Материалан автор "Кавказ.Реалиин" корреспондент Михальченко Лидия
ГIалгIайчуьрчу ЕвлоевгIеран а, ПолонкоевгIеран а тайпана юкъахь даьлла дов герзашка дирзинера. Меттигера вахархо Евлоев Асламбек вийна цу конфликтехь, чевнаш йина кхин а 6 стагна.
ГIалгIайчуьрчу Джейрахан кIоштара латта а, бIов а къевсина хилла юьхьанца оцу тайпанийн векалша. Герзаш диттинчул тIаьхьа видеокхайкхамаш бина оцу шина цIийнан векалша. Дуьххьра гIалгIайн къоме бистхилла ПолонкоевгIеран цIийнах болу къаной. Видео тIехь гулвелла гуш ву 17 стаг. Шина къаночо кар-кара оьцуш къамелаш до, ЕвлоевгIеран стаг валар шайна новкъадеаний а хоуьйтуш.
"Тхан тайпашна юкъахь цхьа цакхетамаш бу. Гергарло а ду тхуна юкъахь. Кху беттан 29-чу буьйсанна тхан гергарчу стаге телефон тоьхнера Iамир цIе йолчу цхьаммо, шеца юьстах вала аьлла. КъорIан тIехь чIагIо ян йиш ю тхан, иза бакъ хиларан", - дIахьедо къаноша.
Цара бахарехь, церан гергарниг (цIе йовзуьйтуш яц) цуьнца цхьанакхета вахана хиллера, шен шича а вуьгуш. Шеконаш кхоллаелла церан тайпанах кхин а кхо стаг царна тIаьхьа ваханера.
"Йиллинчу меттиге 10-11 машенашкахь герзашца баьхкинчу наха го бинера цушиннан. Телефон тоьхна хилла Iамир цIе йолу жимстаг а хиллера цаьрца. Къамел дола а дина, ПолонкоевгIеран цIийнах волчу цхьанна тоьхнера цо. Цунна тIаьхьа герзаш детта буьйлабеллачу ЕвлоевгIара чевнаш йина пхеанна. ЕвлоевгIарлахь а бу лазийнарш, тIаьхьо дийца даьккхира цхьаъ царех велла хиларх. Сих а ца луш, баккхийчарех дагабовла безаш хиллера кегийнаш", - боху къаночо.
ЕвлоевгIеран цIарах видео дIаязйина Бузуртанов Бамат-Гирейс. Шен вистхиларехь цо жоп делира ПолонкоевгIеран цIийнах дош аьллачунна.
"Харцдерг ду ахь дуьйцург. Тхуна тIе а веана, КъорIан тIехь дуй буур бу ахь, хьо кхийтин сох? Уьш бара герзаца баьхкинарш. Iамира претензеш йора бохуш, ахь дуьйцург хаза дац. Тхо ду шуьгара жоп деха дезарш. Аш боху, ЕвлоевгIеран цIинах боьрша нах бан а бац. Цкъачунна хIара къамел дуьту оха. ХIуммаъ дац, тхо наха лоруш нах ду. Оха кхачо йоллуш жоп доьхур ду шуьгара", - аьлла, жоп делла Бузуртановс
ЕвлоевгIеран цIийнах волчу цхьаммо дийцина "Кавказ.Реалиига", Пхьалинг эвларчу бIаьвнаш тIехула дов лаьтта пхи шо а ду аьлла.
"Церан цхьаннан а карахь, и латтанаш церан хиларан тоьшаллаш дац, и йоллу объекташ културин министраллан цIартIехь ю. Дахначу бIешерашкахь лаьмнашкахь деха адам жIугане хиларна а, тIеман кхерам латтарна а ярташ йоькъуш хилла шайлахь масийтта тайпанаша. Цо гIо деш хилла оцу хьелашкахь Iен а, баха а. Ткъа хIинца девнаш лаьтта цу тIехула. Пхьалингехь вехаш хилла доьзал боцу ПолонкоевгIеран тайпанара Чаниев Исропил цIе йолу къано. Хасбеш а, беш а хилла цо лелош. 2015-чу шарахь низам юкъадаьккхира, ширчу объекташна тIелетта йолу цигара хIусамаш дIайохош. БIовна гергархь хилла къаночун хIусам а дIахьаькхира тракторца. Дукха ца Iаш Чаниев кхелхира. Цул тIаьхьа дукха къийсамаш хилира интернетехь, маьттаза йозанаш деш, кхерамаш туьйсуш. ТIаккха вовшашка телефонаш дIаса а луш, буьйсанна цхьанакхетта хиллера "мостагIий", Пхьалинг къуьйсуш", - дийцина цо.
ГIалгIайн ламасташ толлучу, шен цIе яккха ца лиъначу гIалгIачо дийцира хIоьттинчу ситуацех лаьцна. "Латта бахьанехь хилла къовсам – Iаламат лазаме хуьлу. Ткъа кхузахь къуьйсург дийнна бIов ю. Тоххара, бIов йолу тайп - ницкъ болуш, лараме хетара.
Нагахь санна, бIов йола а йина, иза цхьана шарахь йина чекхъяккха аьтто ца хиллехь, тукхум гIад дайна ду, йоло а ца оьшу гIишло олура.
Хьовсур ду-кх, талламчаша а, кхело а муха йист йоккху кху гIуллакхан. Суна хетарехь, чIир ца кхайкхош доьрзур дац", - аьлла эксперто.