Берлинехь Гуьржийчоьнан вахархо Хангошвили Зеламха Оьрсийчоьно вейтинчух тера хета Германин Iедална, зуламна бухахь политика го цунна, хаамбо немцойн коьртачу шахьарахь керланаш даржочу Der Tagesspiegel-о.
"Цунах тоьшалла до бундестагерчу «Баьццарчийн» партин чоьхьарчу гIуллакхийн декъан куьйгалхочо Михалич Иренас 2019-чу шеран динчу политикан зуламийн хьокъехь дахьийтинчу кехатна дуьхьал Iедалера кхаьчначу жоьпо. Марсхьокху-беттан 23-чу дийнахь Оьрсийчуьрчу Красиков Вадима Маобит кIоштахь коьртах герз тоьхна вийна Гуьржийчуьра нохчо», - боху Inopressa газетехь динчу гочдаро.
Der Tagesspiegel-о. дагадоуьйту "Красиков зулам дина хан ялале лаьцна» хилар. Хангошвили вер «политикаца доьзна хиларх шеко йолуш, ах шо ду дов листар Федералан прокуратуро шега дIаэцна», - боху газето.
"Стаг вен зуламхо Германе хьажийнарг Путинан Iедал я халкъанна тIехь урхалла къизачу кепехь лелорца билгалваьлла Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан хуьлучух тера ду. Вийна волчу Хангошвилис Оьрсийчоьнна дуьхьал тIом бина гIаттамхойн могIаршкахь, Гуьржийчоьнехьа хилла иза Москваца кхонфликт иккхича а», - яздо Der Tagesspiegel-о.