ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гайтукаева Бана. "Баркалла хьуна..."


Гайтукаева Бана
"Баркалла хьуна..."

Баркалла хьуна,
Соьга ахь ца яздеш дисинчу
кехатна, баркалла.
Сан лазам, цуьнан цIе
Цкъа цкъа а Iемар яц,
Беза бу цуьнан мах,
Дахарца къоьвсина баьккхина.
Баркалла хьуна…
Цуьнан аьхь цIена ду –
Цундела ма бу и лазам.
Баркалла хьуна…
Хьан лазам цкъа а ма лазийла..

Гайтукаева Бана нохчийн гояьлла байтанча яра. Иза дуьнен чу яьллера 1959-чу шеран чиллан-беттан 23-чудийнахь ТIехьа-Мартан кIоштан ВаларгтIе юьртахь. 1966-чу шеран гезгмашин-беттан 1-чу дийнахь иза ВаларгтIерчу №1 йолчу юккъерчу ишколе деша. 1986-чу шарахь ишкол а яьккхина, юьртан библиотеке балха хIоьттира. 1986-1991 дийшира Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетехь. Оццу 1991-чу шарахь яздархойн Бертан декъашхо хилира Бана. 1994-чу шеран заздоккхучу-беттан 18-чу дийнахь Соьлж-ГIалахь дIаелира Бана.

XS
SM
MD
LG