«Мемориал» центро политикан тутмакх кхайкхийна набахте хьажийначу гIалгIайн жигархочух Хаутиев Бахьавдинах.
"Тхуна гарехь, цуьнга Iедал емалдар дитийта гIерта, маьршша дош ала, гуламе вала доьхкуш кхачийна иза набахте. Бакъоларъяран «Мемориал» центро иза сихха мукъаваккхар хьоьху», - дIахьедина юкъаралло шинарийдийнахь.
Стохка бIаьста лецира Хаутиев, бехкевина Iедалан векалшна гIелоярна (Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а дозанаш хийцарна дуьхьал Магасехь хIоттийначу гуламехь).
Хьалхо политикан тутмакхан статусе баьхна «Мемориало» Магасера гулам бахьанехь лецна болу гIалгIай: Ужахов Малцаг, Барахоев Ахьмад, Мальсагов Муса, Чемурзиев Барах, Погоров Ахьмад, Нальгиев ИсмаьIал, Саутиева Зарифа.
2019 шеран Зазадоккху беттан 26-чу дийнахь хIоьттира Магасехь протестан гулам – Нохчийчоьнца доза къастош гIалгIайн латта дIаделла нохчашна, чIагIдора гуламхоша. ГIертара мехкан куьйгаллера Евкуров Юнус-Бек вохавайта а. ШолгIачу дийнахь вовшахлетира гуламхой а, уьш дIасалахка еана полици а.