Цхьа бутт ах бутт хьалха Устрада гIалахь вайна 47 шо долу Шайхаев Рамзан. Цуьнан гергарчара дийцарехь, кетIа еанчу машен чу а хиина дIавахна иза. ХIетахь дуьйна цунах хилларг хууш дац.
Хьалхо иза Москвахь вехачу заманчохь полисхойн тергонехь хиллера иза. 2012-чу шарахь дIалаьцнера иза къола дина аьлла а, Оьрсийчохь йихкинчу экстремистийн "Ат-Такфир Валь- Хиджра" тобанца воьзна хилла ву аьлла а, шеконаш кхоллаелла.
Ишта хаамбира хIетахь, цуьнца лаьцна хиллачу Дагестанерчу вахархочунна тIехь ницкъбина хилла, Шайхаевна дуьхьал мукIарло де бохуш, аьлла.
"Мемориалан" информацица, вукхо тIе ца лаьцча, Шайхиев бехказваьккхира.
Шен да чIагIвелча, кху аьхка Соьлжа-ГIала цIа веанера Шайхаев. Юха а полисхойн бIаьрг тIехIоьттира цунна. Нохчийн полисхоша дIалецира иза шен хIусамненаца цхьана. Бакъонашларъярхоша дийцарехь, иза лацарх протокол ца хIоттийра хетахь. Цуьнан хIусамнана дIахийцира масех де даьллачул тIаьхьа, ткъа Шайхаев бутт баьлча маьршаваьккхира.
"Меморилан" информацица, полисхоша дIаяьккхинера цуьнгара машен а, ювелиран хIуманаш а, ахча а. Ша дIахецначул тIаьхьа а Нохчийчохь висира Шайхаев, дега хьожуш.
"ХIетахь иза дIалаьцнера цуьнан хатI бахьанехь – еха маж, меттигерчу наха ца лелон духар хуьлура цунна тIехь, - дийцина "Кавказ.Реалии" портале Рамзанан вашас Сираждис. – Шелара доккха маьждиг схьадиллича – дIахоьцур ву аьллера иза. Соьга дийцарехь, динан хьежамаш цуьнан муха бу таллархьама лаьцнера иза.
Шайн даш тIехь ара а валийтира иза хIетахь. ХIинца а иза волу меттиг хууш хилча, тхо мел а паргIат хир дара. Цхьа кIоргера дин лелош, суьпа стаг ву иза. Дуьненан хIуманца самукъа долуш вац иза".
Дукха ца Iийра Шайхаев цIахь маьрша. Байначу беттан 9-чохь цаевзачу лоьмарца телефон туьйхира цуьнга, кетIа вала аьлла. Цу сарахь оцу машенца дIаваххарх, иза кхин гина стаг а вац.
Оцу юкъанна Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедо, махкахь маьрша ду бохуш. "Суна билгалдаккха лаьа, вайн исторехь цкъа а тахана санна маьрша зама хилла а яц", - элира нохчийн куьйгалхочо.
Нохчийчоьнан урхаллан цIарах йолчу адамийн бакъонийн Кхеташонан декъашхочо Саратова Хедас аьлла "Кавказ.Реалиига", вайначун гергарнаш шеца зIене бевлла бац, цундела оцу хиламех шена хууш кIад а дац аьлла.
Ткъа Шайхаевн гергарчара, шаьш полици а, прокуратуре а хаийтина боху, амма цаьргара кхин кхаьчна информаци яц боху шайга.
Полисхоша иза вигина олийла ду аьлла, хьажам бу "Мемориалан". "Соьлжа-ГIалахула лелла тхо, кIоштийн полицин дакъошкахь а хиттина, цуьнан суьрташ а гойтуш, паспортан копи а гойтуш. Иштаниг шайгахь вац олура цара", - дуьцу Сираждис.
Ишта вайна стаг тIаьхьо талламан изоляторехь а карош меттигаш Нохчийчохь кIезиг ца нисло боху "Мемориалан" кхеташонан куьйгалхочо Орлов Олега: "Цу кепара хиламаш кест-кеста хаало Нохчийчохь. Шуна гуш ма хиллара, бутт хан ю стаг тIепаза вайна. ХIоккхул хан яьлча бен тхан таро ца хилла цунах лаьцна хаа а, дийца а. Цуьнца ю-кх йоллу проблема. Цу кепара инцидент нисъелча, цкъа мацца а тIаьхьа бен Iора ца долу. Нохчийчуьрчу бахархошна ца лаьа оцу сохьта масаьрга а дIахаийта".
Шайн байначарна, дIабигинчарна цхьа хьовзам хиларна кхоьруш, ца хIуьтту боху бакъонашларъярхочо, нах хаамбан. Орловс дийцарехь, мацца а тIаьхьа, оцу стагна тIехь ницкъбина, цо бехк тIе а лоций, йа цунна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх даьккхинчул тIаьхьа бен дийца ца доккху дIабигинчу нахах.
"КхоалгIа вариант ю - цхьана бахьанашца и стаг дIахоьцу. Кхеташ ду, тIаккха цуьнан гергарчарна нахалдаккха цалаарх. Ткъа хала ду ала - хIунда дIахецна и стаг. Ахча делла хир ду, кхаъ белла хир бу аьлла, коьрте догIу", - боху бакъонашларъярхочо.
"ХIокху цхьана масало а гойту, нах бовш хилар махкахь, амма бакъонашларъяран болх боло хIокху масалх кхачо йоллуш пайда эца аьтто бац. Ткъа и аьтто цахиларна, хIара тайпа нах лечкъор юх-юха нислур ду. Адам Iадийна хиларна а, Нохчийчохь кху кепара террор тIехь латтош хиларна а, хала ду болх бан", - аьлла, дерзийна шен къамел Орловс.