ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Цунна етта, "суна сайн нана еза" мел олу"


Сосуркаева Лианин ши бер Ясмина а, Рахьман
Сосуркаева Лианин ши бер Ясмина а, Рахьман

Материалан автор "Кавказ.Реалиин" корреспондент Михальченко Лидия

Нохчийчоьнан парламентан депутатан Ахмадов Сайд-Iабдуллин вешин берийн кхоллам Шуьйта кIоштан кхелан карахь бу. Депутатан вешех йисинчу Сосуркаева Лианас дIахьедарехь, цуьнан бархI шо долу йоI Ясмина а, ворхI шо долу Рахьман а бертаза сецош бу цунна тIе ца бохкуьйтуш парламетхочун шолгIачу вашас, хьалхо набахтехь хан яьккхинчу Ахмадов Сайд-Салахьа.

Шуьйтан кIоштан кхеле латкъамбина Сосуркаевас, шен бераш схьадоьхуш. Марвашас шена хинйолчу сена дуьхьа дIадигина бераш бохуш, чIагIдо зудчо.

"Кавказ.Реалиига" Лианас дийцарехь, 2010-чу шарахь дуьйна Ахмадов Сайд-Эмигахь марехь хилла ю иза. Ставрополехь цIийндас шена совгIатна эцначу петарехь дехаш дара шаьш боху цо. 2014-чу шарахь кхуьнан хIусамда кхелхича, марвашас петар дIайохка, цуьнан метта Соьлжа-гIалахь ша цIа дийр ду аьлла хиллера. ГIишло дIа а хIоттийра цо боху Лианас, амма тIаьхьо гучуделира шена, марзхой и цIа шегара дIадаккха дагахь хиллийла.

Цул тIаьхьа бархI бутт баьлча, берийн дехоша Итон-Кхела дигина хиллера бераш цхьана ханна, ткъа Лианин аьтто ца баьлла шен хIусам чу яха, догIанаш цара хийцарна. Сайд-Салахьа телефонехула хаамбира цуьнга, Ясминин а, Рахьманан а кхин дIа дола ша дийр ду аьлла.

"Нохчийн Iадаташца, со нус ю, сан бакъо яц сайна луург хьалха даккха а, хетарг дIаала а, сайна луург дан а, сайна ма-хетта яха а. Суна ца моьттура, нохчий, сан марваша муххале а, тIехь да воцчу доьзалера шена пайда лаха гIуртур ву аьлла", - ишта яздина Сосуркаевас Талламан комитете динчу дIахьедарехь (кехатан копи "Кавказ.Реалиин" долахь ю).

Шен хIусамехь Iен а, яха а бакъонаш метта а хIиттош, Сосуркаевас доьху марвешина дуьхьал бехкзуламан гIуллакх даккхар, хьарамлонаш лелорца доьзна.

Ставрополера петар шен яра аьлла, дIа а хьедина, Ахмадовс бехкала йоьллина Лиана, шегара са яккха гIерташ ю иза аьлла. Ишта марвешин зудчо а дехар дина талламхошка, Сосуркаева жоьпе озае аьлла. ТIаккха Нохчийчоьнан муфтияте орца дийхира йисинчу зудчо.

Цара сацамбинераа, нагахь санна, шен берашца цхьана яха лууш елахь, марвежарий болчу Итон-Кхела дIаяха еза жима зуда аьлла. Муфтиятj сацам ма-барра, масех баттахь юьрта хьала а яхна, шен доьзал лелош, хан яьккхира Лианас. Цхьа хан яьлча депутат волчу марвашас неI гайтира цунна. Соьлжа-гIала дIаяхна, йоI школе деша дIа а елла, шен хIусам юхаерзон гIертара къона нана.

Межиев Салахь кхочу орцах

ШолгIа хIара муфтияте еача, гIуллакх шен тергоне ийцира муфтийс Межиев Салахьа. Йисинчу зудчунна тIехIоьттинера иза, эхашарахь Лианас лаьцначу хIусамах мах охьабуьллура цуьнан марзхоша.

Кху шеран Стигалкъекъа-беттан ГIурбанаш дойучу деношкахь Ахмадова Iайшатан кIанта хьошалгIа дигира ши бер. Лиана дуьхьал яцара дехошца берийн уьйраш хиларна. Амма шаьш йиллинчу хенахь бераш юха ца далийра кхунна. Итон-Кхела берашна тIаьхьа яхча марвешо шога эккхийра иза, ур-атталла, чу а ца юьтуш. Бераш доьлхура, шаьш дIадига бохуш, маьхьарий а хьоькхуш. Меттигерчу полицига а, Талламан комитете а, доьзална а, берашна а тIехь Iуналла дечу Iедалхойн хьукмате а, прокуратуре я аьрзнаш дира Лианас.

Сосуркаева Лиана
Сосуркаева Лиана

Итон-Кхелахь берашна тIехь терго латточу хьукматан белхахо Шамилова Марет АхмадовгIаьрга яхара, бераш муьлхачу хьелашкахь латтош ду талла. Цул тIаьхьа яздинера цо: "Девешица а, цуьнан доьзалхошца а Ясминин а, Рахьманан а дика юкъаметтигаш ю. Бераш тIехь цIена а дара, меца а дацара. Чохь а цIена дара. Берашца къизалла лелош ю аьлла, цхьа а бух ца карийра суна" аьлла.

ГIуран-баттахь психолого Исмаилова Асета экспертиза дIаяьхьира берашкара психикан хьал толлуш. Цо бахарехь, ненах къасторо тIеIаткъамбина церан сина а, дагна а. Сингаттамехь бу уьш, дехоша ницкъбо царна аьллера цо.

"Коьртах етта тхуна…"

Гезгамашин-беттан 9-чохь шен бераш Итон-Кхеларчу школе лелош дуй хиира нанна. Хьаьдда цига яхара иза. Доьлхура кхунна бераш, девешо коьртах Iайг бетта шайна, шаьш хьо йолчу дIадигахьара ахь бохуш, дехарш дора бераша. Берех летар дуьххьара дацара боху Лианас, хьалха а девашас кIантана йиттинера, меттигерчу дарбан цIийнехь цуьнан дегIа тIера таммагIаш гайтинера ша (документ "Кавказ.Реалиин" долахь ду) .

Такси а лаьцна, ши бер дIадигира цо. Герзах боьттина шен гергара нах улло а баьхна, Ахмадовн бIо тIаьхьакхиинера кхарна. Кхеравеллачу таксхочо шен машенчуьра охьабисира хIорш. Ненан карара ийзош, схьадаьккхина Ясмина а, Рахьман а девешо шен хIусаме схьадалийра.

Кхеле елира Сосуркаева юха а, шен бераш схьадоьхуш. Царна кхерамаш а туьйсуш, тIеIаткъамбо аьлла, тешна ю нана.

"Луьрачу хьолехь ду сан бераш. Масийттазза кхел йина ву Ахмадов, бакъо йоцуш герз лелорна а, наркотикех пайдаэцарна а, хулиганалла лелорна а. "Суна сайн нана еза" аларна йиттина сан кIантана. Шуьйта кIоштан прокуратуре а яьллера со, сайн бераш цIадерзо лууш, амма цаьргара хуьлуш гIо а дац", - аьлла, дийцина Лианас "Кавказ.Реалиица" хиллачу къамелехь.

Берашна тIехь терго латточу хьукматан векалш тIе ца бахкарна, шозза а дIатеттира кхечу ханна берийн хьокъехь йолийна кхелан процесс. РогIера хан дIатоттучу заманчохь, "Кавказ.Реалиин" корреспондент комментари эца гIоьртира Ахмадов Сайд-Салахьера, амма жоп ца луш, маса кхелан гIишлочуьра аравелира иза.

Аьтто ца белира ишта жоп деха берийн Iуналла дечу хьукматан белхахошкара а. Масийттазза "Кавказ.Реалиин" корреспонденто телефонаш дIаеттарх, схьаоьцуш стаг а вацара.

Кхелан цхьахволчу белхахочо бахарехь, Итон-Кхеларчу берийн терго ечу хьукматан белхахошна кхеле дахкар тIедожош телефонаш дIаеттарх а, цигахь жоп луш цхьа а вац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG