ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Муха го суна Арсанукаев Шайхин "генара, гергара некъаш"? (дешархошна)


Яздархо Арсанукаев Шайхи
Яздархо Арсанукаев Шайхи

Кху деношкахь даго тIеоьцучу, лоручу яздархочух, цуьнан кхолламах, цуьнан йозанех хетарг язде аьлла, тхан нохчийн меттан хьехархочо Сацита Мусаевнас тIедиллича, ца яьллачу денна дийзира сан интернет кегон. ХIора Нохчийн Меттан Денна лерина вовшахтухучу барамашкахь массара а юьйцуш, сайна а дагахь сецначу "Ненан мотт" байтан автор Арсанукаев Шайхи (Дала гечдойла цунна) дагавеара суна.

Юьхьанцарчу классехь дуьйна Iамийна, дагахь йисина "Ненан мотт" йоцург а, дуккха а стихаш язйина хиллера цо-м. "Ненан доIа", "Лаьмнийн гIиллакх", "Кхийти со", "Ведана", "Весет", "Лакхенан гIиллакх", ишта кхин дIа а…

Яздархочух лаьцна дуккха а керланиг хаа аьтто хилира сан.

Дишни-Ведана
Дишни-Ведана

1930-чу шарахь Веданан кIоштарчу Дишни-Веданахь дуьненчу ваьлла хилла хинволу поэт. Нохчийн къомаца цхьана бала Iоьвшина а ву Шайхи, Сталинан омраца вайнах махках баьхначу 13 шарахь.

Школехь дуьйна байташ язъеш, поэзига дог-ойла хилла цуьнан. Делахь а, 1952-чу шарахь Казахстанехь финансийн техникум чекхъяьккхина цо. Къам цIадирзинчул тIаьхьа цхьа кIезиг болх бина Шайхис финансийн декъехь. Амма дукха жимчохь дуьйна йозанца шовкъ хиллачу цо дIатосу и болх, Соьлжа-ГIаларчу хьехархойн институте деша а хIуттий. Ишта кест-кеста меттигерчу зорбанашкахь арайийла юьйлало цуьнан байташ а.

Сан хIинцале а бIаьрг буьзнера яздархочух. Кхузахь гучуделира суна, халонех ца ийзалуш, шен Iалашонашка кхача поэтан ницкъ а, доьналла а тоьъна хилар.

Масех Шайхин байт йийшира ас мохь тоьхна. Суна схьахетарехь, цхьа шатайпа говзалла йолуш, дикачу дас санна, тIе а ца чийхаш, кIедачу, довхачу дешнашца язйина хийтира суна цуьнан хIора а байт.

Тхан дедас а, денанас а чохь дуьйцуш хезара суна: тоххарлера дIадаьлла, адам саьхьар хьийза, гIиллакх дедда, марзо яц адамашна юкъахь, къизалла хьийкъина бохуш…

Шайхин байташ ешча дика кхета со, боккъал гонахара дуьне а, адамаш а хийцаделла хиларх. Хьажахьа, ма сагатдеш хилла цо кху заманна а, тIехиндолчунна а, тIекхуьучу чкъурана а. Масала, таханалераниг тоххарачуьнца дуста а дустуш, боху цо:

Лаьмнашкахь даиман

Дина сий Ненан,

Воккханиг лийрина

Жимчо, деш гIуллакх.

РагI хьоьгахь ю тахана,

Вас ца еш дена,

ДIаэца цуьнгара

Дайн оьзда гIиллакх…

Йа хIара:

Алийша, ва нах, хIай, алийша, хIунда

Дац-те вай комаьрша хазачу дашна?

Алийша, доьху ас, алийша, хIунда

Ю-те вай Дикалла кхоош вовшашна?

Оцу хеттаршна жоьпаш а ца карош кхелхинчух тера хета суна поэт. Йа хьанна карор дара царна жоьпаш а…Ткъа ша иза, бакъволу поэт, дешан говзанча хилла а ца Iаш, схьадийцарехь, дика а, хьанал а адам хилла.

