ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«КIиллочо юьхь лачкъош дуьхьаллоцу тутмIаьжиг»


Оьрсийчуьрчу бахархошна муха го нах бехказбийла шена тIекхуьйлу Нохчийчуьра Iедал? Реза буй уьш Кадыровн ноу-хау шайн регионашка кхачийта, шайна тIехь яржаяйта?

Нохчаша, телекамершна хьалха а хIуьттуш, мехкан хьаькамаш шайгара яьллачу ледарлонашна къинтIерабоху видео гича, боьлу Оьрсийчуьра бахархой, кхаьрда Нохчийчоьнах. Амма дац хедаш нохчий шайн махкахь бехказбийлийтарш.

ХIора кIиранах цхьаъ я масийтта кхачаво «Грозный» телеканале шена я шен гергарчарна лен. Оцу эфирашка самукъадолуш хьовсу цхьаберш, Iедална неIалташ а хьежош хьовсу кхиберш.

ТIаьххьарчу сценех дара кху беттан 2-чохь Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министра Алханов Руслана, маларх, наркотикех кхетта аьлла, Гуьмсан кIоштарчу нахана телеканалехула довдеш гайтар. Изза сюжет яра полицин сайта тIе хIоттийна а.

Дерриг а дуьненехула даьржачу мехкан телеканало бIеннашкахь гайтина и тайпа материалаш. Оцу кепехь «къам Iамор» ю Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна марзъелла йисина кеп.

Махкахь бехказбуьйлуьйту, эфирехь белхабо зударий, бераш, божарий. Бахьанаш кеп-кепара хуьлу: социалан машанашкахь хьаькамашна цатовриг яздар, арахь гIант дохор, къаноша шайна хенера бовла гIодехар, палтосурш емалбар, хиндерг дийцийта «хIума хуучунна» тIевахар, майра дош аьлла блогер чехор, Нохчийчохь маршо яц алар. «Къурд» олуьйту нах а хуьлу бевзаш болчу публицистийн, политикийн биста кхаччалц, Масала, Шевченко Максим санна. И дерриг а ду тIаьххьарчу эха шарахь лелла.

Стаг лаца а лаьцна, халкъанна хьалха хIоттор нохчийн амалш цаевзачара кхетадо веккъа и цхьа стаг сийсазвича санна, еккъа цуьнан бакъо йохийча санна. Амма дац иза ишта – шайн стаг маьттаза гайтича юьхьIаьржа хIутту берриг а доьзал, ерриг а юьрт, дерриг а тайп. Телеканалехула я Инстаграмехула емалвинчу вахархочунна макхло дуьне, дIатотту иза шайн гонера цуьнца цхьана болхбечара а, цуьнца юкъарлонехь леллачара а. Цундела ю и репрессин кеп оццул шуьйра яьржина а, Iедало шена коьрта мукъ бина лелош а.

Хуьлийла дуй «нах бехказбийлийтар» Оьрсийчуьрчу кхечу регионийн куьйгалхошна пайде, даьржийла дуй иштаниг Нохчийчоьнал арахьа? Муха тIеоьцур яра и кеп аш, хаьттира «Кавказ.Реалиино» нохчех боцчу нахе, оьрсашка а, кхечу къоман векалшка а.

Андреева Виктория, историк, Санкт-Петербург:

– И саннарг суна сайна дайна цкъа – Селигерехь, кегийнахана сцени тIехь къамелдечо бехкбуьллуш, цара форуман низам дохорна. Иштаниг лелла Сталинан заманахь – адамаш партин гуламашкахь шаьш-шайна тIелейтар, дохкодийлийтар. Гонах мел волучо а ала дезаш хилла царех лаьцна вон дош, бехкбилла безаш хилла. Петербургехь иштаниг хуьлийла дац тахана. Кхузахь лелачу юкъарлонийн хатIо магош дац иштаниг.

Каткова Мария, совдегар, Киров:

– Вуно ирча го Нохчийчуьра и сценаш. Полицина хьалха, бераш санна, гезбохуш, охьатаIабой, барт хоттуш, хьийзабо нах. Амма оцу куьрканах чекхдевллачу адамех масмаликаш хир дац. Стагера даьлла вониг емалдар – иза дика ду. Цо динарг зуламе дуйла хаийтар а ду дика. Амма дика дац, бIешераш хьалха санна, стаг наханна хьалха а хIоттийна, цуьнан юьхьчIуьйриг охьаяккхар.

