ХIокху материалан автор ю Кавказ.Реалиин корреспондент Пейсахова Анна
Политикан тховкIело ялар юхатоьхна депортаци яре хьоьжу нах цIабахийтар сацийна Европерчу пачхьалкхаша. Цу нахана юкъахь бу Къилбаседа Кавказера бахархой а. Царахь цхьабераш дIахецна депортацин центршкара.
Францин Iедалша коронавирус яржар бахьана долуш Зазадоккху-беттан 16-хь сацам бира, мигрантийн кехатийн хан чекхъялар кхаа баттана тIаьхьатетта. Мангалан-бутт юккъе баллалц болх беш хир ду уьш. Оцу нахана дихкина махкахбовлар.
Цу тайппа гIулчаш яьхна цхьайолчу Евробертан кхечу пачхьалкхашкахь а. Масала, Польшехь юкъаяьккхина керла кеп. Кехатан хан яхъяран дехар почтехула дахьийта мегаш ду хIинца. Иза дина аьлла квитанци карахь хилча мигранто низам дохийна ца лору Iедалша.
Цхьацца пачхьалкхашкара бевдда Францехь дахар дIанисдан гIертачу нахана гIо дечу вовшахтохараллан векал йолчу Дванова Сашас дийцарехь, тховкIело йоьхуш лелош йолу ерриг а процедураш цхьана ханна совцийна цу пачхьалкхехь. И бахьана долуш уггар экамечу хьолехь бисина дукха хан йоццуш цу махка кхаьчна тховкIело еха гIерташ болу нах.
Двановас дийцарехь, церан аьтто бац пособи хьокъехь керла кехаташ чудала, цундела хууш дац царна хенахбовла рицкъ лур ду дац. Ма дарра аьлча, уьш хIинца гIо доьхучарна юкъахь лоруш бац.
Цул сов, набахтийн администрацеш дехар дина Францин Iедалшка, депортаци яре ладоьгIуш болу мигранташ дIахецахьара аьлла. Бахьана ду, камерашкахь церан могушаллин кхерамазалла ларйойла ца хилар.
Адвокатийн дехаршца хIинцале а иштта дIахецна Францехь ши стаг. Царах цхьаъ ву, нуьцъала Оьрсийчу дIахьожо кечвина хилла нохчо. Цу стагана шеца хилларг инзаре тамашийна хIума хета хIинца.
Германехь а сацийна тховкIело йоьхучу нахана депортацеш яр. Царна юкъахь ву Шамил цIе йолу Нохчийчуьра вахархо. Цо дийцарехь, маситта шо дара иза немцойн Iедалшка политикан тховкIело йоьхуш лела, амма хIоразза а цуьнан а, цуьнан доьзалан а дехар юхатухуш ду миграцин сервисан белхахоша.
РогIера цу кепара сацам а бина, цхьана ханна аьлла кехат делла бу Шамилан доьзал. И кехат луш Iедал ду депортаци яле хьалха. Ткъа хIинца Iедалша дIакхайкхийна Оханан-бутт чекхбаллалц дерриг а хIума сацош ду аьлла.
Нохчийн жима зуда Амина Мюнхенехь ехаш ю. Германехь карантин кхайкхаяле хьалха цуьнга а кхаьчнера махкара дIагIо аьлла кехат, цуьнан тховкIело йоьхуш дина дехар юхатоьхна хилар бахьана долуш. Ткъа хIинца Амине телефон тухуш а, цхьаъ де бохуш а цхьа а стаг вац, ткъа пособи хьалха санна схьадогIуш ду.
"МухIажарийн чаташкахь тийналла хIоьттина… Бакъдерг дийцича, нохчех цхьа а вац вирусах кхоьруш. ХIунда делахь а, махкахой кхоьрург кхин ду: кхачанан сурсаташ ца тоар а, мацалла хIоттар а… Иза иштта хила мегаш ду, цIахь шайн хин дерг кхин а кхераме хетан дела", - дуьйцу Аминас.
Депортацеш яр сацийнехь а, экстрадицеш яр хIинца а дIадоьдуш ду. Масала, Австрин Iедалша кху деношкахь сацам бина Оьрсийчоьнан Iедалшка 2 нохчо дIавала, Интерполо дина дехар бухе а диллина.