Соьлжа-гIалахь ханна петарш лоьцучаьрца къийсам латторхьама шаьш йолийна программа йовзийтина пачхьалкхан "Грозный" телеканало. Хьовсархошка доьху телехьожийло, де-буьйса даккха шайн луларчу хIусам чу баьхкинчара къепе йохош меттиг хилахь, шайга хамбар.
Шайга гIо ца доьхушшехь бала хилар
Инстаграмехь зорбане баьккхинчу хаам тIехь телеканало тидаме оьцурш бу, бахархоша де-буьйса даккха петарш чубуьтурш. Цул совнах, регионерчу хьостано тIедожийна, йоццачу ханна хIусамаш нахе лучарех а шайга информаци кхачае аьлла. Делахь а, еххачу ханна хIусамаш нахе лун бахархой пачхьалкхан телехьожийло буьйцуш бац.
Дукха хан йоццуш йоьдучу кхеташонехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана тIедиллира, махкахь "денна-буьйсанна" петарш ялар тергоне эца аьлла. Цул тIаьхьа Кадыровн йишин кIанта, Соьлжа-гIалин мэро Закриев ИбрахIима дIахьедира, "де-буьйса даккхийта лун петарш дIакъовлур ю" аьлла. Нагахь санна, шайн петаршка нах бита лууш делахь, хIусамаш са яккха лелош юй хоуьйту кехаташ хIиттаде аьлла, тIедожийна мэро бахархошна.
"Грозный" телеканалан директора Дудаев Ахьмада бахарехь, и сацамбан декхаре хилла уьш, луларчу хIусамашка оьхучу наха гIад-амал дайина шайн бохуш, дуккхаъчу бахархоша аьрзнаш динчул тIаьхьа.
Петарш ханна нахе лучу Нохчийчуьрчу яхархочо "Кавказ.Реалиица" хиллачу къамелехь аьлла, "лела ца хуучу нахаца" шен цкъа а гIуллакх Iоттаделла дац аьлла.
"Петарш ханна лоьцучу наха чохь гIовгIанаш йо, лулахоша царна аьрзнаш до боху. Сан ца хилла цкъа а цу кепара проблемаш. Кхечу гIаланашкара баьхкина нах чубитина ас, лулахоша царна латкъамаш ца бина соьга хIинццалц", - аьлла зудчо.
Кхечу меттигашкара баьхкинчаьрга хIусам яла мегар ду аьлла, официалехь хилла информаци бакъ ца йо цо. Массарех а хьакхалуш ду дехкар.
"Йоццачу ханна яла маггане а мегар дац, шаьш нах чубуьтучу далахь а, баттана я еххачу ханна бен ма бита боху цара. Кхечу регионера иза веанехь а, бен дац боху", - дийцира шен цIе хьулйинчу зудчо.
"Могуьйтуш дац хIинца дуьйна де-буьйса даккха петарш чу нах бита. Дукха хан йоццуш дIахьедина тхоьга", - элира портале кхин а цхьана петарийн долахочо.
Моттбеттаран институт
Кавказан къаьмнийн Ассамблейн куьйгалхочунна Кутаев Русланна хетарехь, шайн конкуренташ новкъара дIабаха Iалашонца юкъадаьккхина хIума ду - де-буьйса даккха петарш ялар дехкар. Шена хаа а хууш, билггал хилла хIума ду, меттигерчу полисхочо петарш ханна лучуьнга ("я дIакъовла хIара гIуллакх я шена 300 эзар сом охьадилла") бахар, чIагIдо Кутаевс.
"И стенца доьзна ду хьуна аьлча: тахана Iедалехь болчу наха керла хьешан хIусамаш ю дIахIиттийна. Ткъа уьш еса лаьтташ ю. Цу чу нах оьхур боций юьхьанца дуьйна а хууш ма дара", - дийцина "Кавказ.Реалиига" Ассамблейн куьйгалхочо.
Цхьана а агIор тIечIабина боцчу хаамца, кеп-кепарчу министраллашна а, хьукматашна а тIедиллина хилла "хIоккхул-оццул отелашкара хIусамаш лаца" аьлла боху Кутаевс.
"Документ суна гина дац. Iедалехь болчу наха дуьйцуш хезна суна", - аьлла, тIетуьйхира Кутаевс.
"ХIокху тIаьххьарчу 20 шарахь Путинан Iедал халкъана мотбеттар кочадолла гIиртинехь а, церан гIуллакх ца хилла. Массара а цаьрга моттбетташ хир дац. Нагахь санна, лулахошца конфликт эккхахь а, цара шаьш дов къастор ду", - аьлла хьажам бу нохчийн цхьана юкъаралхочун.
Вуьшта, Нохчийчуьра бахархой кхоьру, шаьш гучудовларна боху политикан тутмакх лаьттинчо. "Миччахь а волчу стага цхьа йоза дитича, иза каравой, шаьш цунна таIзар деш хилар а бахархошна дIахаийтина Iедалхоша. Цундела цунах ийзало нах", - элира цо.
Моттбеттарш церан "шайн" нах бу, могIарерчу бахархоша дийр доцург ду иза, бохуш, чIагIдо цо.
"Со набахтехь Iийна ву, цундела суна дика хаьа ницкъаллийн структурашна болх беш цхьа нах буйла. Бехкзуламан гIуллакхаш ду царна дуьхьал диллина, амма чу ца бухку уьш. Республика мел ю информаци гулъеш, буьйлабелла лела уьш цундела. Ас чIагIо йо-кх, Нохчийчохь моттбеттар даьржина хIума дац аьлла", - боху Кутаев Руслана.