ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров: Оьрсийчоьно гечдар дехна нохчийн къам махках даккхарна


Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан
Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан

1944-чу шарахь Сталин Иосифа къам махках даккхарна Оьрсийчоьно гечдар дехна нохчашка аьлла, дIахьедина республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

"Нохчийн къомана бехкбоцуш депортаци йина хилар билгалдоккхуш, Оьрсийчоьнан урхалло къинтIера довлар дехна", - яздина Кадыровс "ВКонтактерчу" шен пена тIехь, нохчийн къоман пачхьалкхалла юхаметтахIотторца шен декъалдарехь.

Оцу юкъанна юха а неIалт кхайкхийна цо Сталинна.

"Ас юха а боху – неIалт хуьлда Сталин Иосифна, нохчийн къомана тIехь ницкъбарна. Гуттаренна а дегнашчохь бисина Сибрех а, Казахстанан аренашкахь а тхан бисина нах. Цкъа а бицлур бац уьш", - аьлла Кадыровс.

Карладоккху, Советан пачхьалкхан куьйгалхочо Сталин Иосифа 1944-чу шеран Чиллан-беттан 23-чохь нохчий а, гIалгIай а махках бохучу омрана куьйгяздира.

Делахь а, нахана гергахь Сталинца шен мостагIалла ду бахахь а, нохчийн куьйгалхочо депортацица боьзна барамаш дIатеттина Стигалкъекъа-беттан 10-чу дийне. Цу дийнахь дIавоьллира цуьнан да, Кадыров Ахьмад.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG