехь, уггар хьалха йийцаре ян езарг ю зударийн могушалла.

"Дагестанерчу зударийн дуккха а бераш хуьлу. Берах хилар сих-сиха нисдаларна, уьш ца кхуьу шайн могушалла меттахIотто. И бахьана долуш цамгарш гучуйовлу. Онкологин цамгарш а ю яьржина къона зударшна юкъахь.

Цул сов, зудабераш дукха хьалхе маре эхар алсамдаьлла. 15-16, наггахь 14 шераш долу йоIарий зударийн консультаце дIаязло. 9 класс яьккхинчул тIаьхьа йоIарий маре бахийтар алсамдаьлла, ткъа ярташкахь уьш кхин а хьалхе боьлху маре. И бахьана долуш дешар юкъахдуьсу церан", - латкъамаш бо Джабировас.

Цо дагадоуьйту хIусамдайн агресси бахьана долуш а зударий леш хиларх лаьцна. Оццу хенахь Оьрсийчохь хIинца а тIеэцна дац хIусамехь ницкъ барх лаьцна низам.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG