ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эссе "Нохчийн меттан йовхо"


12 шо долчу шен йоIана оьрсийн меттан репетитор а лаьцна, шен доьзалхочо чIегIардиго санна буьйцучу оьрсийн маттах дозалла деш ю суна евза цхьа нохчийн нана. Ас хоьтту: "Ткъа нохчийн маттаца гергарло муха ду цуьнан?". "ДIаялахьа дIа а, оьшуш бацара цунна нохчийн мотт-м, коьртаниг – гIазкхиниг кIорггера хаар ду", -элира соьга къоначу нанас.

Бакъдерг аьлча, ца тайра суна цуьнан дешнаш. Уггар а хьалха шен мотт а, шен ламасташ а дезаш хила веза милла а бохуш, ойла хиллачу суна йоккха ледарло яьлла хийтира цу ненера.

Дера хаа ма деза кхечу къаьмнийн меттанаш а, хIунда аьлча, хьуна ца хаьа, кхана-лама хьайн рицкъано хьо стенга кхачор ву…

Ас-м дозалла до, тахана дуьне мел ду даьржинчу вайн къоман тIаьхьено шаьш тIелаьцначу пачхьалкхийн меттанаш карадерзийна. Нохчийн тоьллачех яздархочо Сулейманов Ахьмада ма-аллара, Iаламат сий до ас, царна хуучу меттанех, нагахь санна, "хьайниг бицбеш, Iамо дезна уьш" аьлла, "хьуна ца моьттинехь".

Ткъа ненан маттах аьлча, ирс ду цхьана сахьтехь охьа а хиъна, оьрсийн цхьа дош юкъа а ца далош хьайн мотт бийца хьо говза велахь… Дукха карор бац аьлла хета суна цу тайпа нах а!

Ас тидамбарца, гоьбевлла нохчийн яздархоша цхьа хаза, чомехь, мерза кхача бууш санна, хьага а веш, хьан цергех хи а тосуьйтуш, буьйцу нохчийн мотт.

Дукха ладийгIина ас Юсупов Iилмане, Бисултанов Аптига, Бексултанов Мусага, Петирова ПетIамате…

Ирс яI церан, Дала делла-кх шуна! Ткъа стен новкъарло йо вайна вешан мотт Iамо а, бийца а, хаа а? Ас билгалбаьхначу а, кхин а дуккхаъчу вайн къоман яздархоша а, меттанийн говзанчаша а мел дукха къахьоьгу вайн дуьхьа. Iаламат дукха жайнаш арахоьцу цара шо шаре, ткъа уьш йоьшурш куьйгийн пIелгаш тIехь багарбаллал бен хир буй-те?

Мохь оьху церан, варийлаш, варийлаш, шайн маттах ма довлалаш, марзбелаш, бийцалаш, ешалаш бохуш… Делахь а, дукханна-м ца хеза уьш аьлла хета суна…

Ас къобалвечех ву нохчийн тоьлла яздархо, прозаик Бексултанов Муса. Ас дукха дийцарш дешна цуьнан, цо буьйцучу кIорггерчу матто а боккха тIеIаткъамбина суна.

Вайн дайн бакъйолу амалш, церан оьзда леларш, гIуллакхаш-гIиллакхаш, доьналла - и дерриг а гучудоккхуш, хаздеш, хьо цецвохуш, цхьа доггах авторо чу са диллина хуьлу цуьнан хIора дийцар а.

Къаьсттина сан дагах кхеттера, къена къанъяллалц дика а , вуон а доькъуш шен хIусамдеца чекхъяьлла, доьзалхо цахиларна дIайоьдучу зудчо тилоран тай ца оьцу тIаьххьара арайолучу хIусамчуьра. Ткъа цуьнан хIусамда лаьттинчо етт а, эса а тIаьхьадоккху цунна. Оцу масало гойту къонахчун амалш!

Ойла еш Iа со-м, мел хаза гIиллакхаш лелийна цара, хIаъ, лелийна…тахана-м уьш лардеш, са дагийна хьийзаш бац цхьаберш.

Суна хIунда хетий ишта? Къаьсттина Соьлжа-гIалин урамашкахула лелачу хенахь дерриг а схьагуш хуьлу: кегийрхоша вовшашка буьйцу оьрсийн мотт, туьканашкахь, ур-атталла, базарашкарчу баккхийчу зударша а цхьана буьйцу-кх гIазакхийн мотт.

Ког баькх-баьккхинчохь йолчу кафен, ресторанийн, аптекийн, хазаллин салонийн цIераш хийрачу меттанашкахь билгалъяьхна ю: "Royal Burger", "White House", "Войков Бургер", "Esperanto", "Pizza House", "Fish House", ишта кхин дIа а. Ингалсан, италхойн, испанхойн, оьрсийн меттанашкахь ю цIераш.

Ца го хьуна библиотекашкахь жайнаш доьшуш хиъна Iен нах а, нохчийн маттахь язйина киншкаш хоьттуш, оьцуш хIоттийна раьгIнаш а… ХIунда яц?

Оцу сайн сагатдечу хеттаршна жоьпаш карийра суна, Бексултанов Мусаца дехха дина къамел Фейсбукан агIонехь дешча. Яздархочуьнга хоьтту, нохчийн маттахь йоьшу нах лахбалар стенца доьзна лору ахь? Кхачам боллуш, дуьззина ду цуьнан жоп, цхьа хIума къовса хьан бIо а ца булуш. Со кхета, иза бакълуьйш хиларх. Ишта ду Мусан жоп: "Нохчашна шайн нохчийн маттахь киншка еша цахаарх доьзна ду-кх дерриг а, шайн мотт цахаарх доьзна. Кхин дукха йоьшуш хьалха а бацара…

Вай цIера дахале, ворхI класс нохчийн маттахь а йолуш, дешна хилла долу бераш дар-кх, вай цIа дирзича а ткъе итт, ткъе пхийтта шарера кегий нах а хилла, и нохчийн маттахь йолу киншкаш йоьшуш хилларш. Юха, цигахь, Казахстанехь, 1945-чу шарера 1957-чу шерашка кхаччалц йолчу хенахь дина хилла долу бераш а дара нохчийн киншкаш йоьшуш, шайн доьзалшкахь буьйцуш болу нохчийн мотт бен, гIазкхийн мотт цахаарна.

Вай киншкин, йозан, иэсан къам ма дац, кхиндолу – гуьржийн а, эрмалойн а, Iарбойн а – къаьмнаш санна. Вайн вовшашца къийсадалар а стенна тIехь ду? Бахамна тIехь ду-кх! ТIаккха вайшимма хIун литература, хIун искусство юьйцу кхузахь….

Кхин а цхьа бахьана ду, нохчаша – еша хуучара а – нохчийн киншкаш цаешар: ма-ярра йолу литература а, меттан хазалла а хIун ю а хууш, и литература дIа а йовзуьйтуш, цу литературах яздан хууш болу критикаш-Iилманчаш цахилар кху заманахь.

Вайн-м литературоведаш-Iилманчаш а бац, цхьана дийцарх я стихотворенех, дийнна – шовзткъе итт, кхузткъа агIо – Iилман болх язбан хуур долуш. Мамакаевн «Даймехкан косташ» а, Гадаевн «ЦIен берде» а тоьар яра, ши-кхо бIе агIо Iилман болх язбан. Цул сов, вайн яздархой бу бохурш а-м бац литература евзаш… цхьа итт-шийтта мукъне а хилла велара, шаьш яздийриг хIун ду а хууш, яздеш.

Цундела вайн литература бIаьрзе кIеза санна ю-кх, цхьа а некъ а я стигла а йоцуш…."

Юха айса сайца хеттаршка юьйлу со: ванах, маца нислур ду-те хIара доьхна гIуллакх? Маца Iемар бу вайнах киншка еша а, ешначух кхета а, цуьнан маьIна дан а? Маца боккхур бу нохчийн мотт хьакъйолчу тIегIане? Хеттарш-м кхин а дуккха а ду, амма мила ву царна жоп дала?! Шеран цхьана дийнахь – Охан-беттан 25-чохь, республика мел ю ловзарш хIиттош, нохчийн кхачанах а детталуш, къоман духарш а доьхна, хелхаршкахь бохь бегIарх нохчийн маттана хила са яц.

Бакъду, хаза-м бека вайн мотт! Тезетахь баккхийчара веллачух тоьшалла деш, шина чIирхочунна юкъахь маслаIат деш, ша бакъйолчу нохчийн нанас кхиийначу йоIа шен зудабер нехан цIентIе доьдучу заманчохь цунна хьехарш деш…

Ткъа меттан беркъалла а цхьалхайолу нохчийн пачхьалкхан телевизионехь а, "Грозный" радион эфирашкахь а. Говзанчийн къоьлла хилар гучудолу хьуна журналисташ маттах тийсалучу хенахь. Ша кхечу къомах волчу стага буьйцуш санна, акцент а хаалуш нисло церан къамел.

Церан хIун бехк бу, ур-атталла, доьзалехь а, берийн бошмашкахь а марзбийриг оьрсийн мотт хилча. Дезачу денна лерина хIитточу барамашкахь, хуьлийла байт, я хелхар, я йоца спектакль, дерриг а хийрачу маттахь Iамийна, кечдина хьулу…

Шайн берашна кхана каронберг оьрсийн мотт хета дайшна а, наношна а, цундела цунна тIеийзабо, гIазкхийн мотт марзбеш къахьоьгу, Арсанукаев Шайхис ма-аллара, "доьзалехь бийцар а дастам а хеташ".

Делахь а, кIезиг елахь а, йовхо юьсу, нохчийн меттан хIу довр дац аьлла. Цкъа мацца девлла а, вай самадевр ду, кхетар ду аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG