"Маьлхан а, беттан а султанша"
«Хеда Адамовна» ю ша боху интернетехь яьржинчу видео чохь элийн дахар хьоьгу доьзал гойтучу йоIа. Иза шахьарахь еха «маьлхан а, беттан а султанша» ю, цо дийцарехь. Нохчийчоьнан цIарах Пачхьалкхан Думехь депутат волчу, Кадыров Рамзанан кхоалгIа куьг ларалучу Делимханов Адаман йоI ю Хеда. Цуьнга хьаьвсинчу нахах дукхахберш кхаьрда цунах, хIинцале оцу бахьаница дIаяьккхина видео дуккхахйолчу сайташна тIера.