ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сулейманов Ахьмад. Нене


Сулейманов Ахьмад

НЕНЕ

Куьг ца кхочче ваьлча гена
ХIинцаъ хьоьга ла ца ло.
Йоллушехь хьуо гIийла, къена,
Охьакхетарх со ларво.
Наб ма-кхийтти суна наггахь
Дуьхьал догIу хьан амат,
Вижо гIерташ, хьостуш доггах,
Дуьйцуш туьйра – Iаламат.
Набарх дека суна илли,
Нана, хийла баьхна ахь.
Сан даг чохь и даим хиллий,
Хьуна хIинца а хаац-техь?
Жимчохь сайна ахьа санна,
Ас декор и кхечарна.
Баркалла ду хьуна, Нана,
И рагI соьга кхачарна.

Сулейманов Ахьмад вина 1922 шеран стигалкъекъачу-беттан 1-чу дийнахь Хьалха-Марта районан Олхазар-кIотарахь. Ишкол яьккхина ваьлча Ахьмадас серлонан наркоматан инструктор а, комсомолан райкоман секретарь а болх бо. Сибрехара цIа дирзинчул тIаьхьа цуо чекхйоккху Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институт. Цул тIаьхьа Ахьмада дуккха а шерашкахь хьехархочун а, директоран а болх бо Хьалха-МартантIера а, Олхазар-кIотара а ишколашкахь. Цул совнаха, Нохч-ГIалгIайн яздархойн союзан литконсультантан декхар кхочуш а до цуо. Шен кхоллараллин болх А.Сулеймановс 30-чу шерийн чаккхенехь болийра. «Безаммий, шаьлтий» цIе йолу стихийн хьалхара гулар араяьлла 1967-чу шарахь. ХIетахь дуьйна шуьйра йовза йолало поэтан цIе. «Цхьа-ши дош» книга язъярна Нохч-ГIалгIайн Пачхьалкхан совгIатан лауреат а хилира Сулейманов Ахьмадах. Ахьмадан дуккха а байташ иллешка, эшаршка йирзина, халкъана шуьйра евзаш а, езаш а ю. Кхин цхьаъ билгалдаккха деза: вайнахана йицъелла Нохч-ГIалгIайн чохь лелла вайнехан топонимаш меттахIоттийра цо. Кхалхар нисделира цуьнан 1995-чу шеран мангал-беттан 20-чу дийнахь.

XS
SM
MD
LG