Нохчийн лидерна блокпосташ хьокъехь хетарг цхьанацадогIу президентан векална хетачуьнца
Лахьанан-бутт чекхболуш Оьрсийчоьнан Iедалан куьйгалхо Медведев Дмитрий цхьаьнакхийтира Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца. Цу шиммо кхечарна юкъахь дийцаре дира Къилбаседа Кавказерчу республикийн дозанашкара блокпосташ дIаяхарца доьзна хаттар.
И цхьаьнакхетар дIадирзинчул тIаьхьа Нохчийчоьнан куьйгалхочо хаам бира, Медведев "тергаме хьаьжира Къилбаседа Кавказерчу некъашкахь низамца лелачу нахана дIасалела халонаш кхуллу, тайп-тайпана кира дIасалело новкъарло йон, ерриг а Къилбаседа Кавказана вочу агIор имиджана Iаткъам беш бакъян мегар йоцу новкъарлонаш кхуллу блокпосташ латтарца йоьзначу цу проблеме" аьлла, яздо Кавказ.Реалиино.
И хаттар айира Кавказерчу къаьмнийн Ерригоьрсийчоьнан конгрессан куьйгалхочо Паскачев Асланбека а. Оьрсийчоьнан президентаца Путин Владимирца хиллачу цхьаьнакхетарехь цо тидам тIебахийтира, таллам беш чекхволуьйтучу пункташа (КПП) "хьешийн вон реакци" кхуллуш хиларна. Цуьнца цхьаьна Паскачев ша 25 шо а ду Москвахь веха, цундела цо яьккхина гIулч лара мегар ду Кадыровс юьхьарлаьцначун гIортор яр санна.
Блокпосташ хилар мел оьшуш хIума ду бохург юкъа-кара меттахдоккху Оьрсийчохь тайп-тайпанчу тIегIанашна тIехь. Оццу Медведевс а хьахийра и тема, ша Орсийчоьнан президент волуш 2010-чу шарахь, Къилбаседа Кавказехь церан терахь лахдан дезара аьлла.
Изза дIахьедар дира 2012-чу шарахь Оьрсийчоьнан чохьарчу гIуллакхийн министраллан Къилбаседа Кавказан федералан гонехула йолчу урхаллан куьйгалхочо Ченчик Сергейс а, амма гIортор ца карийра цунна чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан куьйгаллера. Министро Колокольцев Владимира элира цу хенахь, "блокпосташ дIаяха аьтто ца бо лаьттачу хьелаша" аьлла. Уьш хIун хьелаш ду цо билгал ца даьккхинехь а, буьйцург хила мегара цу регионехь герзаца лелачу исламан оппозицин тобанашкара схьаболу кхерам.
Кадыров КПП-шна дуьхьал ву, амма Кадыров схьайоьллуш ву КПП-ш
ТIаьхьарчу шерашкахь блокпосташ дIаяха езаш хилар дуьйцург ву Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан, буьззинчу барамехь гIортор еш кхечу республикийн коьртехь болу нах а боцуш.
Юкъа-кара ГIалгIайоьнан Iедалша до дIахьедар шайн дозанца йолу Къилбаседа ХIирийчоьнан Чермен эвлан йистехь лаьтта блокпост дIаяккха езар олий, амма цара хьехош ерг цхьа пост а бен яц.
Дагестан а, Ставрополь мохк а, ГIебартойн-Балкхаройчоь а, Кхарачой-Чергазийчоь а цу хаттарехь цхьачунна хIун хуьлу хьожуш ю: дIайохий – дика ду, ца йохий – доьхна хIумма а дац. Сурт хIоттало, ма дарра аьлча, блокпосташ цхьана нохчийн куьйгаллана бен цаоьшуш санна.
Цу хаттарехь хьалхарчу могIаршкахь ву Нохчийчоьнан омбудсмен Нухажиев Нурди. Коьртачу декъана цуьнан дезаш хуьлу цу блокпосташкахь нийсонан бакъонаш йохорца боьзна латкъамаш листа.
Нухажиевс дийцарехь, таханлерчу денна уггар яккхийн проблемаш кухуллурш ю ГIалгIайчуьра "Кавказ" а, КПП-14 "Октябрьский" а, Къилбаседа ХIирийчуьра "Чермен" а, Дагестанера "Герзель" а, "Рубин" а блокпосташ.
Оццу Нохчийчохь латтош ю Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан цхьацца регионашкара вовшахтоьхна тобанийн блокпосташ. Уьш дIасаекъна ю ТIехьа-Мартанан а, Гуьмсан а, Веданан а, Теркйистан а, Невран а, иштта дIа кхин а кIошташкахь.
Цуьнца цхьаьна Нохчийчохь Дагестанан дозанца Кизляр - Терекли – Мектеб некъаца цхьа бутт хаьлха схьайиллина "Кордон 50" а, "Кордон-60" а керла талламан-чекхволуьйту 2 пост.
Матовниковца эгIар
Тамашийна делахь а, блокпосташца доьзначу хаттарехь нохчийн куьйгалхочун дуьхьал ваьлла Оьрсийчоьнан президентан Къилбаседа Кавказерчу регионехь векал волу Матовников Александр.
"Уьш административан дозанашкахь лаьтташ ю субъекташна юкъахь ерриг а пачхьалкхан территори тIехь. Цунах "талламан-дуьхьалонан система" олу. Низам а ца дохош, тийна вехачу лартIахь волчу стагана уьш цхьа а проблема яц. Ца оьшу тIех сов цунна тIе тидам бахийтина лела, система хила ма еззара ю, цигахь цхьа а танкаш а, БТР-ш а яц. И система Оьрсийчоьнан Федерацин ерриг а территорина тIехь ю", - боху Матовниковс.
Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а, Дагестанехь а блокпосташ кхуллуш ю чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан вовшахтоьхначу полицин тобанаша. Цига уьш хьежайо эха шаранна олий.
Нохчийчоьнан куьйгаллана блокпосташ оьшуш яц аьлла хета. Иштта ойла йолуш бу кIоштийн администрацийн белхахой а. Масала, ТIехьа-Мартанан мэрин жоьпаллин белхахочо элира Кавказ.Реалиина комментари луш, "массерна а хууш ду блокпосташ цхьа а пайда бохьуш йоций кхерамазалла латторехь" аьлла.
"Цхьа а хIара ю аьлла теша мегар долу статистика йоцуш ю, маса теракт юхатоьхна цигахь, маса зулам дан дагахь волу стаг гучуваьккхина я схьалаьцна йигахь, иштта дIа кхин а. Цу тайпа кхиамаш шаьш баьхнехьара царах кураллаш еш лелаш хир бара уьш. Амма массарна а дика хууш ду цу посташкахь нахера ахчанаш дохуш хилар", - бохуш вара Iедалхо.
"Вахархо декхарелахь вац багажник схьаелла"
Янгульбаев Абубакар юрист ву Дагестанехь, "Iазап лелорна дуьхьал комитетехь" болх беш волу. Цо дийцарехь, "Полицех лаьцна" федералан низамца а догIуш, вахархо декхарелахь ву таллам байта кехаташ гайта, амма иза декхарелахь вац машенчуьра аравала а, багажник схьаелла а, "кхин дIа таллам бан" цхьанха а чуваха а.
Дукхачу хьолахь блокпосташкахь лаьттачу белхахоша пайда оьцу машенлелорхой а, некъахой а низамаш девзаш цахиларх, ткъа иза хила мегар доцуш хIума ду, боху Янгульбаевс.
"Къаьмнийн юкъаметташ карзахйохурш ю блокпосташ"
Муцольгов Руслан ву гIалгIайн юкъараллин жигархо. Цунна хетарехь, Къилбаседа Кавказера блокпостех къаьмнийн юкъаметташ карзахйохурш хилла дуккха а хан ю. Цара дIасалела халонаш кхуллу, шайн махкалу дIасалела шаьш аьлла хетачу, Къилбаседа Кавказерчу республикашкарчу бахархошна, боху цо.
Амма билгалдаккха деза, Къилбаседа Кавказехь блокпосташ проблемаш кхуллу аьлла хеташ массо а цахилар. Масала, чергазийн юкъараллин жигархочо Сохта Аскера дийцарехь, Адыгейна а, Краснодаран махкана а блокпостех доьзна хаттар карарчу хенахь мехала дац.
"Уьш янне а йоцуш ю. Ткъа Къилбаседа Кавказан федералан гонах лаьцна аьлча, иза дукхахенахь дуьйна дIадаккха дезаш долу гIайгIане дерг ду", - боху чергазийн къоман жигархочо.