ГIалгIайн журналист Майсигов Рашид цIера дIасавалар а дихкина, лаьцначуьра маьршаваьккхина ГIалгIайчоьнан Лакхарчу кхело. КарадогIучу шеран Дечкен-беттан 7-чу дийне кхаччалц Майсигов чохь вуьтуш Магасан кхело бинчу сацамна дуьхьал журналистан адвокато чуелла апелляци тергоне эцна кхело. Цунна тIе а тевжина, журналист цIа вахийта реза хилла кхелахой, цунна дIасавалар а дихкина.
Заздоккху-баттахь ГIалгIайчохь дIаяьхьначу протестхойн митингех хаамаш Iорабохучу "Фортанга" телеграм-каналан администратор а, оцу цIарца лелочу сайтан корреспондент а вара Майсигов. Товбеца-беттан 13-чохь лаьцнера иза, баккхийчу барамашкахь наркотикаш яьхна цуьнгара аьлла.
Адвокато дийцарехь, ток еттийтина хиллера жимчу стагна, цуьнга бехк тIелацийта гIерташ. Карарчу беттан юьххьехь Магасан кIоштан кхело тIедогIучу шеран Дечкен-беттан 7-чу дийне кхаччалц дIаяхйира иза лаьцна вуьту хан. Шинаридийнахь ГIалгIайчоьнан Лакхарчу кхело аравалийтира Майсигов цIера валар а дихкина.
"Голуновн гIуллакхо" тIеIаткъамбинера Майсигов маьршаваккхарна олийла дац аьлла адвокато Аушев Мохьмада "Кавказ.Реалиига".
"Кхузахь башхалла муха ю хьуна аьлча, "Голуновн гIуллакх" листар талламаш дIахьош латтташехь сацийнера. ЦIеххьана хилира иза а - йинчу биологин экспертизано гайтарца, Голуновн цIийца наркотикийн лар а ца хиллера". Оцу минотанна юкъахдаьккхира гIуллакх таллар, цунна дуьхьал бух а боцуш гIуллакх долийна аьлла, хетачу нахана дуьхьал зераш долийра.
Изза экспертиза а, изза жамIаш а хилира тхан а. Майсиговн дегIаца наркотикийн хьу ца карийнера. Делахь а, хIетте а гIуллакх саца ца дира", - аьлла, билгалдаьккхина адвокато. Пхеа баттахь Карабулакерчу таламан изолятор чохь латтийра Майсигов Рашид.
"Адвокаташа даим а латкъамбора иза лацарна. Бакъдерг аьлча, адвокатийн позици бух болуш яра, цундела оха низам кхочушдар доьхура. Иза лаьцна витар доьхурш Iаламат догтешна бара, шайна жоп лур ду аьлла. Иза мича бахьанашца догIуш ду чохь латто дуьйцуш, хьесапаш ца далийнера цара", - боху Аушев Мохьмада.
Цо бахарехь, цхьа ладам болуш тоьшаллаш оьшура, билггал Майсигов адамашна кхераме ву аьлла, тIечIагIдан. Талламчаша цунна дIасавалар дехкарехь хийцамаш бан бахьана дац аьлла, яздинера. Ткъа шайн агIор, адвокаташа чIагIдора, бахьанаш ду бохуш. "Рашид изолятор чохь латто цхьана а кепара бахьанаш дац аьлла, цхьа могIа тоьшаллаш далийра оха", - дуьйцу адвокато.
Бакъонашларъяран "Машр" организацин куьйгалхочо Муцольгов Мохьмада билгалдаьккхира "Кавказ.Реалиица" хиллачу къамелехь, Майсигов а, Зазадоккху-беттан Магасехь хиллачу протестийн кеп-кепарчу изоляторшкахь латто жигархой а санна, политикан таIзар лайначех ву.
"Амма тхо кхеташ ду, иза а, кхинболу гIалгIайн жигархой а санна, дешан маршо бахьана долуш лаьцна вара. "Голуновн гIуллакхах" тера ду цунна дуьхьал айдинарг а. Тхо тешна ду, Майсиговн наркотикашца гIуллакх ца хилла аьлла. Тхо тешна ду, и нах бехке цахиларх, хазахета церан хьокъехь цхьацца хийцамаш хуьлуш а. Делахь а, цIера дIасавалар дехкар - иза а ма ду таIзар. Тамашен хIума ду, и стаг бехке воций тхайна хуушшехь, даккхийдоь тхо цу кепрачу таIзарна а. ЛартIахь хIума дац хIара", - элира Муцольговс.
Лецна латточарех 21 стаг бехкзуламан кодексан 318-чу артиклан 1-чу декъехь бехкебина (Iедалан векалшна дуьхьал церан дахарна кхерам боцучу кепехь ницкъ баккхар).
"Дукхаболчарна дуьхьал даьхна бехкаш кIаддина. Низамашца а догIуш, уьш арахеца безаш бу. Оцу бехкашца эха шарел а сов лаьцна бита бакъо яц уьш", - боху Муцольговс.
Карладоккху, Зазадоккху-беттан 26-чохь Магасехь митинг хIоттийра, Нохчийчоьнна а, ГIалгIайчоьнна а юкъара дозанаш хийцарна реза боцчу бахархоша. Цара тIедожийра, цу хенахь мехкан куьйгалхо хиллачу Евкуров Юнус-Бекна, урхалхочун декхарш охьадахка аьлла.
ШолгIачу дийнахь тасадаларш хиллера оппозицехь болчарна а, полисхошна а юкъахь. Верриг а, бехкевина, таIзаре озийнарг ву ГIалгIайчуьра 35 стаг аьлла бу бакъонашларъяран "Мемориал" организацин сайт тIехь бина хаам.