Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан йоккхахйолчу йоIа, Firdaws Модан ЦIийнан директоро Кадырова Iайшата Парижехь духаран керла коллекци гайтина.
Гуьйренан а, Iаьнан а коллекцин презентаци ян кийча ю Кадырова. "Безаман истори" ю цуьнан цIе.
Хьеший бу схьагуллуш. Модельера бахарехь, духаршца шен ден а, ненан а юкъаметтигех дийца лиира цунна: "Суна сайна гира дас сан нанна эдельвейсийн курс кховдош. Лаьмнашкахь кхо де даьккхинера цо и зезагаш лоьхуш. Суна дагадеара модан маттахь оцу исторех лаьцна дийца, бакъду, сайн лаам кхочушбан масийтта шераш ийшира суна, говзанчашна уникале техникаш а Iамош".
Хьиджабашца цхьана Соьлжа-гIалара дийнна симфонин оркестр а ялийна Кадыровас. Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана яздарца, "Модан дуьненахь маьIне хилла ца Iа и хилам": «Билггал Iаламат боккха синIаткъам бина цо. Парижан бахархошна а, хьешашна а гира, нохчийн къоман исбаьхьа култура хилар, шеца музыка, литература, кхолларалла хилла ца Iаш, исбаьхьа мода а йолуш».
Моделаш кийча бу. "Русские сезоны" аьллачу фестивалан гурашкахь дIаяьхьна хилла, дийцарехь, дефиле. Синбахамаллин министраллан а, Оьрсийчоьнан администрацин а проект и хиларна тIе тидам бахийтича, хууш дац бюджетан ахча ду цига хьажийнарг, я бизнесхоша дакъалаьцна.
Хьеший ладоьгIуш бу. ТАСС агенталло дийцарехь, Оьрсийчоьнан Францера векал Мешков Алексей а хилла хьешашлахь. Палестинан а, СаIуда Iаьрбийчоьнан а, Узбекистанан а, Цхьанатоьхначу Iарбойн Эмиратийн векалш а цхьана хилла гайтамехь.
Дефилехь дакъалоцуш бара кеп-кепарчу мехкашкара моделаш: Австралера а, Голландера а, Францера а, Китайра а, Найробера а, Кенера а, ишта кхиберш а.
Оьрсийчоьнан федералан каналаша репортажаш йира Кадырован гайтамах дуьйцуш.
Ткъа нохчийн хаамийн гIирсаша коллекци гайтар "Парижера триумф" ю аьлла. Францхойн прессехь кIезиг информаци ю цунах лаьцна.
2009-чу шарахь Нохчийчоьнан куьйгалхочун хIусамнанас Кадырова Меднис кхоьллира Firdaws Модан ЦIа. Ткъа 2016 -чу шарахь шен йоккхахйолчу йоIе кховдийра цо куьйгалла дар.
Оьрсийчоьнал а арахьа дуьххьара гайтам бара иза Кадырова Iайшатан. Кхул хьалха Соьлжа-г1алахь а, Москвахь а презентацеш хилира цуьнан.