Яздархо Бексултанов Муса
Яздархо Бексултанов Муса

Нохчийн прозаико Бексултанов Мусас тIечIагIдо: "Цхьа стаг хуьлу новкъа дIаоьхуш, сиха доцучу, дайчу боларца, ша гIелвелча, охьа а хууш, са а доIуш, гIатта а гIоттуш. Кхиберш ма-хьаддалу боьлху, и стаг цкъацкъа юьстах а кхуьйсуш, дIаса а тоьттуш, нацкъар а вохуш. Уьш генна дIа хьалха бовлу. Стаг эххар а тIаьхьакхуьу царна, шуьйрра некъ а эцна баханчарна. Уьш, цхьаберш, Iохкуш хуьлу, са а кхачийна, гIел а белла; вуьйш некъахь дуьхьалкхета, некъан халалла юхабирзина. Стаг ша ма-ваххара воьду – сиха доцучу, дайчу боларца. Юха, эххар а, ша дIакхаьчча, цунна бухахь кхо-виъ го, новкъаваьллачу кхаа-веа бIенах. Салам а луш, охьахуу стаг, бухахьволчу кхаа-веанга. Бухарнаш гIеххьа цецбовлу, оццул шаьш хала бинчу новкъа хIара парггIата схьакхачарна. Арсанукаев Шайхи дахарехь а, поэзехь а цхьаъ ву, я дахарехь ма-варра ву-кх поэзехь а: дукха бIаьрлаваьлла, мохь а ца бетташ, «Со» ву, бохуш, ийа ца луш, цхьанаэшшара долчу боларца, некъах бехк хеташ санна, нацкъаруо вогIу некъахо, шел сихачарна некъ дIа а луш, юха царел хьалха а вуьйлуш..."

Яздархочо Абубакарова ПетIмата тоьшалла до, нохчийн мотт ларбарехь, шорбарехь, кIаргбарехь, баржорехь саццаза къахьегна, дуккха а диканиг шена тIаьхьа дитина цо хиларх.

"Шен дукхаха болу ницкъаш дIабелла цуо (Арсанукаев Шайхис) ненан мотт кхиорехь, иза бовзийтарехь, безийтарехь. Куралла хIун ю а ца хаьара цунна ша муьлхачу даржехь хиларх. Иза дика гуш ду цуьнан кхоллараллехула а. Цхьа еша атта, яйн ойла дагтIе хьоьрсуш, синна паргIато луш а ю цуьнан байташ", - боху Абубакаровас.

Нагахь, хьан гIо оьшуш велахь цхьаъ тахана,

Сихлолахь цунна тIе кханеш ца йохкуш,

ХIун хаьа кхана хьан дагара долий,

я вуьсий тIевахна ала йиш йоцуш…

Оцу дешнийн маьIне кхевдича суна хаало адамаллин дог цуьнан кийрахь хилла хиларх, гарехь, кийча хилла-кх иза, хьанна а оьшучунна орцахвала, дIа-схьа ца тоьттуш, шен са а ца кхоош.

"Муьлххачу литературин а санна, нохчийн литературин а коьрта кхо «турпалхо» ву: хьалхара – Адам (Адаман амал, цуьнан ойла, сатийсам, гIиллакх, гIуллакх). ШолгIа – и Адам шена тIехь дехаш долу Латта (Даймохк). КхоалгIа – и Адам шена чохь дехаш йолу Зама", - боху Шайхис. Гуш ду, оцу багарбинчу турпалхойн бух тIехь кхиийна ю Арсанукаев Шайхис шен поэзи а.

Цунна тоьшалла до ГIалгIайчоьнан гоьваьллачу яздархочо Ведзижев Ахьмада а: «Хетарехь, нохчийн поэзехь уггаре а эмоционльни ницкъ болчарах лара еза Арсанукаев Шайхин поэтически произведенеш. Дукха хIуманаш чулоцу поэтан стихаша а, поэмаша а. Цара гойту дахаран массо а агIонаш. Безаман лирика иза хиларх, я даймахках, я винчу юьртах лаьцна язйина иза хиларх, церан коьртаниг ду – адамийн юкъаметтигаш гойтуш хилар, хIора стеган цIена, хьанала ойланаш самайохуш уьш хилар».