Надвидов Лев, программист, Элиста:

– Суна иза цIармат хета, со дуьхьал ву. ГIалмакхойчохь хуьлийла дац ишта. Менталитет кеп-кепара ю къаьмнийн. Нохчийчохь тайпанаш ду, тукхамаш ду, цундела Кадыров шен гIентахь чIагIвечух тера ду оцу хьесапехь нах юьхIаьржахIитторо. Делахь а, гуш хуьлу нахана шайн юьхьйохуш цадезийла. Амма уьш кхоьру – и ду-кх дерриг а. ГIалмакхойчохь цкъачунна дац куьйгалхо оццул вазвеш, халкъо шена гихаош. Дац тхан, Нохчийчохь санна, «тайп-тукхамалла» а, цундела Iедална атта дац халкъ когакIелдахьа.

Чаблин Антон, политолог, "Акценты" газетан коьрта редактор, Ставрополь:

- Нохчийн Iадаташ ду и кеп лоьлуьйтурш, шайн баьчча лоруш даьхна къам ду нохчийн. Цунах пайдаоьцу Нохчийчуьрчу Iедало. Къилбаседа Кавказан кхечу республикашкахь а дац цигахь дерг.

Иванова Алина, методист, Санкт-Петербург:

– Санкт-Петербургехь иштаниг аьттехьа а хуьлийла дац. Дешан бакъо ю соьгахь, иза суна елла Конституцино. Мелхо а хьаькамашна тIехь ду, шаьш дийр ду а бохуш, ца деш дитинчунна а, халкъанна товш доцу хIуманаш лелорна а эфирашкахь бехказбийлар. Уьш бу халкъо кест-кеста гезбаха безарш!

Доржиева Светлана, совдегар, Улан-Удэ:

– Бурятехь хуьлийла дац иштаниг. Цхьамма динарг нийса дац аьлла, динан дай я Iедал меттахдаьлча, халкъо ша луьсту, мел бакъ ву я харц ву «лакхарчара» бехкевийриг.

Нохчийчохь леларг сан кхетамехь Iазап ду, къизалла ю, кхечу дуьнентIехь, кхечу кхетаман тIегIанехь беха мохк иза болуш санна го суна Нохчийчоь. «Къам цIандо» бохуш, Iедал оццул акха хьийзар – иза Оьрсийчоьнан конституци а, низам а хьешар лору ас. Нохчийчуьрчу Iедало ша динца дIанисдо боху цигара къам – иза харцо ю, дино ца боху нах Iункар-бертал бетта, уьш Iедало кхеточу динан гурашкахь ца беха бохуш. КIиллочо юьхь лачкъош дуьхьаллоцу тутмIаьжиг санна хIума ду цигарчу Iедало лелориг. Халкъ когахIоттарх кхоьру, цундела Iазапна кIел латтабо нохчий.

Тапкина Ирина, балхахь яц, Киров:

– Иштачу меттера со сиха йодур яра кхечу гIала, кхечу махка. Нах оццул халачу бехкамашкахь беха меттиг ца еза суна. Сайгара цхьаъ даьлча, мэрна хьалха а хIоьттина, бехказъюьйлуш латта – Дала тIе ма даийта иза! Iедал сайна товш дацахь, ас критика йийр ю цунна сайна ма-тов, цхьа а вац суна иза дехка а, и бахьанехь таIзардан а бакъо йолуш!

Кузеванова Светлана, юрист, Воронеж:

– Воронежехь цкъа а ма хуьлда и санна дахар! Кхузахь Iедалхочо и хIуманаш лелийча, наха неIалте верзор вара иза. Оьрсийчохь цхьаьнхьа а хила йиш яц и саннарг. Конституци ю йохош, стаг шена хетачух ницкъаша юхаваккхар – иза йоккха харцо ю. Бехказвийлийтар телеканалехула – хьо ма дан тIе! Со чIогIа цецъюьйлу Нохчийчохь пачхьалкхан низамаш лелане а лелаш дацарх,

Семенова Наталья, "Яблоко" партин меттигера куьйгалхо, психолог, Улан-Удэ:

– Кхузахь иштаниг юкъадаьккхича, со суо араер яра нахе Iедал емалдайта. Нохчийчуьрчу оцу кепо демократи хьоьшу, низамо доьхкуш доцург а ца магадо нахана. Нохчаша доггах деш а дац и «бехказбийларш» – шаьш балхара бохур буйла, дахарх тилор буйла хаьа, цундела лоь шаьш-шайна, шайн гергарчарна. Къам кхерош ду Iедал. Кхузарчу нехан собар сиха оьккхур дара Нохчийчохь хьакамашна мегарг кхузарчара а магийча шайна. Нах сийсазбар нийса дац!

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG