Донбассерчу сепаратисташа лецна латточу шен эскархойх хуьйцучу йийсархойн тобан декъа а вахийтина, мукъавалийтина Украино 2017-чу шеран аьхка шен бIаьхой Осмаев Адам а, цуьнан зуда Окуева Амина а ден гIоьртина Денисултанов Артур. Оцу хьокъехь хаамбо 112.ua телеканало а, Liga.net портало а, цхьамогIа кхечу хьостанаша а.
Украинерчу талламан изоляторехь шена догIу таIзар лардеш 1,5 шо даьккхина Денисултановс, амма Донбассерчу йисархойх дIа а тоьхна, иза дIавала кхо де дуьсуш дIабаьхна цунна тIера массо а бехкаш.
- «Тидамехь берш – тидамехь болучех» олучу кепехь йийсархой хийца сацамбира Парижехь Нормандин форматехь цхьаьнакхеттачу пачхьалкхийн куьйгалхойн форумо.
- Хийцинчйн терахьаш иштта ду: 80 йийсархо дIавелла Украине, 141 – Донбассерчу сепаратисташка.
- 2017-чу шеран Мангал-беттан 1-чу дийнахь Осмаев Адамца а, Окуева Аминица а цхьаьна а кхетта, церан машена хиина Iачу юкъанна Осмаевна тапча тоьхнера ша журналист ву аьлла и шиъ Iехийначу Денисултанов Артура. Окуевас герзаца духьало а йина, лазийра иза, цул тIаьхьа лецира Iедало.
- 2017-чу шеран ГIадужу-беттан 30-чу дийнахь Киевна гена йоцчу Глеваха юьртахь кIело а йина, бевзаш боцчара герзаш диттира Осмаев а, Окуева а чохь хиллачу машенна. Окуева Амина елира цигахь. Каронза бу зуламхой.