Сибрехахь 13 шо а даьккхина, мацалла, хьогалла лайначу Шайхина дика бевза бепиган мах. Дийнна ода ю цо бепигна лерина язйина:

ТIехбуьйлу…

ТIехбуьйлу –

ца гуш санна,

ТIехбуьйлу –

бен доцуш.

ТIехбуьйлу –

ойла ца еш.

ТIехбуьйлу –

шайн модни мачашца

кхоамза,

дахаран цуьрг а хьоьшуш!

ТIехбуьйлу….

Хетарехь, воьдуш-вогIуш Соьлжа-ГIалин нехаш кхуьйсийлехь кхоамза охьакхийсина баьпгаш а хьоьшуш, тIехбуьйлу нах гина хир бу поэтана: жима а, воккха а… И сурт Iаьткъинчу Шайхин синтем байна, шена тIехIиттина мацаллин денош карла а дуьйлуш. Ца лало цуьнга адамаша бепиг хьешар, цуьнан хама ца бар. Юх-юха "тIехбуьйлу, тIехбуьйлу" бохуш, карзахе яздина хетало суна хIара дешнаш:

ТIехбуьйлу –

къизачу тIеман

бIаьстенийн юьххьехь,

мокхачу арахь,

шийлачу мохо лоькхучу

эгIазчу бераша

ахдешначу лай кIелхьара

берцан кан

цкъа а ца лехьийча санна!

2012-чу шарахь Зазадоккху-беттан 13-чохь Соьжа-ГIалахь кхелхина Арсанукаев Шайхи. ДIавоьллина иза ша дуьненчу ваьллачу Дишни-Веданахь.

Яздархо Яралиев Юсуп
Яздархо Яралиев Юсуп

Циггахь вехачу кхечу поэта Яралиев Юсупа а шена Iаламат Iовжаме дара аьлла хиллера Шайхин кхалхар. Ма -дарра далийча, ишта ду цуьнан дешнаш: «Бакъдерг аьлча, нохчийн литературана юьхькIам болуш стаг вара Шайхи. Массарна а дукхавезаш а, оьшуш а вара. Цуьнан Iожалла суна чIогIа Iовжаме хета, сайн деваша дIаваьлча санна. Кху кIоштера нах соьга кадамаш беш хуьлу-кх, цуьнан шен гергарнаш а тIехь, хьан вара-кх иза алсам, бохуш. Башха аьтто хилла а вацара иза. Жималла а Казахстанехь дIаяхнера. Цо динарг дисина-кх. ГIишлош йоьгIначун гIишлош йисина. Бахамаш биначуьнан бахамаш бисна. Цуьнан ойланийн жовхIарш дисина нохчийн къомана. Цуьнан поэзии йисина-кх».

Нохчийн къоман литературехь сил шуьйра, сил къегина лар йитинчу Поэтан мах муха хадийна-те махкарчу Iедалхоша аьллачу Iалашонца юха а листира ас интернетан агIонаш:

  • 1980-чу шарахь поэтана «Нохч-ГIалгIайн АССР-н культуран хьакъволу белхахо» цIе елла;
  • 1989-чу шарахь – Нохч-ГIалгIайн АССР-н Халкъан поэт;
  • 2005-чу шарахь – Нохчийн Республикин Сийлахь Гражданин цIе елла. Ишта Орден «Дружбы народов» а, «Нохчийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна» мидал елла…

Хаац, динарг суна-м кIезиг хета, иза хьакъхилар терзане даьккхича. Хатта лаьа гунахь болчаьрга: хIунда яц Нохчийчохь Арсанукаев Шайхин цIарх библиотека, йа дийнна музей, йа цхьаъ мукъна а школа? ХIунда ара ца хоьцу цуьнан куьйга язйина, иза дуьненчохь волчу заманчохь зорбане яха ницкъ ца кхаьчна байтийн гуларш?

" Нохчийн шайн диканиг тIевоккхуш гу а бац, вониг чукхуссуш ор а дац бохуш, цецвийлина имам Шемал бохуш, дуьйцуш хезна суна. Харц лийна-м ца хилла иза...

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG