ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Критикийн батош дӀаюкъа гIерта режим"


Абдурахманов Тумсо
Абдурахманов Тумсо

ХIокху материалан автор ву Кавказ.Реалиин корреспондент Билалов Мааз


Чиллан-беттан 26-хь мила ву ца хуучу стага тIелатар дина Европерчу цхьана пачхьалкхехь вехачу вевзаш волчу нохчийн блогерна Абдурахманов Тумсона. Цу хьокъехь ша Абдурахмановс яьккхина видео сихонца яьржира социалан машанашкахь.

Болчу хамца, вижина Iачу Тумсон петара чуваьлла и стаг, полицин белхахо хиларан моттаргIа а лелош. Блогер вен гIоьртина иза, коьртах жIов а тоьхна. Амма Тумсос дуьхьало йина цунна. Цуьнгара жIов схьа а яьккхина, иза лаца аьтто баьлла Абдурахмановн.

Латийна камера а йолуш, блогеро хоьтту цу стаге, мила а , мичара а ву хьо, бохуш. Лаьттахь Iуьллучу стага дуьйцучуьнца гучудолу иза Нохчийчуьрчу Iабдурахьман цIе йолчу стага ваийтина хилар.

ТIелатар диначуьнан цIе Руслан ю. Цо дийцарехь, цуьнан нана закъалтана лаьцна латтош ю изаТумсо вен ваийтинчу наха.

Абдурахманов Тумсон Германехь вехачу жимаха волчу вашас Iабдурахьмана дийцарехь, тIелатар дечу хенахь блогер цIахь ша цхьаъ хилла. Зуда а, бераш а кхечу меттехь хилла. Цо бинчу хаамца, Тумсо карарчу хенахь дарбан хIусамехь ву. ТIелетар динарг а ву дарбан хIусаме охьавиллина.

Блогер Абдурахманов гIарвелира Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанна критика еш хиларца. Цунна тIелатар дина, Францехь Лилль гIалахь хьешан цIийнехь кхин цхьа нохчийн блогер Алиев Iимран (Мансур Старый) вийна дукха хан ялале. И бахьана долуш шайн кхерамазалла хьокъехь синтем байна бу нохчийн мухIажираш.

Ткъа хIун бахьана ду Нохчийчохь Кадыров Рамзана дIахьочу политикан дуьхьалончашна Iаткъам бар жигара даларан?

Сулейманов Эмиль кхерамазаллин политикехула говзанча ву Прагерчу Карлован университетехь. Дуккха а хан ю иза Европерчу нохчийн диаспоран дахар шен тидамехь латтош волу.

"Соьлж-ГIалара режим ерриг а билгалонаш йолуш ю тоталитаран урхаллан. Цунна Iуналла дан лаьа нохчийн дахаран ерриг а агIонна, шайна юкъахь духар лелор а, зуда ялийча адамийн лелар а, наха вовше дуьйцург а, социалан машанашкахь нохчийн лелар а долуш. Социалан машанаш доза доцуш хиларна, ткъа даймахкал арахьа бехаш бIеннаш эзарнаш нохчий бу, диаспорна Iуналла дар вуно мехала хIума ду Кадыров Рамзанна", - боху Сулеймановс.

2015-чу шарахь дуьйна Дудаев ЖовхIаран цIарахчу дуьненаюкъарчу машарбаран батальонан командир а, вевзаш волу Европерчу нохчийн диаспоран юкъараллин жигархо а волу Осмаев Адам тешна ву Нохчийчуьрчу режимо республикехь вуно шуьйра коррупци яржийна а, тирани хIоттийна а хиларх. Цо дийцарехь, адамаш кхоьру цигарчу Iедална критика ян.

"Интернето аьтто бо и дозатохарш кIелдита. Цундела ур-аттал бакъдолу дешнаш а кхераме ду царна, ткъа Европерчу блогершна бохам болу цу режимера. Советан Пачхьалкхехь дехаш хиллачу къаьмнашна юкъара маршо еза адамаш цхьаьнакхетар вуно кхераме ду Нохчийчуьрчу режиман да волчу Путинан режимна", - дуьйцу Осмаевс.

Iедалша хьийзорна махкахвала дезна нохчийн оппозицин блогер ву Абдурахманов Тумсо. Видеоблогаш дIахьош ву иза Абу Саддам Шишани (ABU-SADDAM SHISHANI) тIеэцначуцIарца YouTube-хь (260 000 язвалархо) а, ткъа иштта телеграм-каналехь а (19 102 язвалархо).

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG