ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гацаев СаьIид. Хьо хене дIаваха...


Гацаев СаьIид
***

Хьо хене дIаваха,
Къаналла тIееа,
ТIаккха а – маржа яI!
ТIелаца ца лаьа.
Мел жима вара хьо,
Мел хаза вара хьо,
Дуьненан ирсан да
Хьо хеташ вара хьо.

Сатийсарх юха ян
Жималла ца хуьлу,
Ирс дайна виссинчун
Кхин ирс а ца хуьлу.
Мел жима вара хьо,
Мел хаза вара хьо,
Хьайн дийнах воккхавеш
Дог доьлуш вара хьо.

ДIаяьлла жима хан
Туьйранах тера ю,
Юх-юха Iехаван,
Дагаян тIера ю,
Мел жима вара хьо,
Мел хаза вара хьо,
Къанвала, тишвала
Дог мичахь дара хьан.

ХIинца хьан са леста
Генарчу цу шаре,
ХIинца ахь ладуьйгIу
Генарчу эшаре,
Мел жима вара хьо,
Мел хаза вара хьо,
Дуьненан хазаллех
Там хила вара хьо.

Да-висса хьан, дуьне,
Хьо дуьссуш хила-кха!
Ойла еш хьаьвза хьо
Цу къизчу гIуллакхан:
Жиманиг кхуьуш ву,
Воккханиг къанлуш ву,
Къанвелларг цу коша
Кхана дIавоьдуш ву.

Дуур-кха хьо, дуьне,
И ойла кхин ца еш,
Мехкаршца йоккху хан
Даггара хестаеш.
Жималла дIагIур ю,
Къаналла йогIур ю,
Вайн дагахь юьссу ерг,
И хаза зама ю.

Гацаев СаьIид Вина 1938 шарахь Веданахь. Иза поэт, драматург ву. Царех цхьаерш («Бале ваьлла нуц», «Пелхьонаш»). Цуьнан стихаш тIехьдаьхна халкъо дезаш тIеэцна дуккха иллеш ду: «Сан хьоме Нохчийчоь», «Сом хьан варий, Нохчийчоь», «Сийна бIаьсте», «Хьокъаьхьа ловзар», кхиерш композитора Даудов Рамзан, И. Мусхабовс мукъамаш даьхна Темирбулатова Сиржана, Межидов Сахьаба,кхечара дIаолуш долу.

Цуьнан цхьайолу стихаш нохчийн назманийн, узамийн кепехь язийна ю СаIидан. Уггаре евзаш йолчех ю цуьнан ТемирбулатоваСиржана мукъамаш баьхна дIаолуш долу « Алаза дош», «Сан илли», Суна хьо еза», «Лулахо» ,«Сийна бIаьсте».

КХИН А
XS
SM
MD
LG