Гацаев СаьIид
Ненера кехат
Сан ма чIогIа сагатделла хьуна.
ХIун деш ву хьо? Муха веха, Iа?
Велавелла хьо дIавахчахьана,
Летта догу кийрахь шийла Iа…
Арахь бIаьсте ша кIежтуьйсуш лаьтта,
Заза даьржа сенчу бацала.
Хьо цIахь волуш дара суна атта,
Цхьа а тайпа гIайгIа яцара.
УьйтIахь Iежаш,
Хьоьга хьуьйсуш санна,
Наггахь таьIна гIийла хетало.
Шайца мерза Iийнарг веза царна,
Мохехь лестий, сарахь тохало.
ХIинццалц эццахь
Хьо Iавалар тамаш,
ЧIогIа тамаш хета массарна.
Дуьне дезна,
Букъ а тоьхна меллаш,
Халахета шаьш дIатасарна.
Хьан накъостий,
Мехкарий а хаза,
Эхь-бехк лоьцуш, хетта буьйлало:
«ЦIа вогIий те? Дукха хан ю ганза…»
Юьхьца цIийлуш, эсал бийлало.
ХIун жоп лур ас?
ХIун аьр тIаккха цаьрга?
БIаьсте ша а, хьоьга сатесна,
Йоьлу, ека шен йовхонан цIергахь,
Йоьлу, ека, эсал лестина.
ЦIа волахьа, сан са теданалий,
ХIоккхул хазчу сенчу бацала.
ГIашца хьийзаш, можа гуьйре яле…
Гена некъаш оьшуш дацара.