Ненан доIа...
Арсанукаев Шайхи
Моьттура суна сайн
Къанъелла нана
Ехаш ю, ца бевзаш
Дуьненан бала.
Доьзалан дезарша
Хьулйина ане,
Ца хаьа заманах
Ойлане яла.
Амма, цкъа сатоссуш
Хезна цхьа тийна
Шабарш, со дIахьаьжча –
ХIоьттина гора,
ДоIанехь куьйгаш шен
Стигал кховдийна,
Ницкъболчу АллахIе
Дехарш цо дора.
Iара со тапъаьлла,
Ненах цецваьлла,
Дехарехь дегочу
Озе ладоьгIуш.
Ткъа нана-м, хьесталуш
Везачу Далла,
Йоллура даггара
Къинхетам боьхуш.
Адмашна гечдар цо
Доьхура Деле,
Къинхетам боссабар
Дегнашчу церан.
Доьхура нисбар некъ
ГIуллакхдан меле
ШайтIанша Iехийна
Галбевллачеран.
Доьхура даггара,
Делах шен тешна,
Дицдар Цо адмашна
Зуламе девнаш,
Iалашбар бисинарш
Цхьалха, де эшна,
Доьхура мацаллех
Лардар цо бераш.
Доьхура меттахь цо
Латтабар кхетам
Дуьненан паччахьийн,
Тхаьмданийн, къанойн.
Доьхура дIабаккхар
Цо тIеман кхерам,
Ца белхор шаьш бинчу
КIенташна наной...
Нана-м сан ца ехи
Цул тIаьхьа еха...
Амма ду деха ши
Цуьнан доIа-дехар