ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украина реза ца хилла нохчийн батальонан тIемалошна шен паспорташ дала


Украинин пачхьалкхан миграцин сервисо низамо шайн пачхьалкхан бахархой лоруш кехаташ ца делла Шайхан Мансуран цIархчу батальонера 12 тIемалочунна. Цунах лаьцна хаам бо Кавказ.Реалиино, царах цхьанна тIе а тевжаш.

Цу стага дийцарехь, миграцин сервисан белхахоша, цхьацца бахьанаш а лоьхуш, тIаьхьатоьттуш хилла, цу хьокъехь сацам бар.

Донбассехь тIом боьдуш Украинина гIортор йинчу нахана Украинин паспорташ даларх лаьцна низам болх беш дара 2020-чу шеран Зазадоккху-беттан 1-чу дийне кхаччалц.

Хьалхо нохчийн батальонан командиро ЧIеберлойн Мансура хаам бинера, цу процедурина оьшу дерриг а кехаташ кечдина шен накъосташа, ткъа хIинца миграцин сервисан сацаме ладоьгIуш ду шаьш аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG