ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Исаев Руслан: "ХIуъа хилахь а, маршо къийсалаш"


Лоллехь бахкон нах мукъабохучу Дагестанерчу тобанхойн куьйгалхочо Исаев Руслана дуьйцу шайн балхах.

Дагестанехь бертаза бацош болу нах лоьхуш, уьш кIелхьарбохуш вовшахтоьхначу тобан куьйгалхо ву 40 шо долу Исаев Руслан. Оьрсийчохь кху маьршачу заманахь хIунда нисло стаг йийсарехь, уьш маьршабохучу заманчохь полисхоша мел дакъа лоцу а дийцина "Кавказ.Реалиига" Исаевс.

- Руслан, хьан тобанехь болх беш волу волонтер милла а хила йиш йолуш ву, я цхьа леринчу кечамах чекхваьлла хила веза иза?

- Веза. Бакъду, оха дуьххьара стаг кIелхьарвоккхуш, цхьана а кепара бина кечам а боцуш, майрачу зударийн гIоьнца нисделира. 12 шо а хиллера Казахстанан дозанехь жа дажош, йийсарехь и жимстаг латтон. Цуьнан гергарчу наха орца дехнера полисхошка а, "Альтернатива" организацига а… Цхьаннан а гIодан аьтто ца баьллера. Тхан тобано маьршаваьккхира и жимстаг. Уггар а тхо даккхийде гIуллакх дара иза!

- "Руслан Исаев" ю хьан тобан цIе. Хьан бакъйолу цIе юй иза?

- Исаев сан бакъйолу фамили ю, ткъа Руслан цIе сан дас, нанас со дуьненчу ваьлча тиллина хиллера суна. Со буобер ду. Цхьана дикачу наха доьзале а эцна, хьалакхиийна ву со. Паспорт тIехь сан цIе шина элпаца хийцалуш ю. Сан бакъйолу цIе муха ю хаар маьIне а дацара, лакхарчу даржхошкара а цхьана кхерамаш тийсина суна дукхазза, кхин дIа а туьйсур бу. Амма со дIаийна доллучух а, со кхоьруш вац, хIунда аьлча, Делах тешаш стаг ву со. Дала сайгара хоттунболчу бартна сагатдо ас.

Маьршаваьккхина лай Юликиев Ильхом
Маьршаваьккхина лай Юликиев Ильхом

- Дукха нислой Кавказехь олаллехь нах латтош меттигаш?

- Шина шерачохь 20 стаг маьршаваьккхина оха. ДIоггара гоьялла йоцчу тхан организацина и терахь Iаламат лакхара ду.

- "Лиза Алертца" юкъаметтигаш юй шун?

- Тхайн тобан бух тIехь "Лиза Алерт" аьлла, Дагестанехь дакъа схьаделла лаам хиллера тхан, амма аьтто ца белира. Делахь а зIенехь ду тхо цаьрца.

- Полицица а, кхинйолчу официалан структурашца а юкъарлонаш муха леладо аш?

- Дукха хьолахь, лоллехь нах бахкочу оцу "йилбазаша", бехк ма биллалахь ишта аларна, кхин царех ала дош ца карадо суна, дакъа а деш, цаьрца юкъара нисло полици. Казахстанерчу оцу мискачу кIантаца а ишта нисделлера. Меттигерчу полисхочунна дерриг а хууш хиллера, хIетте а пIелг пIелгах тоьхна а, хIума деш ца хиллера цо. Украинера цхьа заьIапхо вара, масала, Ростов-гIалахь лаьцна... Полицина кхаъ луш хиллера иза латточара. Иштачу хьелашкахь накъосталла ца хуьлу полисхошка орца дехарх, кхин а лакхарчу урхаллашка вийла дезаш хуьлу. Бакъду, цхьацца меттигашкахь полицино доккха гIо до тхуна, церан накъосталлаца йийсарехь латтон нах мукъабоху оха. Цкъа федералан телеканал а цхьана яра тхоьца нах лоьхуш, гIо деш.

– ХIа, цхьанхьа олаллехь латтош стаг вуйла хии шуна. Кхин дIа хIун до аша?

– Шен-шен некъаш, кепаш хуьлу хIора а меттиган. Уггар а хьалха лехамийн тобанашца зIе таса еза, уьш юкъа а озош. Махачкалана гергарчу эвлахь йийсарехь нах латточу стеган хIусамнанана бахьана долуш гучуделира тхуна, цхьана стагах лаьцна. Германехь ехачу шен йишига хаийтина хиллера цо цунах лаьцна, тIаккха иза тхоьца зIене елира.

Хала хеташ делахь а, таханалерачу дийнахь а кест-кеста нисло стаг йийсарехь латтош меттиг. Цундела хьеннан а, миччахь а аьтто бу стаг кIелхьарваккха. Казахстанерчу цу кIантах лаьцна, масала, лулахочо Iорадаьккхинера. Дежийлашкахь етт байна аьлла, йиттина а хилера цунна. Лулахочунна хаьара, айкхъялахь шена могуьйтур доцийла, шен цIийндеца а дов даьккхина хиллера цо оцу тIехула. Амма хIетте а хаам бира цо тхоьга. Доьналла долуш стаг хиллера иза!

- Муха хуур ду стаг йийсарехь латтош вуйла? Цхьа билгалонаш хуьлу цуьнан?

- Масех тайпа хуьлу олалла: вацош, сагIа доьхуьйтуш, хьийзош. Индустрин долахоша, кега-мерса бизнес лелочара, масала, бацабо нах. Цхьаццайолчу сферашкахь (юьртбахаман, гIишлошъяран) алапаш лахара хиларна, балха нах лаца атта дац. Хаа ду-кх хьуна цу меттигашкахь лоллехь нах хир буйла.

СагIа деха хийшош болу заьIап нах, дуй баа а, лоллехь латтош бу. ХIара интервью мел йоьшучаьрга дехар дара сан: ма лахьара аша сагIа доьхучу нехан кара ахчанаш, церан долахоша дIадоху цаьргара уьш. Цул а, царна юург я тIеюха бедар эцахьара аша.

- Нагахь санна, хьо хьуо лолле нисвеллехь хIун дан догIу?

- Уггар хьалха, хьо кхаьчначу меттигах доьзна хуьлу. Амма, хIуъа хилахь а, маршо къийсалаш.

- Вайн заманахь лолла хиларан бахьанаш хIун ду аьлла хета хьуна?

- Маьрша стаг а, лай а вовшех дIакъасториг ду - цхьана агIонна Iедал шен доладерзо мегаш хилар. Бахархойн маршонаш хIорангахь а ю, амма, халахеташ делахь а, вайн пачхьалкхера дуккхаъ бахархой лайш бу. Iедална реза а бац уьш, хIетте а бистхьулуш бац. Iедалхойн бендацаро а, "йилбазаш" полисхошца цхьана хиларна а нисло олаллехь нах бацор.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG