ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туркойчоь а, Оьрсийчоь а: шина паччахьан дуьхьаллаттар


Путин Владимир а, Эрдоган Реджеп а
Путин Владимир а, Эрдоган Реджеп а

Аналитикаш билгалдоккхарехь, Анкаран а, Москван а экаме альянс йогIуш ца хилар историн зеделлачуьнца


Аналитикаш бигалдаккхарехь, Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир а, Туркойчоьнан президент Эрдоган Реджеп а кхолла гIерта экам альянс йогIуш яц исторехь цу шина пачхьакхан хиллачу юкъаметтигашца, яздо "Амеркан аз" зорбан гIирсо.

Нагахь эххаре а и ши пачхьалкх Шеман къилбаседе къийса йолалахь, иза хир ду дукха хенахь дуьйна шаьш лелийначу мостагIаллина тIе и шиъ юхаерзар. Оьрсийчоьно а, Туркойчоьно а вовшашца тIемаш бина хIора бIешарахь, 16-чу бIешарахь дуьйна.

Хьалхара конфликт иккхира 1569-чу шарахь, Османан империно Астрахань гоне лаьцча. Амма цуьнан юхаяла дийзира Буьрсачу Иванан (Иван Грозный) эскарш тIегIоьртича.

Цул тIаьхьа Iаьржачу хIордан йистошкара латтанаш дIалацар Iалашонца – Украинин аренашкара латтанаш а, Балканашна тIехь Iуналла дар а - хилла тIемаш хIоразза а дIаберзара Туркойчоь оьшуш. Ткъа цуьнца цхьаьна лахлора цуьнан Iаткъам бан йолу таронаш, ялара иза шен территорех.

Историкаш дийцарехь, 19-чу бIешарахь хиллачу тIемашкахь вуно хебира "Европера цомгуш стаг" цIе тиллина Османан импери.

Историн аьтто бара Оьрсийчоьнехьа

Оьрсийчоьнна а, Туркойчоьнна а юкъахь а хиллачу тIемашкахь 1854-1856 шерашкахь хиллачу цхьана ГIирман тIамехь а бен толам ца баьккхина туркоша, иза а хилира коьртачу декъана Францино а, Британино а гIортор яр бахьана долуш.

"Со ца веша туркойх, хIунда аьлча церан Iедал кху дуьнентIехь уггар зуламе а, адаманна тIехь таӀзар латтош а долун дела", - аьллера и тIом боьдуш а болуш, шен накъосташка Британин премьер-министро лорда Абердина.

Оьрсийн императорша, шайна юкъахь Петр Великий а, Екатерина Великая а йолуш, вуно боккхачу лаамца пайда ийцира Османан импери гIелъян, балканийн а, славянийн а национализман дог айа, ткъа иштта шоръян Оьрсийн империн территори Юккъерчу Европехь а, Кавказехь а.

Оьрсийчоьно толам баккхарца дIабирзина 1768–1774 шерашкахь тIом боьдуш, Москвано дIалецира Молдован а, ГIирман а дакъош а, Iаьржачу хIордан йистера Таркхойн хIордана тIекхаччал йолу вуно шуьйра территори а.

И тIом дIабирзинчул тIаьхьа Оьрсийчоьнах хилира Европехь уггар ницкъ болучерах дош лела тIеман пачхьалкх.

Амма, нагахь Москвана а, Шеман президентана Асад Башарна дуьхьал а лаьтташ Анкара хьалха ша эшна хиларна вуно ларлуш лела дезаш ялахь, Малхбузера пачхьалкхаш ларлуш хила еза кхин а шуьйра а, еххачу хенахь хир йолчу оьрсийн а, туркойн а конфликтан тIаьхьенех.

ГIирман тIамо а, ткъа иштта кхин йолчу а Оьрсийчоьнан а, Туркойчоьнан конфликташа а некъ схьабаьстира Хьалхарчу дуьненан тIаманна, яздо Британин тIеман историко Ройл Тревора "ГIирма" цIе йолчу шен книгехь.

ГIирман тIом санна, Москвана а, Анкарана а юкъахь керла тIом эккхахь, цо кхерам таса мега Европерчу хьолана. Аналитикша дийцарехь, Оьрсийчоьнна а, Туркойчоьнна а юкъахь иккхинчу тIамо НАТО хIотто мега къастийна сацам бан цхьатерра хала долуш нисделлачу хьоле.​

5 чу артиклан дилемма (къастийна сацам бан цхьатерра хала долуш нисделла хьал)

Эксперташа дийцарехь, Анкара тIе товжа мегаш ю НАТО-н Уставехь йолчу 5-чу артиклна. Цуьнца а догIуш Къилбаседа-Аталантикан тIеман альянсо шен декъашхочун тIелатар лору массерна а дина тIелатар санна.

ТIаьхьарчу шерашкахь НАТО-н декъашхой шеко йолуш бу шаьш муьтӀахь хила деза 5-чу артикална бохучух. Американ президенто Трамп Доналда масийттаза шеконе диллира НАТО-чу шайн бертахошна тIехIитта шаьш кийча хилар.

Трамп воцучара а

Трамп ша цхьаъ хилла ца Iан цу кепара ойла йолуш. Стохка Лахьанан-баттахь Британехь арадолучу The Economist журналан корреспонденто деллачу хаттарна жоп луш, Францин президенте Макрон Эммануэла элира шена ца хаьа НАТО-н Уставан 5-гIа артикл эвсаралла хир ю я яц аьлла.

Дукха хан йоцуш Pew Research Center центро бинчу талламо гайтина ма хиллара, альянсана юкъайогIучу пачхьалкхийн дукхах болу бахархой шеко йолуш бу НАТО-на юкъайогIучу цхьана пачхьалкхана тIелатар дахь массара а дуьхьало ян еза бохучух. И принцип ларяън еза аьлла хеташ бац 38% респонденташ а бен.

Вашингтонерчу Демократи ларъяран фондан аналитикна Шанцер Джонатанна хетарехь, Оьрсийчоьнан а, Туркойчоьнан а хIинцца дIахIуттуш долу накъосталла доьхна дIадаха мегаш ду Путинан а, Эрдоганан а геополитикан амбицеш бахьана долуш.

Царах цхьаъ тIех сов йоккха а онда а пачхьалкхан статус юхаерзо гIерташ ву Оьрсийчоьнна, ткъа важа ву юхаметтахIотто гIерташ Османан империн сийлахьалла, боху аналитико.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG