ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мидалш массарна а луш ца хилча…


Абдулгамидов Алик (аьтту агIор)
Абдулгамидов Алик (аьтту агIор)
Расулова Анастасия

«Хьалхара канал» телекомпанехь болх бинчу журналиста Абдулгамидов Алика схьа ца эцна шена луш йолу «Дуьненаюкъарчу бандитийн тобанаш йохоран 20 шо кхачар» мидал. Иштта хаийтина цо ша совгIатца билгалбохучийн могIаршкахь шен коллегаш бацарна резавоцийла.

"Гарехь, вайн Iедална махка Путин вар хилла коьртаниг. Церан балаболуш хIума а ца хилла совгIаташ дала хьакъберш къастор. Хьакамех джентльменаш бен коьчалш хилла оцу мидалех», -элира "Кавказ.Реалиига" Абдулгамидов Алика.

"Ас журналисташна тIеберзийра тидам, вайн наханна истори сиха йицлуш хиларна. Оьрсийчохь бахархой тIамна дуьхьал болу зама яра иза, шайн бераш Кавказе дала дахийта ца лаьа шайна бохуш. Ткъа вайн кхузахь цхьа а вацара тIамна дуьхьал. ХIунда аьлча, журналисташа шайн материалашкахь кхетабора дагестанхой, царна хаьара шаьш, шайн мохк ларбина ца Iаш, Оьрсийчоь а Iалашъеш хьийзийла», - билгалдоккху Абдулгамидовс.

Дагестанан коммуникацийн, зIенийн министралло хаамбина, совгIаташ дала догIучийн могIарш тIечIагIбина ца бевлла, буза мегаш бу кхечу журналистийн цIерашца а, аьлла.

  • Дагадоуьйту, Дагестанан Iедало мидалш ю луш Басаев Шемалан а, Кебедов Бахьавдинан а тобанашна дуьхьал тIемаш биначарна. 20 шо хьалха и тобанаш яхара Нохчийчуьра Дагестане тIом бан.

Абдулгамидовс бахарехь, цо сацамбина шена луш йолу мидал, журналистех совгIат дечийн могIа буьзича а, ца буьзича а, схьа ца эца.

"Иза суна башхалла йолуш ду. Ас совгIаташ дахархьама ца бина сайн болх. Трагеди тIехь бахам гулбар суна маьттаза хета», - аьлла журналиста.

Социалан машанашкарчу дагестанхоша шуьйрра дийцаредо Абдулгамидовс мидал схьа цаэцар. Дукхахберш бу цуьнгахьа. Цхьаболчу комментаторша бахарехь, юьйцу мидал мехах эца а баьхна цаьрга ХIинжа-ГIалахь.

XS
SM
MD
LG