ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гадаев Мохьмад-Салахь. Самаде




Гадаев Мохьмад-Салахь

Самаде

Вуткъаниг саттийча шелха,
Айп кхетчахь, онг* йоцург телха.
ДIаьвшен ун хьаьвзичахь
хийла дIакхелха, –
Хьайн дог ма талхолахь** цуьнца.

Iазапийн доза гац, алий,
Къарлой ма вожалахь бале,
Тешначу тешамца
шеконаш кхалий,
Iалашо иръелахь цуьнца.

Халкъ дитий, стигла ма вала,
Халкъаца вола, бах Дала,
Къар ца луш лан беза
базбаларх бала,
ПаргIато йогIур ю цуьнца.

Халкъ дезчахь, дегнийн макх лела,
Лулахойн сингаттам къела.
Халкъаца мерзаниг
хоржуш ву Дела,
Декъала хир ву хьо цуьнца.

1.03.1950
__________

* (кхузахь) ницкъ, гIора

** талха ма де

Мохьмад-Салахь Гадаев вина ГIуран-беттан 6-чу дийнахь, 1909-чу шарахь. 1928-чу шарахь иза Ростовехь рабфаке деша дIехIутту. 1930 шерашкахь иза Нохчийчохь историн а, меттан а, литературин а Iилман-талламан институтехь болхбан волало иза. Лермонтовн а, Толстойн а, Пушкинан а, Некрасовн а, Шевченкон а дийцарш нохчийн матта гочдо. Цу хенахь цуьнан ши киншка арайолу “Ши стаг”, “Буьйсанан дошло”, “Нус”, “Гуьржи”, “Акхалла”, “Хазман”, “Накъостий”, кхиерш а.

1942-чу шарахь иза антисоветан агитаци лелорна а, национал-троцкистийн тобанан декъашхо хиларна а бехке а вой, пхийтта шарана набахти чувуллу. 1957-чу шарахь иза набахти чуьра араволу. 1957-чу шарахь иза Iедало юха а лоцу, нохчийн къам сийсаздина, яздорхо вийна, аьлла, бехке а во. Амма тоьпаш тоха дина таIзар хуьйцу, цуьнан метта 25 шо набахти чохь даккха хан туху цунна.

1972-чу шарахь набахти чуьра ара а волий, Даймахка юхавогIу иза. Араваьлча, псевдонимах пайда а оьцуш, цо дийцарийн гуламаш язбо. 1972-чу шеран ГIуран-баттахь Мохьмад-Салахь кхелха.

XS
SM
MD
LG