Шега олуш-хоттуш доцуш, цхьана гIалара кхечу гIала ша дIасалелорна дуьхьал Ессентукерчу изоляторчохь мацаллин протест кхайкхийна хилла гIалгIайн жигархочо Саутиева Зарифас. Цуьнан адвокато Дзугаев Билана бина и хаам "Кавказ.Реалии" портале.
"Нальчикера Ессенутке дIайигина Зарифа кху беттан 22-чохь. Цхьа а бахьана а, бух а, я дагадовлар а доцуш. Цундела ца ларийна иза хуьйцуш юха бедар, я кхинболу гIирс а схьаэца. Дахначу кхааридийнахь мацалла йолийнера цо, ткъа кхоалгIачу дийнахь, сан дехарца, хIума кхалла йолаелира иза", -аьлла, дийцина Дзугаевс.
Ишта адвокатан дешнашца, карабогIучу беттан 11-чу дийне кхачале Ессентукехь кхел хила езаш ю Сатутиеван, ткъа цигахь къастор ду кхиндIа чохь ялло оьшу иза я ца оьшу.
Карладоккху, кху аьхка Товбеца-беттан 12-чохь Къилбаседа ХIирийчоьнан дозан тIехь дIалецира Саутиева. Iедалан векална дуьхьал куьйг айдина аьлла, бехкзуламан гIуллакх долийна цунна дуьхьал.
Зазадоккху-беттан 26-чохь Магасехь митинг дIаяьхьира, Нохчийчоьнца ГIалгIайчоьно латтанаш хийцарна дуьхьал а, хIетахь мехкан куьйгалхо хиллачу Евкуров Юнус-Беке республикан урхалла дечуьра хьайн лаамехь дIавала аьлла, тIедожош. ШолгIачу дийне яьллачу протестхойн акцехь тасадаларш хилира гулбеллачийн полисхошца.