Нохчийчуьра бахархой юкъахь болчу Оьрсийчоьнан тIеман полицино Шемахь къепе меттахIоттош доккха дакъалаьцна аьлла, билгалдаьккхина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. "Шемахь нохчийн эскархой бац. Нохчийчохь куп тоьхна Оьрсийчоьнан тIеман дакъош ду. Шема хьовсийначу дакъошлахь дукхахберш Нохчийчуьра бахархой бу", - аьлла Кадыровс "Интерфаксна" еллачу интервьюхь.
Меттигерчу маьршачу бахархойн кхерамзалла Iалашъеш, маьршачу дахарехь уьш дIатарбеш, царна гуманитаран гIо деш схьабогIу уьш, Кадыровс бахарехь.
"ТIамо ницкъбинчу Шемарчу бахархоша баркалла боху вайн тIеман полисхошна. Сан тIедилларца, масийттаза хилла цигахь динан дай а, юкъаралхой а. Царна хезна бахархоша а, Iедалхоша вайна баьхна довха дешнаш", - аьлла, билгалдаьккхина Кадыровс.