Материалан автор Маазов Билал, "Кавказ.Реалиин" корреспондент
Советан пачхьалкх ша кхуллучу муьрехь Ленин Владимира а баьхна, "оьрсех тера леларца оьрсашна а тIехула лоьлхуш хуьлу цхьадолчу къаьмнийн векалш". 21-чу бIешерашкахь изза ду Нохчийчохь а. Кремло дIахIиттийна Iедалхой а хуьлу, Москвара схьа шайна тIехь урхалла дечарел а совбийла гIерташ.
2004-чу шарахь Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира доккха гIалат ду аьллера, нохчашна а, гIалгIашна а депортаци йина 60 шо кхачар цхьана а агIор билгалдаьккхина цахилар. "Цу тайпа терахьаш дицдан мегар дац", - аьллера цо.
Делахь а, къам махкахдаккхар дагалацар - Москвана шайгара бехкбаккхар тардала мега аьлла, хетачу урхалхоша сацамбинера цу дийнах лаьцна ца хьехон. Цундела 2011-чу шарера схьа дуьйна Нохчийчохь Iаламат доккха той хIоттош даздо Турслочун де. Бакъду, луларчу ГIалгIайчохь хьалха а санна, бохаман де хуьлура иза. Ур-атталла, Нохчийчуьра Дагестане баха дехьабевллачу нохчаша а цхьана тезетан барамаш хIиттабо хIора шарахь.
Депортаци йина де дицдайта а гIиртира нохчийн Iедалхой. 2012-чу шарахь дIакхайкхийра, "нохчийн къоман бохамашца хилла терахьаш цхьана дийнахь билгалдаха деза – Стигалкъекъа-беттан 10-чохь" аьлла.
Оцу дийнахь, 2004-чу шарахь толаман денна леринчу барамехь динчу терактехь вийра Нохчийчоьнан президент Кадыров Ахьмад ХIетахь дуьйна, Нохчийчоьнан Iедалхойн официалан тIегIанехь дагалоцуш дацара Сталина депортаци йина де.
Оцу хийцамо эргIадбахийтинера махкара бахархой. Депортацина лерина конференци вовшахтоьхна, дIаяьхьна Кутаев Руслан наркотикаш лелийна аьлла, хан тоьхна, набахте хьажийра.
И дерриг а дIатоттуш, дагахь а доцуш баьржира керла хаам: 2020-чу шеран Чиллан-беттан 23-чохь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана администрацера а, муфтиятера а векалшца цхьана депортацехь хIаллакхиллачарна хIоттийначу Мемориална хьалха митинг дIаяьхьна аьлла.
Делахь а, кхин нах гулбелла, къам дохорна лерина баккхий барамаш дIа ца баьхьна Нохчийчохь. Бакъду, тIаьххьарчу бархI шерачохь Кадыровс дуьххьара цу митингехь дакъалацаро цхьа дегайовхо юьту.
"Масийтта шерашкахь и де билгалдаккха дехкар юкъахдаккхар доьзна хир ду аьлла хета суна, социалан машанашкахь Iаламат дукха бахархоша къоман исторехь хиллачу бохаман дийнах лаьцна дийцар. Социалан машанашкахь сема терго ма латтайо цара", - аьлла, тешна ву Нохчийчуьра вахархо Супьян.
Делахь а, кхузахь Кадыровс депортацехь беллачийн сийдайина аьлла хета цунна. "Депортацехь беллачарна хIоттийначу Мемориалан декъа тIехь ницкъаллийн структурашкара байинчу нахана чарташ доьгIна. Ткъа уьш тхайн дайшна тIехь лаьттинчу НКВД-н чалтачийн тIаьхье ю", - боху Супьяна.
Карладаккха догIу, 2004-чу шарахь депортацин 60 шо кхочуш Европарламенто резолюци тIеийцира, нохчашна йина депортаци геноцид яра аьлла.
2004-чу шеран Чиллан-беттан 26-чохь арахецначу резолюци юкъара 15-чу декъехь билгалдаьккхина ду: "…1944-чу шарахь Чиллан-беттан 23-чохь, Сталинан омраца доллу нохчийн къомана Юккъерчу Азе депортаци яр - геноцид ю, 1907-чу шарахь 4-чу Гааган Конвенцица билгалдаккхарца а, Инарла ассамблейно 1948-чу шарахь тIеэцначу Конвенцица а".