Гадаев Мохьмад-Салахь
МаьркIажан мур
Малх буьзи,
Стиглан йист геннахь латийна.
ХIоккхузахь –
МаьркIаже хьийзалуш ю.
Буьйса-де, кегалуш, вовшаха ийна,
Нахазар башха сурт ду.
Лам бетта, Iаьршашка
Iаьржа ладоьгIна.
Аренаш хьуллуш ю,
Мокха бос тоьхна.
Боьрашкахь кхоллалуш
Чорда къахь ю.
Суьйре, ва суьйре!
Суна хьо еза –
Мерза ахь сингаттам хьелош*
тIебутту:
лезначех тохало
диснариш теза,
дезна мел хиллариг,
догIий, схьахIутту.
Хьелохьа жимма,
Ян сих ма лохьа –
Хьастахьа хьайга са дерзийна Iийриг:
берахь вай левзинчу
бердашка хьохьа,
къуоналла гайтахьа
аренаш тIера.
Еза хьо суна,
Заманан киртиг –
Буьйса-де иэделла, гIайгIане мур:
серло дIалестина
генарчу суьртан,
Ярташкахь гIаьттина
МаьркIажан мур.
________
* хьелош - хьулвеш