ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Мухха делахь а кIелхьарвала некъ лаха беза"


Лар йоцуш байна нах лохуш а, гергарнаш цхьаьнатухуш а, леш маьршабохуш а болх бечу Дагестанерчу тобан куьйгалхо ву Исаев Руслан. ТIаьххьарниг уггар хала а, лазаме а ду.

Оьрсийчохь тахана а лолла муха хир ду а, леш маьршабахар низамаш лардечу органаша муха тIеоьцу а, хIун хаа деза йийсархо маьршавоккхуш дакъалаца а дийцира цо Кавказ.Реалиига шен интервьюхь.

- Талламан тобанехь дакъалоцу волонтер леррина Iамо оьший?

- Оьшу, амма хаий шуна, оха дуьххьарлера стаг кIелхьарваккхар нисделира тхан цхьа а кечбина боцу, амма вуно майра зударий бахьана долуш. Цхьа кIант хиллера Казахтанан дозан гергахь даьхний дожийлехь 12 шарахь йийсарехь латтош. Цуьнан гергарчу наха гIо дехнера полице а, "Альтернатива" вовшахтохаралле а. Амма, халахеташ делахь а, цхьа а ца хIоьттинера гIо дан. Тхан тобано маьршаваьккхира и стаг. Уггар тамехьа дерг ду хьуна наха даггара баркалла алар.

- Ахь тIеэцначу цIарх ю шун тоба а. Хьуна хьайна кхерамаш тийсарца доьзна ду иза?

- Исаев сан бакъайолу фамили ю. Руслан цIе тиллина суна сан да-нанас со дуьненчу ваьлча. Со бобер ду. Дикачу наха кхаьбна, кхиийна со. Кхерамаш тийсина меттигаш хилла, хIинца а ю уьш. Лаккхарчу даржашкахь болчу хьаькамашкара хила а мега уьш. Со воьлла сой кхеро гIертарх, со ца кхоьру царах, со Делах тешаш стаг ву. Сан алсам сагатдийриг ю Делан кхел.

- Кавказехь сих-сиха нислой стаг лай вина кхабар?

- Шина шарахь 20 стаг маьршаваьккхина оха. Тхан кIезиг евзачу тобанна и терахь вуно доккха ду.

- Лиза алерт тобанан декъашхошца юкъаметтигаш муха нисйелла шун?

- Тхо тхайн вовшахтохараллан бух тIехь Лиза Алерт Дагестанехь тоба кхолла дагахь дара, амма цунах гIуллакх ца хилира. Делахь а тхо вовшашца зIенехь ду, гIо дан а, цхьаьанакъахьега а кийча а ду.

- Полицица а, кхечу официалан Iедалан органашца а юкъаметтигаш муха ю шун?

- Полици дукха хьолахь оцу иблисашца - лаьцна кхобочу нехан дайшца дакъа долуш хьулу. Бехк ма билла, амма соьга кхин цIе ца яккхало церан. Иштта дара Казахстанера йийсархочуьнца нисделларг а. Куьпан полицин инспекторна дерриг а хууш хиллера, амма иза хIумма а ца деш Iад Iаш хиллера.

Ростох, масала, лаьцна латтош хиллера Украинера заьIапхой. Полици декъа хиллера цигахь зуламхошца. Иштта хьал хIоьттича цхьа а маьIна дац цаьрга дехар дан, лаккхарчу структурашка гIо деха деза.

Амма нисса бIостанехьа хьал нислуш меттигаш а йогIу. Низамаш лардон органаша вуно йоккха гIортор йо тхуна, ткъа оха, цара гIо а деш, лоллахь латто стаг кIелхьарвоккху. Цкъа цара федералан телеканал юкъаозийра тхан лехамана, ткъа цо жамI деара.

- ХIун дан деза, нагахь ларамаза лай латтош хилар хиъча? Муха кIелхьарваккха веза иза?

- ХIора меттиг шен башхалла йолуш ю. Амма аьтто белахь лехамхойн тоба каро хьажа веза, цаьрга ала деза. Цхьана дийнахь йийсарехь латтош волу стаг карийра тхуна ХIинжа-ГIалан гергахь лайн долахочун хIусамнана бахьана долуш. Цо хаам бинера цунах лаьцна Германехь ехачу шен йишега. Тха иза тхоьца зIене елира.

Маржа-яӀ, лолалла кху хенахь а нислуш хIума ду, цундела милла а, миччахь а нисвала мега стаг кIелхьарваьккхинарг.

Казахстанехь нисделларг ишттачех дара. Жима стаг лай санна латтош хиларх лаьцна дийцира лулахочо. Етт байна аьлла йиттина а хиллера цу жимачу стагана. Зудчун хаара ша дийриг кхераме хилар, и бахьана долуш майрачуьнца дов даьккхина а хиллера цо. Майра зуда ю иза, Дала могашалла латтайойла цунна.

- Ткъа муха хуур ду адам лай хиларх лаьцна?

- Лоллан масийтта кеп ю: белхан а, сагIа дехийтаран а, иштта дIа кхин а. Белхан лай латтаво во совдегарша а, заводийн долахоша а. Цхьаболу белхаш бан адамаш реза ца хуьлу алапа дукха лахара хиларна, масала юртабахамехь, гIишлошъярехь, куьйга сурсаташ дарехь. Цу тайпачу меттигашкахь бацош хила мега леш. СагIа доьху заьIапхой, берш ала мегар долуш, леш бу, суна иза хаьа.

Хьайна ма луъу дIа а хIоьттина сагIа деха аьтто хир бац – тIе а баьхкина хоттур ду хьенан цIарх лаьтташ ву хьо кхузахь аьлла. СагIа доьху меттигаш екъна ю. Сан доккха дехар ду массерга а, ма лахьара аш сагIадоьхургашна-заьIапхошна ахча. Цара ирх-пурх иза дIалур ду шайн долахошна, ткъа царна кара кIеззиг хIума бен лур яц. Цуьнан метта кхача я духар эцийша царна.

- ХIун дан деза хьой лоллахь нислахь?

- Дерриг а доьзна ду хьо мичахь нисвелла бохучух. "Мухха делахь а кIелхьарвала некъ лаха беза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG